Why Pay for Entertainment? Access Thousands of Free Downloads Now!

ирсан догӀа

Description
Advertising
We recommend to visit

☎️ Реклама 👉 @VODIY_BOZOR_1

Last updated 3 months, 2 weeks ago

Last updated 1 month, 1 week ago

“ каналига хуш келибсиз!

Uzbekistan бўлиб ўтаётган воқеа-ходисалар, янгиликлар, хабарлар бериб борадиган платформа.

Машина, уй, олди сотти реклама қабул қиламиз 🔥

Тижорий ҳамкорлик учун : @navroztravel

Last updated 1 month, 3 weeks ago

1 month, 1 week ago
ирсан догӀа
1 month, 4 weeks ago

https://youtu.be/wKS1wa3j4Dc?si=t2B0wTm-q3AhHCOG

YouTube

9. Хьан ирс лечкъош берш | Шайх СаIд ал-Iатийкъ

ИЙМАНАН ХЬОСТ 2 | ШАЙХ САIД АЛ-IАТИЙКЪ #Хьехам #Ийманан\_хьост #ИсламанСерло

2 months, 1 week ago

Мархийн бутт. 1

Мархийн беттан программа
Мархийн баттахь ян мегар йолу 173 дика lамал
Марха кхабаран дозалла
Кхаа беттан марханаш кхабар
Ражаб бутт
Мархийн бутт фарз баран lалашо
Бере марханаш кхабийтар
Хьекъална эшначунна тlехь дац марханаш
Мархийн баттахь дине веъначо марханаш кхабар
Мархийн бутт ца кхобург
Мархийн бутт кхаба цхьа ният кхачам бац
Терхьехь мархина ният дар
Марха долуш хи йисте вахар
Марха лоцуш арахь серлаяллалц яар

Самукъадолийла-кх вайн!

Я шахlру Рамадан

Мархийн бутт

Мархийн беттан дозалла

Марха массо умматашна тӀедиллина хилла хилар Мархийн баттахь еза ши ханЦхьа а хьесап доцуш йоккха ял
Бусалба нехан самукъа муха дер дац?!

Мархийн бутт тӀебеъна-кх, хӀай сан ваша!

Раййан
Мархийн lалашо
Мархийн ният дар
Дlа мел даханчу къиношнаКъиношна гечдаран бахьана
Iуьйкъе
Марха лацар-дастар
Марха достуш деш долу доӀа
Марха стенца даста деза
Марха хилар дицделла цхьаъ молуш я кхоллуш волчуьнга само яйтар важиб ду
Марха долчунна кийра ца хууш хӀума яхнехь цуьнан марха нийса дуЮучун чамбаккхаро ца дохадо мархаБага а, мерчу а хи кхарзаро ца дохадо мархаСивак хьакхаро ца дохадо мархаСивак хьакхар суннат ду марха долчунна а, делкъе хилале а, делкъал тlаьхьа а
Молха

Вочух мотт бехкар
Зударшна марханах довза дезарг

Жимачунна тIехь дац марха кхабарХьекъалах воьхча а, цамгар йолуш, я кхетамчуьра ваьлча а марха духуш цахилар
Некъахочо марха ца кхабар, нагахь и кхаба шена хала хуьлуш делахь

Некъахо волуш ша марха кхаьбча

Товала сатуьйсуш цамгар
Эрна хан ца йайъар
Мархийн баттахь карантин
Iамалех уггар езачехПайхамара исс мархийн бутт кхаьбна
Мархийн бутт тlебале

Марха лоцуш lуьйкъана хlума яаран къайле
Марха кхаба ницкъ ца кхочуш цамгар елахь

Мархийн бутт ламазаш деш денбаран къайлеМархийн баттахь буьйсанаш денъярМархийн баттахь Къуръан алсам дешар
Iуьйре хилаза ю моьттуш я марха досту хан хилла моьттуш

Хан хилла моьттуш хӀума йиънехьМархийн баттахь гена новкъа ца валар
Мархийн баттана хlусамаш кечъяр
Мархийн бутт тӀебогӀуш чоьнаш кечъян мегар дуй?

Рамадан беттан дозалла
Рамадан беттан марха кхобучуьнан раж

Рамадан баттахь салафийн Къуръанца йолу уьйр
Рамадан баттахь хуьлуш долу хӀуманаш
Мархийн беттан къуйХӀинца шайтӀа дац бехке

Шен чохь иlтикаф дар

Рамадан приближается
Рамадан
Достоинство месяца Рамадан
Достоинства месяца Рамадан. Глава 1

Подготовка к месяцу Рамадан
Трата времени во время Рамадана
Как сделать намерение в Рамадан?

Каким бывает пост от всего кроме Аллахlа?

