Солихь Дишно

Description
Кхолламо кхоьссина махкана гена,
Мел лехарх ца карош цlа богlу некъ.
Буьсанна набарха хьо хьоьстуш гlенах,
Хан токху, ткъа ца гуш шо дели чекх.
We recommend to visit

Админ - @Gals1

Last updated hace 1 año, 8 meses

‏اللهم أرينا الحق حقا
Йа Аллахl Тхуна бакъ дерг бакъ долш гайта ахь.
‏ ‏وارزقنا اتباعه
Оц бакъон тlехь дlа дах пурба ло Ахь.
‌‏ ‏وأرناالبا طل باطلا
Тхуна харц дерг харц гайта Ахь .
‏وارزقنا اجتنابه
Тхо оц харцонах генаъ даха Ахь .

Last updated hace 10 meses, 4 semanas

Байки, анекдоты, мемы

админ - @BellaTaste

Купить рекламу: https://telega.in/c/rjevskymajor

Last updated hace 1 año

10 months, 3 weeks ago

Кlорге хьежаро тlоьхлахьдерг хьул до,
Гена хьежаро тахана гlулч йоцуш вуьту.
Сатуьйсуш леларо хьан дахар дац до,
Ойланера кхачано кийра меца буьту.

•Солихь Дишно 02/2025

12 months ago

Керла шо-
Шира дагалецамаш.
Йиц ца ло,
Цlий lенна хенаш.

•Солихь Дишно 31/12/2024

1 year ago

Цхьадерг кхочуш ца хилахь а,
Йу вайна йелла ваlда.
Хlицца иза кхочуш ца хилахь а,
Хилаза lийра йац и— lожалла.

•Солихь Дишно 2020

  • ваlда- обещание.
1 year, 1 month ago

Табиlийна, Саlида кlанта Мусаиба зудчо аьлла:

Оха тхайн цlийна-Дайшца, аш шайн паччахьашца санна (лераме) дора къамел.

Хильйат аль-Ауилийа 5/168

1 year, 1 month ago

Цкъа-а хира дацчу хlумане хьежа хала ду,
Хала ду дагалецамашца сатуьйсуш ваха.
Хlара доцу денош мехаза дlаоьхуш ду,
Хьежаро дац дина дуьненан дахар.

Кханенан ойла йеш дlайаьлчи тахане,
Кхана а сатуьйсуш дlа дера ду де.
Сатийсам ша цхьалха мостагlчул а зене,
Ког а боккхуш сатийса лушволчу Деле.

•Солихь Дишно 2019

1 year, 1 month ago

Хьайна луург де,
Лаахь, лаьхьа санна текха.
Кхочур ду lожаллин де,
Цуьнах хьо хlицца кхета.

•Солихь Дишно 2019

1 year, 1 month ago

Ас доьху со кхоьллиначуьнга,
Доьху ас халонехь а, аттонехь а Цуьнга.

Хьашт вац со йукъарлончах, со хеза Далла,
"Хьо бе кхин Дела вац"— доlанехь аьлла.

Сан лазам доlанца Цуьнга дlабелла,
Ас доьху халонехь а, аттонехь Цуьнга.

•Солихь Дишно 11/2024

1 year, 1 month ago

Хьан даьсса къамелаш суна доьвза,
Суна хезна уьш.
Хьуна шера аренаш йеза,
Суна лекха лаьмнаш.

•Солихь Дишно 2017

1 year, 1 month ago

Сан къолам соьга ладугlуш бац,
Ца хlуттуш ойланаш йозане йаха.
Сел аьрха и хилча дан хlума дац,
Кlордина дехарца "йазйе-хьа" баха.

Ойланаш йозане ахь йохуш хилча,
Тlулг башош сингаттаме хир йара уьш.
Къахетта цкъа мукъна а ас бохург дича,
Хlора а хир вара сан ойла гуш.

Могlаршца ойланаш йийца со воьлча,
Сан къолам кехатца тарлуш ма бац.
Дог дуьллий кехатна гена со ваьлча,
Ойланаш хьийзавеш, синтеме вац.

Сан къолам соьга ладугlуш бац,
Бу-те и адамах къахетта сецна.
Сан цlийзар адамашна оьшуш ма дац,
Къоламан аьрхаллех хlинца со кхетта.

•Солихь Дишно 10/2024

We recommend to visit

Админ - @Gals1

Last updated hace 1 año, 8 meses

‏اللهم أرينا الحق حقا
Йа Аллахl Тхуна бакъ дерг бакъ долш гайта ахь.
‏ ‏وارزقنا اتباعه
Оц бакъон тlехь дlа дах пурба ло Ахь.
‌‏ ‏وأرناالبا طل باطلا
Тхуна харц дерг харц гайта Ахь .
‏وارزقنا اجتنابه
Тхо оц харцонах генаъ даха Ахь .

Last updated hace 10 meses, 4 semanas

Байки, анекдоты, мемы

админ - @BellaTaste

Купить рекламу: https://telega.in/c/rjevskymajor

Last updated hace 1 año