UYmigrant – Россияда мигрант ишчилар уй-жой охтариши учун хизмат.
Эълон учун: @UyMigrat_bot
Last updated 1 month ago
Акъидат, хьехамаш, ладаме хаттаршана жоьпаш.
Хаттар кху тIе даийта ⬇️ @hattarjop1445_bot
Резерв (декъа хаттарш): @HattarJop
Вайн Instagram агIо:
https://www.instagram.com/xexamash
Last updated 4 months, 2 weeks ago
Last updated 4 months, 1 week ago
Сийлахь-Везачу Аллахlа аьлла:
«[ХIай, нах!] Лаьтта тIаьхь куьйгалла а делла Оха шуна [я аьтто а бина Оха шун]. Iар-дахаран рицкъа а къастийна Оха шуна. Ма кIезиг ду-кх шун баркалла [я шукар]!».
Сурат: «ал-Аӏраф», 10 айат
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Оцу дийнахь бусалба нах баккхийбеш (самукъадуьйлуш) хир бу, шайна Дала белла болчу толамах».
Сурат: «ар-Рум», 4-5 айаташ
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
АллахI ца хууш ву ма мотталахь зуламхоша лелориг. Боккъалла а, бIаьргаш къаьрзар болу де тIекхаччалц буьтуш бу Цо уьш.
Сурат: «ИбрахIим», 42 айат
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«ХӀай, имандиллинарш! АллахӀана муьтӀахь хила, Элчанна а муьтӀахь хила, шайн Ӏамалш йоха а ма е».
Сурат: «Мухьаммад», 33 айат
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«ХӀай, иймандиллинарш! АллахӀан дуьхьа чӀоггӀа дӀахӀиттий хила, нийсонца тоьшалла а деш. Цхьа нах цабезаро харцо ярна тӀе а ма дохийла шу. Нийсо лелайе, хӀунда аьлча иза АллахӀах кхерарна герга ду. АллахӀах кхера! Боккъалла а, АллахӀ хууш ву аша дийриг».
Сурат: «ал-Маидат», 8 айат
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
Ткъа Аллахӏана а, Цуьнан элчанна а муьтӏахь хилларг йоккхачу декъалалле кхаьчна.
Сурат: «ал-Ахьзаб», 71 айат
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
Хӏара [шуна гуш мел дерг] - Аллахӏан кхоллам бу! Ткъа кхечара хӏун кхоьллина гайтийша Суна. Хӏан-хӏан! Зуламхой гуш долчу тилар чохь бу.
Сурат «Лукъман», 11 айат
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Шуна моьтту шаьш ялсамане гIур ду (дуьненахь баланаш а ца хьоьгуьйтуш) шул хьалха баханчарна тIедеънарг шайна тӏе а ца догӏуш? Лаьцна хилла уьш баланаша а‚ цамгарша а‚ дегнаш Iийжира церан‚ Элчано а‚ цуьнца цхьаьна ийман диллинчара а олуш: «Маца хир ду Делера гIо?»
Сурат «ал-Бакъарат», 214 айат
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
Хьан Дала, Шений а бен ӏибадат цадар, тӏедиллина, [иштта] дена-нанна дикадар а. Нагахь цушиннах цхьаъ я ший а къаналле дерзахь, - «Тпуй!» ма алалахь цаьршинга, лараме дош а алалахь цаьршинга. И шиъ лоруш муьтӏахьаллин тӏам таӏабе царна хьалха, хьайн къинхетамна, олуш а хила: «Сан Дела!» Къинхетам бе Ахь царех, со кхиа ма виний цара бер долуш».
Сурат «ал-Исраъ», 23-24 айаташ
Деца-ненаца дика хиллачунна бекхам - ялсамани ю.
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
Аллахӏана а, Цуьнан Элчанна а муьтIахь хилалаш, къийса а ма лолаш вовшашца - [нагахь аша и леладахь], дог-ойла а южур ю шун, ницкъах а девр ду шу. Собаре хилалаш, хӏунда аьлча Аллахӏ - собаречаьрца ву.
Сурат «ал-Анфал», 46 айат
UYmigrant – Россияда мигрант ишчилар уй-жой охтариши учун хизмат.
Эълон учун: @UyMigrat_bot
Last updated 1 month ago
Акъидат, хьехамаш, ладаме хаттаршана жоьпаш.
Хаттар кху тIе даийта ⬇️ @hattarjop1445_bot
Резерв (декъа хаттарш): @HattarJop
Вайн Instagram агIо:
https://www.instagram.com/xexamash
Last updated 4 months, 2 weeks ago
Last updated 4 months, 1 week ago