Строгое предостережение от слов «Рамадан не уходи», «Прости нас Рамадан»

Лайлатул-къадр буьйса
Лайлатул-къадр буьйса муьлхург ю хаа гlертар

Лайлатул-къадр буьйса цкъа бен хуьлуш яц

Лайлатул-къадр буьйса эзар баттал гlоли ю

Лайлатул-къадр буса деш долу доӀа
ХӀай Рамадан бутт, дӀа ма гӀохьа

Цо-м Ӏодика йо

Марха досту де
Мархийн саьхьана метта ахча далар
Мархийн саьхьан барам

Ӏийд дале марханаш къобалдар

Iийдане вахале лийчар
Iийдане вахале хурма кхаллар

3 months, 2 weeks ago

Цхьа а хайра (дика) ма дац, шен хӀусамда шен дена-нанна муьтӀахь цахилийтарна а, гергарлонийн зӀенаш хедорна а тӀе вуьгуш йолчу хӀусамненехь.

3 months, 2 weeks ago

Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Масала: шен хӀусамдас шена тоьхча, оцу зудчо шен дега дӀадийцина, тӀаккха стундас невце кхин шен йоӀана тохахь ша могуьйтур дац, нагахь санна ахь бохург иза деш яцахь, шега ала, ша дойтур ду алар нийса я гӀиллакхехь дуй?

Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!
Иза зудчунна лела цахаар ду, зудчуьнгахь кхин хила йиш йоцуш долу доккха а, ирча а гӀалат ду шен чуьра анпалш юьйцуш цуьнан кху дуьнен тӀехь адам хилар! Зудчо иштта адам шен хилийта дезаш а дац кху дуьнен тӀехь, мел чӀогӀа шен уллера доттагӀ ю аьлла, шен нана елахь, шен йиша елахь - башхалла яц шен хӀусамера анпал юьйцуш адам зудчуьнан хила дезаш а дац, стаг уггар чӀогӀа гена вала везаш зуда ю цу тайпа зуда! Чохь дов ца долуш, вовше цхьа цакхетам ца хуьлуш хӀусам дуьнен тӀехь хуьлуш а яц, цкъа а хилла а яц! Амма шен чуьра анпалш нахе юьйцуш йолчу зудчо шен хӀусамден мах хадабо, шех а, шен хӀусамах а нах белабо цо, кхунна хьалха мел чӀогӀа ша холчахӀоьттина, халахетта кхуьнга ладоьгӀучо моттийтахь а, хьан анпалх нехан я самукъадолу, я кула йолу, цундела шен анпалш шегахь сацо еза я уьш нисъян хьажа еза, нисдан хьаьжчхьана нис ца далуш хӀума дан дац, делахь цу зудчуьнан лаамах доьзна ду иза. Амма цо шен хӀусамера анпалш, мел жима хӀума бен дацахь а, шен цӀерачаьрга юьйцуш хилча, юха а шен хӀусам эвхьаза йоккху цо, шен чуьрачеран оцу стагах дог доккху цо, хӀара шиъ-м кханнехь берта ма доьдий, амма цо и шен анпал йийцина йолу кхуьнан нанна, йишина, дена, вешина диц ца ло иза, царна дагахь лаьтта иза, цу тӀехула цу стагах дог дала долало церан, иштта шен цӀерачарний, шен хӀусамдений юккъе гамо тосу хьекъал доцчу, лела ца хуучу зудчо! Шена етташ елахь я ша цу стагаца Ӏалуш яцахь шен цӀа яхчхьана яьлла-кх иза, шен хӀусам нахала ца йоккхуш я шен хӀусамах нах бела а ца беш, нахана шен хӀусамах кхарда агӀо а ца буьтуш! Хийла меттигаш хезна-кх суна, ша цу марера цӀа еъча а ша цӀа яран бахьана шен чуьрачаьрга ца дуьйцуш я нахе ца дуьйцуш - иштта хила езаш ю кхетам болу зуда, иштта стага а лардан дезаш хӀуманаш ду уьш, делахь а, кху тайпа дерг зударшкара эга вайна юккъехь, стегаршкара зуда дӀаяхийтича эгахь а нийса дац цу тайпа хӀуманаш, лардан дезаш хӀуманаш ду. Салафех цхьаммо шен хӀусамнана дӀаяхийтича, кхечо хаьттина-кх цуьнга, дӀа хӀунда яхийтина ахь, хӀун хиллера шуьшинна аьлла, вукхо жоп делла, ша муха дуьйцур ду хьоьга тхайна юккъехь хилларг, ас дохко а ваьлла, иза юхаялаяхь, шен хӀусамнана хьоьга юьйцуш верг хир ву ша, ша иза юха ца ялаяхь нехан зуда юьйцуш верг хир ву ша хьоьга аьлла, иштта хила езаш ю зудчуьнан агӀо а, стеган агӀо а.

https://t.me/Vragi_iblisa

3 months, 4 weeks ago

Ӏаишин эхьхетар🌷

Ӏаишас (АллахӀ реза хуьлда цунна) дийцара:

«АллахӀан Элча а (ﷺ), сан Да а дӀавоьллина йолчу хӀусаме йоьдура со, дӀахьулйелла а йоцуш, айса-сайга аларца:«ХӀара-м сан хӀусамда а, сан Да а ма ву». Ткъа, циггахь Ӏумар а (Дела реза хуьлийла цунна) дӀавоьллича, АллахӀаца дуй ма буу ас, со дӀахьулйеллий бен ца йоьдура цига, Ӏумарх эхь хеташ».

