Связь с администрацией @SvyazKvd_bot
Last updated 3 months, 1 week ago
1-Хьадис/Динан баххаш
بسم الله الرحمن الرحيم الحمد الله رب العالمين والصلاة والسلام على نبينا محمد وعلى آله وأصحابه أجمعين .
Жайна йаза динарг: Мухьаммад ибн Сулайман Аль-Мухӏанна.
Жайнан цӏе: Аль-Арбаӏуна Аль-Вилданиййахӏ.
Умматехь гӏар девла жайнеш ду шен цӏе Аль-Арбаӏуна йолуш, царех уггаре гӏар даьлларг Имам Ан-Нававис (رحمه الله) йаздина долу жайна ду.
Ткъа хӏар жайна йазо ӏалашо кегийчарна хьехам хир болуш, иштта ӏамо атта а хира долуш йаза дина ду.
Хӏокху жайнан чуьра муьлха а хьадис шен бух болуш, сецна хьадис ду. Имам Бухарис а, Муслимас а шаьшшина жайнийн чохь хьахийна долу.
Иштта хӏора хьадийсана доцца маьӏан схьа а достуш шен шархьа ду авторас йаза дина.
Ассаламу Ӏалайкум варахьматуллахӀ, вай АллахӀан пурбанца хӀокху агӀон тӀехь «Берашна лерина 40 хьадис» цӀе йолу жайна доьшура ду.
ХӀара агӀо йаржа йеш дакъа лацарца дехар ду-кх шуьга, телеграмма чохь, ватсап чохь ишшта кхидӀа.
Связь с администрацией @SvyazKvd_bot
Last updated 3 months, 1 week ago