Абдулаев Леча

Description
We recommend to visit

Админ - @Gals1

Last updated hace 10 meses, 3 semanas

Админы
@DmitrySed @Adm_ps @Alexa9613

Last updated hace 1 año, 5 meses

‏اللهم أرينا الحق حقا
Йа Аллахl Тхуна бакъ дерг бакъ долш гайта ахь.
‏ ‏وارزقنا اتباعه
Оц бакъон тlехь дlа дах пурба ло Ахь.
‌‏ ‏وأرناالبا طل باطلا
Тхуна харц дерг харц гайта Ахь .
‏وارزقنا اجتنابه
Тхо оц харцонах генаъ даха Ахь .

Last updated hace 1 mes

1 month, 1 week ago
* * *

Суьлхьа синтем бу сан,
Собар чlагlo йу сан.
Хlокху Нохчийн махкахь
Вахар важап¹ ду сан.

Мехаш лан а ву со.
Дарцаш лан а ву со.
Хlокху Нохчийн махкахь
Виса, ван а ву со.

Чийжийн² тоьар бу гlов. ³
Эрзан тоьар бу тхов.
Хlокху Нохчийн махкахь
Дала делларг ду пхьор.

Кошан лахьтанан бен,
Ножан упханан бен,
Хlокху Нохчийн махкахь
Мукъ бац ца вита lен...

Суьлхьа синтем бу сан.
Собар чlагlo йу сан.
Хlокху Нохчийн махкахь,
Валар важап ду сан.

Абдулаев Леча 2000 шо

___
Декхар
Стаммий серий, гlуркхаш.
**Пен

«НОХЧИЙЧОЬ САН НОХЧИЙЧОЬ»
[агlо 114]

1 month, 3 weeks ago
BECET

BECET
(назма)

Ша лома воьдучо цу лаьмнийн тархашка
сан кост дlахьойша,
Ша регӀа воьдучо цу регӀан басешка
салам дӀалойша:
Ламанний, регӀанний йуккъехь
цхьа берд бу алий,
Органний, Терканий йуккъехь
цхьа хьост ду алий,
Цу лаьмнийн тархашка, цу регӀан басешка
сан дош дӀаала.
Диц ма де, ала.

Ша лома воьдучо цу лаьмнийн тархашка
сан кост дlахьойша,
Ша регӀа воьдучо цу регӀан басешка
салам дӀалойша:
Кху Нохчийн Махке болчу цу тешаман
и берд бу алий,
Кху Нохчийн Махке болчу цу безаман
и хьост ду алий,
Цу лаьмнийн тархашка, цу регӀан басешка
сан дош дlаала.
Диц ма де, ала.

Ша лома воьдучо цу лаьмнийн тархашка
сан кост дlахьойша,
Ша регӀа воьдучо цу регlан басешка
весет дӀалойша:
Барзанна товр ду сан кху Нохчийн Мехкан миччара латта,
Со лийчо векал ду Орга а, Терк а,
муьлхха тlулг — чурт хилла гlатта.
Сан лаьмнийн тархашка, сан регlан басешка и дош дlаала.
Виц ма ве, ала.

Абдулаев Леча 2001 шо

«НОХЧИЙЧОЬ САН НОХЧИЙЧОЬ»
[агlо 112 — 113]

1 month, 3 weeks ago

ТАЙПАНАН БlОВ

|

Тхан элий ца хилла бохуш,
Бохуш тхан ца хилла оьзданаш,
Тхо дустуш ардангех берзалойн,
Акхаройн куьцаш тхох дохуш,
Тоьар ду — тхо «дезаш» хьеста.
Бlешераша зийна шун амал:
Шух тхуна гуттар а хилла
Тхо дала дезачохь — нана,
Тхо даха дезначохь — десте.

Малхбале йийца цхьаъ вогӀуш,
Кхин вогӀуш Малхбузе йийца,
Кавказан дог ду хьо бохуш,
Йа гlигlвеш цу Делан динца,
Гlиттинарг гlиттийна тхох а,
Цхьа къолам ирбечу йукъана
Да воьчу цу тlеман дукъана
Йукъ йаста маршо ца йогlуш.

