Вайн гӀиллакх

Description
Вайн ютуб: youtube.com/@vayn_glillakh
Вконтакте: vk.com/vayn_glillakh
Advertising
We recommend to visit

Акъидат, хьехамаш, ладаме хаттаршана жоьпаш.

Хаттар кху тIе даийта ⬇️ @hattarjop1445_bot

Резерв (декъа хаттарш): @HattarJop

Вайн Instagram агIо:
https://www.instagram.com/xexamash

Last updated 2 months, 1 week ago

📲Вайца зӀе: @Khetasho_bot

📲Youtube: https://youtube.com/@khetasho

Last updated 2 weeks, 5 days ago

6 Monate her
Наношна къаьсттина чӀогӀа пайде хьехам бу-кх …

Наношна къаьсттина чӀогӀа пайде хьехам бу-кх хӀара... Нана ма ю доьзалехь доккха дакъа дӀалоцуш ерг, нанна шена девзуш ца хилча, шена хууш ца хилча шен доьзална хӀун кхетам бала беза, муха кхио беза уьш, хӀун магадан а, цамагадан а цунна хууш ца хилча, цо муха кхиор бу шен доьзал бакъахьара?

https://t.me/vayn_glillakh

6 Monate her

АЛИЕВ ГIАПУР
ЦIанло вай…

ЦIанло вай, бехъелла бедар а йиттий,
ДIаьвшечу ойланех хьекъал а литтий,
Цахиндерш цхьа ханна юстах а таттий,
Вовшашца къинхетам коьрте а биллий..

Дайх дисна оьзда дош, сий кара иэций,
Баланаш, гIайгIанаш вовшашца екъий,
ЦIанло вай, моссо а вуо мел дерг дитий,
Моссо а диканийн дай хилла гIовттий..

Лакхенаш дIалецнарш лаха а хьовсий,
Нохчашка хIоьттинчу хьолах а кхетий,
ЦIанло вай, сонталлаш, дозаллаш дитий,
Мискачийн мискаллех цхьажимма даший..

Цхьабосса цхьа нохчий ваьш дуйла хаий,
Хьарам деш, вовшеха цадашар тассий,
ЦIанло вай, вуьзна верг мецачух кхетий,
Хьарамчу рицкъана хьанал букъ тохий..

ЦIанло вай, воккхачун воккхалла ларий,
Кханенан анайист – бералла хьастий,
ЦIанло вай, леррина вовшашка хьовсий,
Леррина ладогIий, коьртачух кхетий...

https://t.me/vayn_glillakh

6 Monate her

Дас-нанас бохучул а хьалхадохуш хlуманаш хила дезаш дац, даимна а дас-нанас бохург сихха, дуьххьара кхочушдеш хила дезаш ду, де аьлларг цкъа мацца деш хила дезаш дац, хьайн деш дерг охьа а диллина кхочушдан дезаш ду цу шиммо аьлларг! Иштта, хьо цаьрца ма-хиллара хир бу хьан доьзал хьоьца а. Аллахlа дуьнен чохь а, эхартахь а шозза бекхам беш долу хlума ду деца-ненаца йолу юкъаметтиг, хьо цаьрца дика хилахь, цунах хьуна бекхам дуьнен чохь хьайн доьзал хьоьца дика хиларца, эхартахь ял хиларца хир болуш, нагахь хьо цу шинца вон хилахь - цунах хьуна бекхам дуьнен чохь хьайн доьзал хьоьца вон хиларца, эхартахь къа хиларца хир болуш. Ткъа хьуна луур дуй хьайн доьзал кхиъча, хьайна оьгlаз ваханчехь ахь царна дов дича, уьш чуьр арабевла дlабахар?! Цунна ойла ян еза. Кхин а, эхартахь Далла хьалха айхьа латочу къан а ойла ян еза иштта дерг айхьа дича, цу дений-нанний ахь "оффай" алар а ду даккхийчу къинойх, тlаккха ахь ойла ехьа, оьгlаз вахана аьлла, чуьра араваьлла, цушинга сагатдойтуш дlавахар муха хир ду?! Дийр ду дера дас-нанас дов, тухур ю, хlуу эра ду, цушимммо хьо вийча а цушинна тlехь чlир хуьлуш йоцуш цушиннан доьзалхо ма ву хьо! Дас-нанас дов дар - хьан сий дайар ма дац, мел чlогlа дов динехь, мел хlуу динехь а.
https://t.me/vayn_glillakh

6 Monate, 1 Woche her

ПIераскан буьйсанна а, пIераскан дийнахь а Элчанна (ﷺ) дуккха а салаваташ дахкар деза ду. Iеламнаха аьлла: "Уггаре деза салават «ИбрахIиман салават» ду". Ткъа, иза иштта ду:

