hazayoza🕊

Description
We recommend to visit

Canal oficial de la Dra Olaya Sánchez Crespo

Last updated 5 months, 3 weeks ago

https://t.me/BChatBot?start=sc-1f79c071bd

Last updated 1 month, 3 weeks ago

Last updated 1 month, 1 week ago

1 month, 1 week ago

Уггаре хаза хӀинца йу, кхин хаза хила меттиг бац хьан олий хуьлу со хӀоразза а, амма йуха гича кхин а хаза хилла карайо суна хьо!

Матагов И.

Я всегда говорю, что ты сейчас самая красивая, красивее быть некуда, но когда я вижу тебя снова, я нахожу тебя еще прекраснее!

Матагов И.

1 month, 1 week ago

Ма хаза ду-кх вайн къоман гlиллакхаш…

Суьйре йара хlоьттина лаьтташ.., аьхкенан суьйре.
Хlора а суьйранна бохург санна, пхьоьха латтара вайн лулахь, вуьшта аьлча, къамелаш а деш иштта дlа вовшахкхетий хуьлура тхо. Герггарчу хьесапехь аьлча, цхьа ткъех шо хьалха хилла хlума ду дийца леринарг, аьлча а, вайн къоман йижарша хlоттийна хилла долу хаза гlиллакх! Хенаца аьлча генаро гlуллакх делахь а, массо а заманца дийца-довза товш хир ду аьлла хета хlара.
Лакхахь хьахийна ма-хиллара, цхьана суьйранна пхьоьха йина лаьтташ дара тхо вайн урамехь. Хилларш-лелларш дуьйцуш, вовшашца цхьацца забарш йеш lаш тхо а долуш, дlахьаьжча, шаьшшиннан керахь беттанаш а хир доцуш цхьацца ши бер а долуш, халла йуьхьсип къаьсташ гено йогlуш ши зуда го тхуна. Вовшийн ши кхин йара и шиъ. Вайн куьпара а йолуш, ма-дарра аьлча несарий бара-кх уьш. Тидам бахара сан царна тlе, цаьршимма гlиллакхан кеп йалош. Тхох бIаьрг кхетча, цаьршимма саца сецна, шаьшшиннан бераш вовшашца хуьйцуш кер-кера ийцира: цхьамма шениг — вуькхуьнга, вукхо шениг — кхуьнга, иштта бераш хийцира цара. Хlунда аьлча, кетlахь лаьтташ болчу божаршца (тхоьца) гlиллакх лоцуш. Жима зуда, керахь шен бер а долуш божаршна хьалхашхула йалар товш доцийла хууш дара цаьршинна, тхуна схьагучу суьртехь.
Тlаккха, тхуна йукъарчу цхьамма, вела а луш цавашарца олу: «хьовсийша, цаьршимма динарг гирий шуна? Цара и бераш хийцинехь йа ца хийцинехь а, вайна муха хуур дара, царех муьлхург хьенан бер ду?»
Цуо аьлларг чlогlа ца тайна, дазло суна т1аккха, цуьнан велар а, цавашар а. Аланза ца lиэвелла: «хьажал.., цара вайца хlоттийнарг lаламат чlогlа хаза гlиллакх ду! Муьлхха а нохчийчуьнан дог дашор долуш, хазахетарца бlаьрг тlундбийр болуш! Ахь муха олу иштта дерг, оццул хаза гlиллакх хlоттош хьайна гича!»
Улло кхочу йогlуш йолу ши зуда.., хазачу гlиллакхах ийна йолу, шайн берашна бакъйолу ши Нана, цхьаьна нехан оьзда ши нус, цхьана тоьллачу доьзалшкара ши зуда! Тоьллачу доьзалшкахь кхиина ца хилча оццул хаза гlиллакхаш цаьршингахь хир дацара.
— Де дика хуьлда шун! Шу арадевлла — олу цара, пхьоьха йина lаш долчу тхоьга.
— Хlаъ. Йогlуш йуй шуьшиъ! — элира оха.
Цаьршимма тхоьца хlоттийна гlиллакхах лаьцна, кхин совнах дерг оха шайга аьллехь цаьршинна эхь хетар долуш дара. Гlиллакх шаьш кхаьрца лаьцнехь а, оцу берийн хьокъехь дерг и долу дела, кхин совнах дерг царна эхь хоьтуьйтур долуш хиларна кхин хlумма ца элира оха.
Тахана, дикка хан а йоьлла оцу хиламна йукъа, амма хlинцца хилла хlума долуш санна, кху сохьта лелла гlиллакх долуш санна, цхьа хаза, экама, цхьа эсала, цхьа вайн къомаца товш, бlаьргана томе, синна мерза, ойланна аьхна сирла башха бlаьргашка схьахlутту и сурт.
Маржа сан къам-йаl! Ма хаза гlиллакхаш тардина хилла-кх, Дала, хьан йукъаралле, ма сийлахь кхоьллина хилла-кх ХЬО!
Ала лаьа, Дала латтабойла вайна йукъахь гlиллакхаш шайца долу нах!

