Dive into the Ultimate Free Library: Your One-Stop Hub for Entertainment!

Къуръанан маьIнаш

Description
НОХЧИЙН МАТТАХЬ📜

Йа Мухьаммад (ﷺ), схьакхачо гlерташ ахь оццул къахьегначул тlаьхьа, хьан беза некъ дlатосур бара оха?!
Advertising
We recommend to visit

Last updated 1 month, 3 weeks ago

📲Вайца зӀе: @Khetasho_bot

📲Youtube: https://youtube.com/@khetasho

Last updated 4 weeks ago

🧸-ʍуɜыᴋᴀ дᴧя ϶диᴛᴏʙ-🧸
💸-ᴨᴩᴏᴇᴋᴛы, ᴨᴀᴋи-💎
🩸-ᴏᴩиᴦи дᴧя ϶диᴛᴏʙ -🩸
🎃-ᴄᴏхᴩы-🎃
🪐-ᴨᴏ ʙᴏᴨᴩᴏᴄᴀʍ: @KGBEROV

Last updated 2 months, 2 weeks ago

1 month, 1 week ago

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

Царна кечдина [диканан] дакъа ду, цара динарг бахьанехь. Аллахӏ хьесап чехка долуш ву.

Сурат «ал-Бакъара», 202 айат

https://t.me/quranan_gochdar

1 month, 1 week ago

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

Боккъалла а, сагӏа деллачу божаршна а, зударшна а, Аллахӏе хаза декхар деллачарна а - [Аллахӏа] дебор ду и царна. Царна кечйина комаьрша ял а ю.

Сурат «ал-Хьадийд», 18 айат

https://t.me/quranan_gochdar

1 month, 2 weeks ago

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

Рамадан-баттахь доссийна Къуръан - нахана нийса куьйгалла а долу, нийса некъ кхетор а долу, [бакъонний, харцонний юкъахь] къастамбийриг а долу. Ткъа шух цу батте ваьллачо кхобийла и [бутт]. Нагахь цхьаъ цомгуш велахь я новкъахь нислахь, цо оццул денош кхечу хенахь кхаба деза. Шуна атта дан лаьа Аллахӏана. Шуна хало ян ца лаьа Цунна. Цунна лаьа, билгалдаьхна денош чекхдовллалц аша лардойла а, аша Аллахӏ вазвойла а - Цо шаьш нийсачу новкъа нисдарна, шу баркалле хилийтархьама.

Сурат «ал-Бакъара», 185 айат

https://t.me/quranan_gochdar

2 months, 3 weeks ago

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُواْ إِن تَتَّقُواْ اللَّهَ يَجْعَل لَّكُمْ فُرْقَاناً وَيُكَفِّرْ عَنكُمْ سَيِّئَاتِكُمْ وَيَغْفِرْ لَكُمْ وَاللَّهُ ذُو الْفَضْلِ الْعَظِيمِ

ХIай, ийман диллинарш! Нагахь шу АллахIах кхерахь - [бакъо а, харцо а] къасто похIма а лур ду Цо шуна, шун вонаш дIа а дохур ду Цо, шун къиношна геч а дийр ду Цо. Баккъалла а, АллахIехь тIехйоккха комаьршалла ю.

Сурат «ал-Анфал», 29 айат

https://t.me/quranan_gochdar

2 months, 4 weeks ago

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

[ХIай, муъманаш!] Шуна юкъара элча [Мухьаммад-пайхамар] веъна шуьга. Хала ду цунна [ган] аш хьоьгург. Шун дуьхьа лелаш ву иза. КIеда-мерза а, къинхетаме а ву иза муъма-нахаца.

Сурат «Ат-Тавба», 128 айат

https://t.me/quranan_gochdar

3 months ago

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

«Лаьтта тIехь цхьа а дийна хIума дац шен рицкъ АллахIехь долуш бен, Цунна хаьа оцу дийначу хIуманан еха меттиг (иза стенгахь хуьлу) а, иза соцу меттиг а; и дерриг а билгалдолчу жайни чохь (Лавхьул Махьфуз чохь дIаяздина) ду».

Сурат «ХIуд», 6 айат

«Хьан рицкъ уггаре Комаьрша волчуьнгахь хилча, сингаттаме а, гIайгIане а хIунда ву хьо?!»

Iабдулмухьсин ал-МутIайрий

https://t.me/quranan_gochdar

3 months, 2 weeks ago

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

Шуна йукъахь хуьлда цхьа тоба — дикане кхойкхуш, диканиг де олуш, вониг ма де олуш. Билггал, уьш бу уьш декъала хилларш.

Сурат «Али Iимран», 104 айат

https://t.me/quranan_gochdar

3 months, 2 weeks ago

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

Мила ву ткъа, тIех доккхачу тиларехь верг, АллахI воцчуьнга кхойкхучарал а, къемат де даллалц шайна жоп лур боцчу, цара шайга кхойкхий хууш а боцчу?

Сурат «ал-Ахькъаф», 5 айат

https://t.me/quranan_gochdar

3 months, 3 weeks ago

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:

«ХIай, ийман диллинарш! Ислам [дин] дерриге а эца тIе. ШайтIанан лорах а ма лела. Бакъалла а, иза - шун билгала мостагI ду».

يَٰٓأَيُّهَا ٱلَّذِينَ ءَامَنُواْ ٱدۡخُلُواْ فِي ٱلسِّلۡمِ كَآفَّةٗ وَلَا تَتَّبِعُواْ خُطُوَٰتِ ٱلشَّيۡطَٰنِۚ إِنَّهُۥ لَكُمۡ عَدُوّٞ مُّبِينٞ.

(Сурат ал-Бакъара, 208 аят.)

https://t.me/quranan_gochdar

5 months ago

Сийлахь волчу АллахIа аьлла:

«Шена луучунна йоlарий ло Цо (АллахIа), Шена луучунна кlентий ло Цо».

(Сурат: аш-Шу‌ра, аят: 49)

Имам Ибн Жузай ал-ГIарна‌тIийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), цу аятан тафсир деш аьлла, Василат Ибн ал-Аскъаl цlе йолчу асхьаба элира аьлла: "Зуда беркате хиларах ду, цо дуьххьара деш долу бера йоl хилар. Хlунда аьлча, АллахIа (аятехь) дуьххьара хьахийнарш йоlарий бу".

[Ат-тасхIил, да‌къа: 3, агIо: 1341.]

https://t.me/quranan_gochdar

We recommend to visit

Last updated 1 month, 3 weeks ago

📲Вайца зӀе: @Khetasho_bot

📲Youtube: https://youtube.com/@khetasho

Last updated 4 weeks ago

🧸-ʍуɜыᴋᴀ дᴧя ϶диᴛᴏʙ-🧸
💸-ᴨᴩᴏᴇᴋᴛы, ᴨᴀᴋи-💎
🩸-ᴏᴩиᴦи дᴧя ϶диᴛᴏʙ -🩸
🎃-ᴄᴏхᴩы-🎃
🪐-ᴨᴏ ʙᴏᴨᴩᴏᴄᴀʍ: @KGBEROV

Last updated 2 months, 2 weeks ago