اللَّهُمَّ صَلِّ عَلَى مُحَمَّدٍ وَعَلَى آلِ مُحَمَّدٍ، كَمَا صَلَّيْتَ عَلَى إِبْرَاهِيمَ وَعَلَى آلِ إِبْرَاهِيمَ، إِنَّكَ حَمِيدٌ مَجِيدٌ، اللَّهُمَّ بَارِكْ عَلَى مُحَمَّدٍ وَعَلَى آلِ مُحَمَّدٍ كَمَا بَارَكْتَ عَلَى إِبْرَاهِيمَ وَعَلَى آلِ إِبْرَاهِيمَ، إِنَّكَ حَمِيدٌ مَجِيدٌ.

АллóхIумма солли Iалá Мухьаммад, ва Iалá áли Мухьаммад, камá соллайта Iалá ИбрóхIи‌ма ва Iалá áли ИбрóхIи‌м, иннака хьами‌дун мажи‌д. АллóхIумма бáрик Iалá Мухьаммад, ва Iалá áли Мухьаммад, камá бáракта Iалá ИбрóхIи‌ма ва Iалá áли ИбрóхIи‌м, иннака хьами‌дун мажи‌д.

https://t.me/Ramzan_Gendargno

6 Monate, 1 Woche her

Дикачу доьзалийн гІиллакхаш дагардечохь уггар а хьалха хьахош хилла — бераша да-нана муха лору. Нохчийн Іадатехь бІеннаш шерашкахь билгалайина а, дахаро зийна а, къомо къобалъеш тІеэцна а уьйраш ю нохчийн доьзалехь хила езарш. ХІинца а дукхахьолахь йолуш а, ларъеш доьзална а, дена-нанна а юккъехь хуьлуш йолу юкъаметтигаш бен доцуш хила йиш яц. Ала дашна, Іуьйранна хьалагІатторца, ков-кертахь дечу дезаршка, кхача кечбарца, хІума яарца, суьйранна чу дерзарца, набарна дийшарца доьзна дерш дерриг а шен барам, бустам болуш ду. Массо а хьолехь ша дийриг, лелориг, оьшушдерг халкъо чІагІдинчу Іадатца дустуш ду. Дукхахьолахь Іадатца догІу я ца догІу бохуш, ойлаян оьшуш доцуш, хІораннан а кхетамехь чІагІделла диканиг а, вуониг а хІун ду билгалдина, цхьана хоршахь нисделла а, чІагІделла а ду.

Нохчийн доьзалехь воккха хилла, зуда ялийна кІант велахь, дена а, нанна а догІуш дац, Іуьйренца хьалхе ара а даьлла, дезарш деш кертахь лелар. ГІуллакхийн а, дан дезачийн а хьалхе шайн кІантехь, несехь а йита еза цара. Чохь цІе латор, нех дІаяккхар, юучунна гІайгІа бар, хи дар, иштта кхидерг несо дийр ду. Дохнан керта хьажар, царна хІума тасар (Іаьнан хенахь), эшахь, дечиг даккхар – кІанта дийр ду.

Дас-нанас буьйса муха яьккхина а, церан могашалла муха ю а хьожуш хир ву кІант Іуьйренца, и шиъ долчу чу а хІоьттина. ТІаккха цу шинга ладоьгІначул тІаьхьа хуур ду кІантана цу дийнахь дан дезачех коьрта дерг. Нагахь цхьанхьа ваха везахь а, я ван везаш цхьаъ велахь а. Да волчохь хиъна Іар товш дац кІантана. Деца цхьана шуьне хийшар а дац кІантана бегІийла. Дена оьшург хІун ду а хьожуш, цуьнга ладоьгІна, гена воццуш лаьттар ву, я
охьахиъна хир ву, дукха лакхахьа а воцуш, тІех паргІатваьлла, гоьла тІе ког баьккхина а воцуш.

ХІора а дийнахь, хІора а Іуьйренца шен дена луург хІун ду, шега цо хІун олу хьаьжна бен долор дац кІанта цу дийнахь дан дезарш. Да-нана чоьхьадаьлча, бераш хьалагІовтту. Цхьана гІуллакхе ваха да араволуш, цунна кІант тІаьхьа араволу, шега дас хІун олу а хьожуш. Говраца, машенахь да ваха везаш велахь, иза кечйо хьалххе. Балха ваха везахь, базара водахь, юьртахь шен гІуллакх делахь а дега а, нене а хоуьйту кІанта ша дийриг. Урамехь, юьртахь цхьана стагаца я тобанца да лаьтташ гича тІевоьду кІант царна, массеран де дика дарца тІекІаре а йой, шен дега хоуьйту ша цхьанхьа воьдуш хиларх.