Аль-Хьаким, 6721

5 months, 1 week ago
Сийлахь волчу АллахIа аьлла:

Сийлахь волчу АллахIа аьлла:

«Шена луучунна йоlарий ло Цо (АллахIа), Шена луучунна кlентий ло Цо».

(Сурат: аш-Шу‌ра, аят: 49)

Имам Ибн Жузай ал-ГIарна‌тIийс (АллахIа къинхетам бойла цунах), цу аятан тафсир деш аьлла, Василат Ибн ал-Аскъаl цlе йолчу асхьаба элира аьлла: «Зуда беркате хиларх ду, цо дуьххьара деш долу бера йоl хилар. Хlунда аьлча, АллахIа (аятехь) дуьххьара хьахийнарш йоlарий бу».

[Ат-тасхIил, да‌къа: 3, агIо: 1341.]

5 months, 2 weeks ago

Ибн аль-Джавзийс (АллахӀа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Ша веллачул тӀаьхьа шен диканаш дӀахедийла лууш воцучо, Ӏилма даржадойла».

5 months, 2 weeks ago

Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Маре йоьдуш йолу йоьӀан ният муха хила деза дийцахьара ахь.

Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl!
Бусалба динехь доьзал кхолла, цул тӀаьхьа Дала шена доьзал лахь, и доьзал Ислам-динехь кхио, уьш АллахӀан динан гӀоьнчий бийр бу ша аьлла ният хилар, хӀинца ша йолуш ю ша, хӀинца хӀоттор ду ша шен хӀусамехь шариӀат, халифат аьлла, шен хӀусамдена муьтӀахь хиларца ялсамане йоккхур ю ша аьлла, иштта кхин дика мел долу ният хилийта мегар ду, хьан нияташ алсам мел хуьлу а оцу хӀора ниятах ял хуьлу хьуна.

https://t.me/Vragi_iblisa

5 months, 3 weeks ago

БисмиллахӀиррахьманиррахьийм.

Цхьадолу адамаш гӀайгӀане хуьлу, шаьш дага а ца догӀу, шайн цхьа хьашт хилча бен.. АллахӀца дуй ма буу ас, иза доккха гӀалат ду, аьлла. Гена а ду и кхетаман бакъдолчунна. Мелхо а, адам самукъане хила дезаш ду, хьашт хилча хенахь ша дагаварна. ХӀунда аьлча, иза чӀурам санна ву. ХӀоразза а, адамашна хало тӀейеъча, царна гӀо дан сихло иза. Йа молха санна бу (уьш), цхьа а ца кхета цуьнан мехаллах а, коьртаналлах а, пайданах а, шаьш цуьнга хьашт хилар бен. Царна хьо ишттачу хьолехь дагаваро гойту хьан коьртаналла а, мехалалла а, царна хьалха хьан бакъдолу хьал а. Цундела ма ала «Хьенехана-минехана ца вевза со, шен хьашт хилча бен». ХӀан-хӀа. Муххале а, ахь ала: «Хастам бу АллахӀна, сан лерам бина волчу (вуьштта аьлча хьо харжинчу, сий данчу), нехан хьашташ соьга кхочушдайта.
    Нахана гӀодар – иза боккха къинхетам бу, АллахӀца дуй буу ас, иза къинхетам ма бу, шех тера кхин къинхетамаш а боцуш. «АллахӀна уггар дукхабезаш болу нах, нахана уггар а пайде болу нах бу», Пайхамара ﷺ ма-аллара. Адаман исбаьхьалла, цуьнан долахь цхьаъ хиларгахь йац, хӀан-хӀа. Цо кхечарна совгӀатна луш долчу хӀуманехь а, шен дӀалуш долчу хӀуманехь а йу.
Хьовсийша малхе! ЦӀеран дукхалла йу и. Амма цо (маьлхо) шена чохь долу уггар гӀоле дерг схьало вайна.
   Ирсан лакхе, самукъанан лакхе кхечарна уьш ирсе хиларан бахьана хьох хӀоттарехь йу.
    Нагахь санна хьаште волчо, ахь шена диначунна хам ца бахь а...Тийсанне а са ма тийса адамийн баркалле а, хьуо хасторе а.
     Делахь а, хьан Ӏалашо хуьлийла-кх Сийлахьчу АллахӀан дешнаш: «Оха шу АллахӀан Йуьхьан дуьхьа бен кхобуш дац. Тхуна оьшуш дац шуьгара йа совгӀат а, йа баркалла а!» (76:9)

Гоч t.me/lyamnashka_neq

We recommend to visit

☎️ Реклама 👉 @VODIY_BOZOR_1

Last updated 3 months, 2 weeks ago

Last updated 1 month, 1 week ago

“ каналига хуш келибсиз!

Uzbekistan бўлиб ўтаётган воқеа-ходисалар, янгиликлар, хабарлар бериб борадиган платформа.

Машина, уй, олди сотти реклама қабул қиламиз 🔥

Тижорий ҳамкорлик учун : @navroztravel

Last updated 1 month, 3 weeks ago