Allahan Din

Description
Коран и Сунна. ?
Дикадерг даржаде, ял хир ю хьуна Ин шаа АллахI
We recommend to visit

PRIKOL VIDEOLARNI DODASI

Admin @REKLAM_UZPRIKOL

Last updated 2 years, 5 months ago

✅ Бирор бир маҳсулотга буюртма бермоқчи бўлсангиз @SOTUVCHll га ёзинг!

Last updated 1 year, 7 months ago

Мехрингиз сиғмас оламу жаҳон,
Сизни яхши кўраман Онажон.. ♥️

Барча Ота-Онасини яхши ку́радиганлар ва инсонларни бир-бирига мехр уйғотувчи канал 💯

Реклама учун 👉 @Baxtimsiz_admini

Last updated 2 weeks, 3 days ago

1 month, 2 weeks ago

АллахӀа боху: «Масане жимачу тобано йоккха тоба эшийна АллахӀан пурбанца. Боккъалла а, АллахӀ собар долчаьрца ву».
[Сурат: «ал-Бакъарат», аят: 249]

Кхечу аятехь боху Аллахӏа: «Оцу дийнахь бусалба нах баккхийбеш (самукъадуьйлуш) хир бу, шайна Дала белла болчу толамах».
[Сурат: «ар-Рум», аяташ: 4-5]

Селхана - Сири, тахана - Палестина, кхана - Даймохк, Дала мукъ лахь!

Хастам бу АллахӀана, юха а хӀара хаза де Цо вайна даларна!
Палестинхоша мел хьегна къа, цара мел диттина са, цара мел Ӏевшина къахьалла, боха а ца бухуш церан латтар, дукха масалш гайтира цара. АллахӀа шен дуьхьа дойла цара хьегна къа! Церан набахтехь берш АллахӀа маьрша бохийла, лазинчарна маршалла дойла, кхелхиначаьрна ялсаманица бекхам а бойла! Бисиначарна цу толам тӏехь латта ийман, собар а лойла!
ХӀара санна денош АллахӀа вайна эша а ма дойла!

Нохчийн дешначу нехан кхеташо

https://t.me/Khetasho

1 month, 2 weeks ago

Аллахӏана баркалла алар а, сужуд дар а.

Элчано (саллаллахIу ӏалайхӏи ва саллам) шега цхьа хаза кхаъ кхаьчча, Аллахӏана сужуд деш хиллера.

[Абу Давуд: 2774]

https://t.me/Allahan_Din

1 month, 2 weeks ago

«Цу дийнахь муъманаш баккхийбийр бу Аллахlа динчу гlонах. Цо Шена луъучунна гlо до. Иза - Нуьцкъалниг, Къинхетамбийриг ву».

[ар-Рум, 4-5]

1 month, 2 weeks ago
Гlаззехь болу тlом сецна!

Гlаззехь болу тlом сецна!
Йа Аллахl цунна гlо динчунна гlо де Ахьа! И тесна йитинарг тесна а вита Ахьа!

4 months ago
Ассаламу 1алайкум. ***?******?***

Ассаламу 1алайкум. ??

Аша алсам х1ара вай беш болу болх баржош репостш йича вайна цу т1ехь г1о хира дар, дуккху наха пайда эца мегар т1аккха кхунах.

Аллах1а диканца бекхам бойла шуна! https://t.me/Islaman_Dikalla

4 months ago
Ислама умматан хьал сан хьолах тера …

Ислама умматан хьал сан хьолах тера ду "заьIапа" ду иза , мотт бен меттагI долуш хIума дац цуьнан.

■Ахьмад Ясийн.

4 months, 1 week ago

Хlай жима къонах ладогIа!

Лаккхарчу ойланца, шортта къахьегарца хьо дlа ца гlертахь, хьуна цхьаммо гlо дийра ма дац!

Мел уггар уллера адамаша а тесна вуьтар ву хьо тlаккха!

Хlунда аьлча нахана аьтто ца хуьлуш верг ца веза хьуна!

Дог диллан lаш берш а нахана ца беза хьуна!

Царна лоруш берш чlогlа адамаш ду хьуна!

Даккхий адамаш царна дукха дезаш хьоме хуьлу хьуна!

Тешаме нах а лору хьуна цара!

Сий долчу нахан пусар а до хьуна цара!

Цундела хьо царах хила хьажа, хlай жима къонах!

Шайх lаид аль-Къарний. https://t.me/Allahan_Din

4 months, 1 week ago

ИСЛАМАН А ИМАНАН А ИХЬСАНАН А АРКАНАШ

1. ХАТТАР:

ИСЛАМ ДИНАН АРКАНАШ(СТОЛБЫ) МЕЛ Ю?

ЖОП:

ИСЛАМ ДИНАН АРКАНАШ ПХИЪ Ю:

1- ТОЬШАЛЛА ДАР А ШЕНА 1ИБАДАТДАН ХЬАКЪ ВОЛУШ, АЛЛАХ1 БЕН КХИН ДЕЛА ЦА ХИЛАРЦА, МУХЬАММАД АЛЛАХ1АН ЭЛЧА ХИЛАРЦА,

2- ЛАМАЗАШ ДАР А,

3- РАМАДАН БЕТТАН МАРХАНАШ КХАБАР А,

4- ШЕН ДАЬХНИЙ Т1ЕРА ЗАКАТ ДАЛАР А,

5- ХЬАДЖ ДАР А.

2. ХАТТАР:

ИМАНАН АРКАНАШ МЕЛ Ю?

ЖОП:

ИМАНАН АРКАНАШ ЯЛХ Ю:

1- АЛЛАХ1АХ ТЕШАР А,

2- ЦУЬНАН МАЛИКАШАХ ТЕШАР А,

3- ЦУЬНАН ЖАЙНАШАХ ТЕШАР А,

4- ЦУЬНАН ЭЛЧНАШАХ ТЕШАР А,

5- КЪЕМАТДИЙНАХ ТЕШАР А,

6- ДОЬГ1НАЧУХ(АЛЛАХ1 ЯЗДИНАЧУХ) ТЕШАР А, ЦУЬНАХ ДИКА ДОЛЧУХ А, ИШТТА ВОН ДОЛЧУХ А.

3. ХАТТАР:

ИХЬСАНАН(ДОГЦ1ЕНАЛЛА ГУЧУ ЯККХАРНА) АРКАНАШ МЕЛ Ю?

ЖОП:

ИХЬСАНАН ЦХЬА РУКНА Ю. ИЗА - АХЬ АЛЛАХ1АНА 1ИБАДАТДАР ДУ, ХЬАЙНА И ГУШ ВОЛУШ САННА, ХЬАЙНА И ГУШ ВАЦАХЬ А, ЦУННА ХЬО ГУШ ХИЛАР А ХУУШ. https://t.me/Allahan_Din

We recommend to visit

PRIKOL VIDEOLARNI DODASI

Admin @REKLAM_UZPRIKOL

Last updated 2 years, 5 months ago

✅ Бирор бир маҳсулотга буюртма бермоқчи бўлсангиз @SOTUVCHll га ёзинг!

Last updated 1 year, 7 months ago

Мехрингиз сиғмас оламу жаҳон,
Сизни яхши кўраман Онажон.. ♥️

Барча Ота-Онасини яхши ку́радиганлар ва инсонларни бир-бирига мехр уйғотувчи канал 💯

Реклама учун 👉 @Baxtimsiz_admini

Last updated 2 weeks, 3 days ago