НР-н йаздархойн Союзан декъашхо Хизриев Адам.

1 month, 2 weeks ago

«Малхаш»

Берлинехь ло догlу тховса,
Ло догlу хир ду-кх вайн цlахь а.
Лайлахь дlатийна цхьа тховса,
Тергалйеш хир йу-кх ахь а...

Сих, дегlах, цацанах санна,
Чекхдуьйлуш лайн чимаш хьийза,
Цкъа а кхин хир йоцуш санна,
Гlелйелла сан ойла цlийза.

Дазделла массо а xlума,
Йиш йоцуш дийца йа кхета,
Бен-башха мел доцу хlума
Кху сарахь бен-башха хета...

Кху сарахь бен-башха хета
Дала мел кхоьллина хилам,
Йиш йоцуш дийца йа кхета,
Йовхонах со хьегна хилар.

Ас хьуна цlе туьллу — "Малхаш",
Вай цкъа а гур доцу дела,
Лайлахь дlабайначу малхах
Сайна хьо тарйелла дела.

#АптиБисултанов

3 months, 1 week ago
3 months, 2 weeks ago

ТӀулг бу lуьллуш кхобуш мотт,
Ца йо цо дахаран чот.
Iуьллу гух, йа буьллу шух,
Йа хlоттабо буттуш бух.

Тlулг бу lуьллуш кхобуш мотт,
Мотт ца босту кхоссарх топ.
Лаьтта, хуьлий лекха лам,
Хlоттарх гонах кlорга lам.

Тlулг бу lуьллуш кхобуш мотт,
Лергана къора, хlоьттина потт.
Тlулг бистхиллал — чолхе зама.
Мотт ларбан шу, тlулгах lама.

Юсупхаджиева Аза

3 months, 2 weeks ago

БисмиллахIи ррохьмани ррохьийми!

НОХЧИЙН ШО

БIаьсте йóлу ткъе шолгIачу мартехь, дезткъе шийтта дийнахь лаьтта, ткъе цхьаалгIачу июне кхаччалц.
БIаьстенан чилла йýлу апрель беттан кхоалгIачу пIераскандийнахь, чекхйолу май беттан тIаьххьарчу шинаридийнахь.
Аьхке йóлало ткъе шолгIачу июнехь, дезткъе шийтта дийнахь лаьтта, ткъе цхьаалгIачу сентябре кхаччалц.
Аьхкенан чилла йýлу июль беттан кхоалгIачу пIераскандийнахь, чекхйолу август беттан тIаьххьарчу пIераскандийнахь.
Гуьйре йóлало ткъе шолгIачу сентябрехь, дезткъе цхьайтта дийнахь лаьтта, ткъе цхьаалгIачу декабре кхаччалц.
Гуьйренан чилла йýлу октябрь беттан кхоалгIачу пIераскандийнахь, чекхйолу ноябрь беттан тIаьххьарчу еаридийнахь.
Iа дýлу ткъе шолгIачу декабрехь, дезткъе итт-дезткъе цхьайтта дийнахь лаьтта, ткъе цхьаалгIачу марте кхаччалц.
Iаьнан чилла йýлу январь беттан кхоалгIачу пIераскандийнахь, чекхйолу февраль беттан тIаьххьарчу шинаридийнахь.

Халкъан тидамаш дIайазбина Яралиев Юсупа.