– ДІавало, дика ду, – шега шен дас я цуьнца болчех цхьаммо аллалц царна уллехь лаьтта, кІеззиг юьстаха а волий.
Вайнехан олуш ду, дикачу доьзалехь веза хьаша санна да лоруш, цуьнан сийдеш хуьлу. Нагахь шега дас дуьйцург нийса ца хетахь, дена дуьхьал деш долу къамел аз лахдина а, сих ца луш а хуьлу. Маггане а мегаш дац аз чІагІдина деца къамел дан. ЧІогІа осала лоруш ду дена нийсса дуьхьала хьоьжуш, реза воцуш къамел дар а. Эхь ца хеташ хиларан билгало ю, реза а воцуш, дена я нанна бІаьра хьажар.

Ткъа и дерриг а гІиллакхаш берашна Іема дукха кегий долуш дуьйна. Нанас дуьйцу иза царна, юх-юха а дуьйцуш. Цул сов, нанас ша масал гойту шен леларца а, хІусамден сийдарца а. Нахалахь вевзаш, цІейоккхуш хиллачу Исмайлан Дудас, шега хьо наха сий деш, лоруш, вевзаш хиларан бахьана хІун ду аьлла хаьттича, жоп делла боху-кх: «Уггар а хьалха, шен сий деш, ша леринарг зуда ю. Цо лерича, доьзало а лерира ша. Зудчо а, доьзало а сий дешверг лулахошна а хета дош. Шен доьзало а, лулахоша а лоруш верг юьрто а къаставо. Дикачу къонахчун гІиллакхех дац шен бераш хестор. Дас довдарх сий лахлуш дац кІентан. Да-нана лоруш воцург къонаха ца лору нохчаша. Шен да, нана ца лоручо, царех эхь ца хетачо нехан а дийр дац сий. Цунна нахах эхь хетар дац.
Да-нана доккха хилла, гІорасиз дисча я цомгаш хилча, гуттар а алсам терго ян еза церан.
Шен да-нана дика лелош волчу кІантана, йоІана, несана наха а олу баркалла, шайна дика болх цара бича санна.

Челакха ойланаш шен коьртехь сецаеш,
Чохь чІана эшийна шун дагна вас ца еш,
Массанхьа Іу хилла, шаьш хала кхиийна
И къена шайн дада тергалве, боху цо.

Хеназа самаюьйлуш, шун меттан мотт хуьйцуш,
Мерзачу набарна аганан гІожца туьйш,
Доьзалан хьашташа хеназа къежйина –
Хьомсара шайн нана йиц ма е, боху цо.
https://t.me/vayn_glillakh

6 Monate, 1 Woche her

بسم الله الرحمن الرحيم.

Ислам вайн гIап ю, и гIап ларъян вайна герз оьшу, ткъа, уггаре коьрта герз - нийса кхетам бу. Кху хьостан Iалашо и герз гулдар ю, вайн кхетам кхиор болу жайнаш дешарца.

Жайна дешаран некъ:

Билгалдина жайна, хIора дийнахьа 15 мин. Доьшура ду иншаАллахI.

Доьшучу жайнах хаттар кхоллалахь, кху тIе яздер ду : @Vaynmajlis_bot

•Ахьмад.

8 Monate, 2 Wochen her

Ткъа нагахь санна хьуна бевзаш боцучу нахаца хьан юкъаметтиг ян езаш хилахь, цаьрца ахь лело деза гIиллакхаш хIорш ду хьуна:

1) цара деш долчу къамелана юкъа ца гIертар;
2) церан эрна къамелашка ла ца дегIар;
3) цаьргара дуьйлуш долу вон дешнаш тергал ца дар;
4) цаьрца дукха веттаваларх а, хьайн цаьргара хьашт хилийтарх а ларвалар;
5) нагахь санна цара къобалдийр ду аьлла хетахь, кIедачу хьехамца цаьргара дуьйлуш долчу вочу хIуманашна церан тидам тIебахийтар.

"Нисваларан юьхь",
Имам ГIазалий (Дала къинхетам бойла цунах)
https://t.me/vayn_glillakh

8 Monate, 2 Wochen her

Нохчийн маттахь нийса муха дагардо?