Мецачо бежан рагl къуьйсуш,
Ткъа буьзнарш буьйлуш имамаш,
Тоьар йу, тхо цlерга кхуьйсуш,
Аш тlарах ловзийна зама.

Тхо элий ца хилла Далла,
Йа Дала кхоьллинчун — лай а.
Кхул тlаьхьа, эзар шо даларх,
Кхин дац тхан — дуьнене кхайкхо.

Тхо сацкъарх кхоьллина Дала,
Мокхазар-берд тусуш, туьйсина,
Дала шех буу Шен дуй санна,
Лаьттана хьанала даха.

||

ВогӀучун, воьдучун новкъахь
Нохчийчоь дой туьйсу гоьза бац.
Йиш йац сан наьртийн хlун доьза дан:
Суй бале, тlегулйай овкъарш,
Цlе кховса Пхьарматан пхьалгlахь!

Цаваьлла дерг — дов а ду ловзар,
Лоьхуш ца хlоьттинехь хьалха, —
Бала а бац боккха хьовзам,
Ткъа хlетталц барч пхьерехь товш бу.
Латайе Пхьарматан пхьалгlа!..

|||

Тоьар ду со вара, векъа
меженашка.
Тоьар ду деган мохк бекъа
дежийлашка.
Тоьар ду волушверг вийлар,

тоьар ду цкъа.
Дуй буу, кхин хьо ца мийла,
харц доьlу са.
Схьаваьлла сан цlа ду Тlерла,
Нохчийчоь — мохк.
Дlайаьлла сан бlаьргаш тlера
хенан чан-дохк.
Тайпанна со воккхахилла:
со нохчи ву.
Исс тукхам дахчийна хилла
сан нохчийн хlу.
Исс тукхам дистхилла хилла
сайн нохчийн мотт
Iемаш ву со бахо иллех,
сан Нохчийн мохк.
Тlегулло, сан Пхьан цlийн некъийн

массо а гар.
Хан хилла кхочушдан декхар,
схьавеха пхьар.
Хан хилла тайпано йотта
тайпанан бlов.
Торха тlе шура а йоттий,

болабе болх.
Тоьар ду волушверг вийлар,
тоьар цкъа.
Хьакъвериг, хьо хьалхахила,
дlабеха пхьа.
***
Уьншарийн кху Лаьтте хатта,
теш беха чхар...
Хьо хьалхавала, ма латта,
хlай, Нохчо-пхьар!

Абдулаев Леча 2000 шо

____
Хедо.
«Вериг ваккха» олуш хилла хьалха. Ойла ца йеш, хlума дан кийчча верг ву иза.
Нохчийн хlу. Печенегаша шайх йоккху хилла пханцзынаки бохуш, тоьшаллаш до lилманчаша. Пхьацlийнакъи бохург и хиларан шеко йац.
Иштта йолош хилла бlов йотта.
***Цlий (хlу).

«НОХЧИЙЧОЬ САН НОХЧИЙЧОЬ»
[агlо 109 — 111]

1 month, 3 weeks ago
Абдулаев Леча
4 months, 4 weeks ago
***

Дуьненан аьттонаш гинарг,
Хьуна ма хала хин дай,
Дуьненан рицкъ кхачадина,
Іожалло неl тоьхча хьайн.

Хьайх йуьсург тӀаьхьало хетта,
Къастаран бала луш баз,
Дуьненан марзонех кхеттарг,
БӀарзлур ву-кх хьо чIогӀа, бӀарз.

Дуьненахь со-м декъал хилла
(Хастам бу-кх Хьуна, йо Дела!),
Дуьнено, аьттонаш бина,
Со Іеха ца вина дела.