3 months, 3 weeks ago

«Лело уггар аттаниг, лелийча уггар хазаниг хlун ду?» — хаьттича,
жоп доцца хуьлу :
«Гlиллакх»

4 months ago

Шун хьовса аьтто бу оха тхайн ницкъаца йаьккхина «Йахь» ц1е йолчу нохчийн фильме.
Турпалхой - доьналлех, майраллех, нохчаллех дог дуьзна кегий нах.
Коьртачу турпалхошна хьалха х1уттучу чолхечу хьолах а, цу чолхечу хиламах, йахь а ца йожош, церан чекхбовларх а йу фильм.
Кху т1ехь къахьегначу тобано шайн йолчу техникийца а, болчу аьттонца а цхьана дийнахь йинчу съемкашца материал цхьанатоьхна, йаьккхина йу х1ара фильм.
Тхайн ма-хуьллу хьалхалерачу заманан хьелаш гайта г1ерташ, къахьегна оха. Тхо оцу 1алашоне кхаьчна, йа ца кхаьчна хьовсархошка билгалдаккхийта лаам бу тхан.
Кху йуккъехь дакъалаьцна актераш, дукхахберш, дуьххьара х1уьттуш бара камерина хьалха, х1унда аьлча, актеран корматалла йоцуш болу къона йаздархой а бу кху суьртан актерийн мог1арехь.
Тхуна даггара баркалла ала лаьа х1ара фильм йоккхуш накъосталла мел диначарна, Йаздархойн союзан куьйгалхочунна Ельсаев Аламахьадна, тхуна орцах мел ваьллачунна а. Дала диканца бекхам бойла!

Литературин клуб "Поэзин суьйре", Кинойукъарло "Larma" 2024 шо

4 months ago

https://www.instagram.com/reel/DBgu-XKt6tK/?igsh=cjV5YW0wbjd5Y2x3

Ассаламу lалайкум!
Шуьгара цхьажимма гlо-накъосталла оьшу??
Йиш йолчо кху ссылкан тlедовлуш лайк йилча, йа жимма йаржийча гlо хир дара.
Дукха ца lаш йукъайер йолуш йу оха цхьаьна болх бина, Багаев Акрамана йаздинчу дийцар тlера йаьккхина кино.

6 months, 3 weeks ago

— Хьо мичахь lаш йу? — аьлла, хьайга ас хаттар дича, цхьа коча :
«зезагийн дуьненахь» — ала хьуна дагадогlур дуй хьалхе хиънехьара, «ткъа хьо?» — аьлла, ахь сайга лур долчу хаттарна кечвелча бен, делла хир ма дацара ас хьоьга сайн хаттар.
«Ткъа хьо?» — бохучун жоп, ахь аьллачул говза а, хаза а хила лаарна, ойла а йина, цхьа бахьна-м хьаха дира вай:
— Хьох тера.., аьлча а,
хьо суна арайолуш, бес-бесара хьан кучамаш санна дуккха а.., малхана къежаш долу хlара хаза зезагаш, хьан хазалле ца кхачахь а, хьуна уьш дукхадезий хааро, даго ца витарна, царех йоккха цхьа курс йина хьуна лур ма ду айса, — аьлла, сайн чlагlо кхочуш йархьамма, хьан цlарал а хаза йацахь а церан цlераш, башхачу басаршца Нохчийчоьнан лаьттан аганахь мерзачу хlуоно техкош долу тайп-тайпана уьш, хьо йолчохь маьрша кхуьур дуй сайна хаарна, хийла шайн орамашца схьа-м дехира ас...

Ас мел делла зезагаш ахь дезаш лелор бахьна долуш, хьо йеха меттиг баккъалла а дан а ду-кх хlинца, ахь ма диццара «зезагийн дуьне»
— Ткъа хьо?
— Со гlаролхо ву-кх, геннара и дуьне лардеш волу.

Минцаев lальви 5.08.2024 шо

We recommend to visit

Canal oficial de la Dra Olaya Sánchez Crespo

Last updated 5 months, 3 weeks ago

https://t.me/BChatBot?start=sc-1f79c071bd

Last updated 1 month, 3 weeks ago

Last updated 1 month, 1 week ago