1 - цхьаъ
2 - шиъ
3 - кхоъ
4 - диъ
5 - пхиъ
6 - ялх
7 - ворхl
8 - бархl
9 - исс
10 - итт
11 - цхьайтта
12 - шийтта
13 - кхойтта
14 - дейтта
15 - пхийтта
16 - ялхитта
17 - вуьрхlитта
18 - берхlитта
19 - ткъайоьсна
20 - ткъа
21 - ткъе цхьаъ
22 - ткъе шиъ
30 - ткъе итт
31 - ткъе цхьайтта
40 - шовзткъа
50 - шовзткъе итт
60 - кхузткъа
70 - кхузткъе итт
80 - дезткъа
90 - дезткъе итт
100 - бlе
120 - бlе ткъа
121 - бlе ткъе цхьаъ
200 - ши бlе
1000 - эзар
2000 - ши эзар

https://t.me/vayn_glillakh

8 Monate, 3 Wochen her

Баккхий нехан лерам бар а, уьш ларар а, церан сий дар а элчанийн суннатех цхьа суннат ду, дикчу нехан некъ а бу. Къена нахаца дика хир вац Дала шен дагчу къинхетам биллинарг бен.

Цундела, воккхачуьнан лерам беш хуьлу, цуьнан сий деш хуьлу, иза сийсаз веш ца хуьлу; иза вазвеш хуьлу, иза айвеш хуьлу, цуьнан сий лахдеш ца хуьлу; иза цхьа нах гулбеллачу метте веъча цунна уггар дика меттиг дIалуш хуьлу, хIунда аьлча «АллахI вазварх а, Цуьнгахьа лерам хиларх а ду воккха стеган лерам бар»(хьадис).

Иза вистхилча ладугIу вай, дист а ца хуьлу вай; цо вайна цхьа хьехар дича, иза тIелоцу вай, бакъдолуш уьш хIума зеделларш бу, хIума хуурш бу. Олуш ду вайна юкъахь, ханна баккхий берш уггаре хьекъале нах бу, олий, хIунда аьлча уьш дуккха хIуманах чекхбевлла дела, царна дуккха хIума гина дела.

Цундела, нагахь санна хьайна хетарг хьайн дена хетачунна, йа девешийна хетачунна, йа воккхачунна хетачунна доьхьал догIуш а нисделла, тIаккха иза хьоьца мелла а шога хилахь, хаийла хьуна иза цхьаъа бахьана доцуш доций, мелхо а шена дуккха а хIума зеделла дела олуш ду хьуна цо иза иштта.

Воккхачу АллахIе доьху вай, Iаршан Деле доьху вай, хаза гIиллакхаш даларца Цо вай сийлахь дар, вон гIиллакхаш Цо вайгара дIадерзор.

Шайх Мухьаммад ал-Мухтар аш-ШинкъитIий.
https://t.me/vayn_glillakh

10 Monate, 1 Woche her

ГIиллакхашка хьаьжжина, стеган мах хадорехь «къиза» а, дуьххьал дIа а хилла вайнах. И деш, цара тидаме оьцуш ца хилла цуьнан хьалхалера дика гIуллакхаш, цуьнан цIе, говзалла. И дерриге а дайдеш, дагош хилла цхьана осалчу хIумано. Махкахь а дIаяхна цIе, махкана а гуш, южуш хилла. Иза боккха бохам а, юьхьIаьржо а хилла, оцу стагана шена хилла ца Iаш, цуьнан гергарчарна а, тайпанна а, юьртана а, цуьнан ворхI тIаьхьенна а.
И хууш, стаг Iаламат чIогIа ларлуш хилла шегара цхьа ледарло яларх. Оьздангаллин бехкамаша, гIодаюкъ къовлуш дихкинчу доьхкано санна, стаг гуттар чIагIвина латтош хилла, дикачу гIуллакхашна, нийсонна орцахвала кийчча. Цундела цхьаволчу къонахчо шен гIодаюкъ буьйсанна вуьжуш а йостуш ца хилла, гуттар а оьшучу дIахахка кийчча дин а латтош хилла.
Ша воьжча, шен цIе йоьжча, дегIана там лехна цхьа ледарло ша ялийтича, шех къинхетам бан, ша хьалаайа цхьа а воцийла хааро латтош хилла стаг гуттар а сема.
https://t.me/vayn_glillakh

We recommend to visit

Акъидат, хьехамаш, ладаме хаттаршана жоьпаш.

Хаттар кху тIе даийта ⬇️ @hattarjop1445_bot

Резерв (декъа хаттарш): @HattarJop

Вайн Instagram агIо:
https://www.instagram.com/xexamash

Last updated 2 months, 1 week ago

📲Вайца зӀе: @Khetasho_bot

📲Youtube: https://youtube.com/@khetasho

Last updated 2 weeks, 5 days ago