Абдулаев Леча 1989 шо

«НОХЧИЙЧОЬ САН НОХЧИЙЧОЬ»
[агlо — 108]

5 months ago

Кху дуьненна ма дага а боьхна-кх
Хьан къонахий, Нохчийчоь-йаl, маржа!
Кху дуьненахь миччахь цхьа ткъес тоьхнехь,
Дика хаьа-кх, гӀакх дан, уьш хьан харжа.

Кху дуьненна ма дага а йоьхна-кх,
Нохчийчоь, хьан къонахийн и йахь.
Кху дуьненан миччахь цхьа некъ боьхнехь,
Бале дожа деза и хьан эхь.

Уллорчара, кхерам тосий, кӀирйо.
Йохье йоккху, Нохчийчоь, хьан йахь, —
ДІа ца йелла, дІа а лур йац ахь!

Йахь дӀа ца луш, хьан къонахий хийла
Шайн сил дукхайезачу хьох бийлла,
Некъех хилла шеддаш шайтӀанан,
Стигал, латтий делхарш шайн къинна.

Нохчийчоь-йаІ, Нохчийчоь-йаӀ, маржа!
ХӀара дуьне ахь, хӀун дина, кхерий?
Дуьтуш ма дац хьан коьртехь садаржа,
Йуьтуш ма йац хьо кхиий йа кхетий.

Ас дуй буу хьуна, нохчийн латта,
Азаллера хӀокху дийне кхаччалц,
Нийят долуш хьо кога кӀел латто,
Хьо — лахахь, ткъа ша Іер аьлла баьрчехь,
Хьан дозане мостагl веъна вац.
Ас дуй буу, къа сайн сих а хьарчош,
И дуй хилахь зарратал а харц.

Ирод-паччахь дlаваьлла вац хьуна,
Аганашна цо кхайкхийна чlир а.
Вер вуй хууш хьан букъах цхьа къонах, —
ТӀагӀутийн* и уггар воккха чӏирхо! —
Хьан аганех цlе тийса и вогӀу,
Ца туьлуьйтуш бӀешерийн цхьа чийрик.

ТӀагӀуташна хьовзам бу хьан Турпалш.
ТӀагӀуташна балар хир хьан ТУРСЛО!..**

Собардехьа, Нохчийчоьнан йахь,
Кхоабехьа хьайн къонахий ахь,
Сакхо йехьа, Іалашбе хьайн турпалш,
СхьатӀекхаччалц тlаьхьа вогӀу Турсло...

Ирод-паччахь, ма гӀалат ву хьо,
Даьгна моттахь сан Турслочун ага.
Цхьанхьа доьдуш ду дlо берийн той,
ТӀараш детта, мохь а туху тӀаккха:
Турсло ваккха, — олий, — Турсло ваккха.
Турсло ваккха, йуккъе Турсло ваккха!..

Нохчийчоьне сан кхаъ бу-кха баккха,
Ткъа кхаъ эца ца доьгlнехь а суна,
Весет ду сан тlаьхьавуьсучунна:
Турсло вогӀу!
Турсло хьалхаваккха!..

Абдулаев Леча 2001 шо
____
Дела цхьаъ ца вечу наха сужд ден тӀулгах йа дечигах дина сурт (идол).
*Iу, мохк, къам лардешверг.

«НОХЧИЙЧОЬ САН НОХЧИЙЧОЬ»
[агlо — 106-107]

5 months ago
Абдулаев Леча
5 months ago
***

Вай дуьне цецдоху. Дуьненна хӀун ду?
Дуьнено хӀоттийнчу Сийлаллин экъанах,
Вайн кӀентийн цӀерш йицйарх, хьаьрчар дац гӀуда.
Тилла цӀе ца карош доьза бовш седа,
ХӀотта да ца ваьлла, довр дац цхьа lийд а.

Вай дуьне цецдоху... гуттар а цӀийца,
Утармийн чарташца, хьакхлагlийн баьрзнашца,
Хилладерг дитарца вайх барта дийца.
Ткъа дашо мужалтахь и варкъан йоза—
Вай динарг — ца оьшу дуьненна довза.

Вай дуьне цецдоху, эрта* тӀе дуьйлуш,
Чевна тӀехь чов йеш бен, дарба ца хуьлуш.
Вай дуьне цецдоху, дуьне цецдахар —
Лаьттаца уьйр йу вайн, эхартца — мах а.

Вай дуьне цецдоху. Ткъа оцу йукъана
Маса дашо бӀешаро дехи вай йукъара,
Дитнарг йа дош доцуш, хӀоттийнарг сурт а,
Дех воӀе ца кхочуш эрхонна чурт а!..

Дуьненах вай мел ди и Мизан-Терза,
Вай дуьне цецдахар хирий техь эрна,
Ца хьовсахь Кхоьллинарг ван ваьшна реза?..
Дуьне а, эхарт а хирий, хьовх, декъал
Вайн детта мел лаьтта гӀазотан шекъа!..

Абдулаев Леча 1998 шо
_____
*Голгофа

[агlо — 105]

5 months ago

Ассаламу lалайкум 🤝🏻
Аьтто болчо хlара вайн агlо йаржош гlо-накъосталла де.
Лечин байташ йеша луурш хир бу шортта.
Дела реза хуьлда!

⬇️

https://t.me/abdulaevlecha

5 months ago

Дуьненан беа а новкъахь
Теллича бӀешерийн лараш,
Вайх тlаьхьайиснарш йу овкъарш,
Вайх тlаьхьайиснарш йу гӀамарш.

Шелйала кхуьуш йац овкъарш,
Саз хила кхуьуш йац гӀамарш:
Йуха а — вайн таррийн шовкъаш,
Йуха а — гӀергӀа курпалаш.

Тlаьххьарчу тӀеман и кӀурз а
Лийчо а ца кхии догlа.
Йуха а герзаш ду дузуш.
ХӀун бӀо бу хӀинца тӀебогӀург?

Жуьгтичун ойланах тера
Цхьа атта керча вайн къилба:
Цкъа гу тӀе воккху, цкъа тӀера
Чукхуссу, вой массо къин да.

Пачхьалкхех, паччахьех ловзарш
Йух-йуха дуьйлу вайн котта.
Ма-хетта вайна чӀугхьовзо
Гармана аре йу готта.

ХӀун бен ву вай ваккха хьийзорг,
Коьрта ду — и стенна воккху.
Чекхйер йац йахйелла гийзиг*
ГӀертачийн хӀара мохк «токхбан».

ХӀун бен ву? Мунда а йогlа —
Хир йу и паччахьан метта,
Къам делахь къам хилла догӀуш,
Къам делахь шен когаметта.

ХӀун бен ву? Эвлаяъ тӀевоссарх,
Хир ву и мунданан метта,
Къам делахь ша-шена мостагӀ,
Къам дацахь шен куйнан меха...

БӀешерийн къа хилла тийжа
ЦӀе хаьлла вайн дайна кхерчаш.
Вайн хиндерг — жима бер — цӀийза,
Вайн иэсан настарех хьерчаш.

Пхийттара дала ца дуьту
Вайн хиндерг — и беркъа цӀодар
Дехаре голаш тӀе хӀуьтту...
— ХӀай, нохчий, собарде, собар!..

Абдулаев Леча 1998 шо

___
*Рагl

[агlо —103-104]

We recommend to visit

Админ - @Gals1

Last updated hace 10 meses, 3 semanas

Админы
@DmitrySed @Adm_ps @Alexa9613

Last updated hace 1 año, 5 meses

‏اللهم أرينا الحق حقا
Йа Аллахl Тхуна бакъ дерг бакъ долш гайта ахь.
‏ ‏وارزقنا اتباعه
Оц бакъон тlехь дlа дах пурба ло Ахь.
‌‏ ‏وأرناالبا طل باطلا
Тхуна харц дерг харц гайта Ахь .
‏وارزقنا اجتنابه
Тхо оц харцонах генаъ даха Ахь .

Last updated hace 1 mes