☾М͜͡а͜͡т͜͡а͜͡г͜͡о͜͡в͜͡ И͜͡☾ (канал)

Description
We recommend to visit

!! тɑκ κɑκ ⲏɑ κɑⲏɑʌе пƿυсƴтстɞƴет 18+ κ૦ⲏтеⲏт, пƿυ п૦∂пυсκе ɞы п૦∂тɞеƿж∂ɑете чт૦ ɞɑⲙ υсп૦ʌⲏυʌ૦сь 18 ¡¡

ɞся ⲏе૦бⲭо∂υⲙɑя υⲏɸ૦ƿⲙɑцυя п૦ κɑⲏɑʌƴ ɞ зɑκƿеηɑⲭ. ( •̀ ω •́ )✧

Last updated 7 months, 1 week ago

︶ ⟡ ⏝︶ ୨୧ ︶⏝ ⟡ ︶
ᨦ 使 Вᴀᴄ ʙᴄᴛᴩᴇчᴀᴇᴛ ᴋᴀнᴀᴧ
???????_???????

୧  ─   ·   ─  ୨  ꒰  ܸ ◞ ◟ܸ ꒱  ୧  ─   ·   ─  ୨
ᴏwnᴇr ➙ @Peosjsaj
deputy ➙ @LOvely_pl
ᴩriᴄᴇ ➙ @prais_Tsigus_family ❄️

Last updated 1 year ago

• ᴨᴩиʙᴇᴄᴛʙую ʙᴀᴄ ʙ ᴄʙᴏёʍ ᴛᴦᴋ?

• ʙᴧд -> @tapochekk1

• ᴨᴩᴀйᴄ - https://t.me/price_tapochekk1

• ᴨᴩиᴨиᴄᴋᴀ ᴋᴀнᴀᴧᴀ - ᴛᴀᴩ1

• ᴨᴏᴧнᴀя инɸᴀ ᴏ ᴋᴀнᴀᴧᴇ -> @vikasobaka_info

Last updated 1 year, 1 month ago

1 month, 1 week ago

Декъалдо шу беза-сийлахь мархийн Рамадан бутт тlе барца! Дала декъалдойла шу массо! Дала йоцчунна марханаш кхаба могашалла лойла, могаш берш — могаш а латтабойла, lамалш, марханаш къобал а дойла!

1 month, 1 week ago

«Наха хlун леладо а хьожуш, уьш санна лелахьа» алар — иза хьехар дара хьалха. Делахь а, и хьалха дара. Хlунда аьлча, дика нах алсам бара.

Матагов И

1 month, 2 weeks ago
3 months ago

Матагов И

Ас хlумма ца лоьху,
ца доьху хlумма а сайна,
йа хlумма ца оьшу,
эшначохь ца хилларг сайна.
Ас лехнарг карийра
тоххарехь карийра
кхечунна,
хилира лехнарг ша,
цхьана шен са-беркъа, къиэчунна.

Ца лоьхуш ваций со-м
— хан тилла кхачий суо аьлла,
ца оьшуш ваций со-м
— гlан тилла набарах ваьлла.
Со-м тоъал кlадвелла,
гlелвелла дахарца къийса,
хlун дисна бlобуола,
де тола, хlинца сатийса?

«Хьовсийша воьжна со»
ца воллу мохь бетташ баха,
ца воллу «хlунда со
дуьненчу воссийна?» баха.
Реза ву кхолламна
цхьа «бакъ» ду даим а ала:
«хlокху сайн хьолехь а,
дика а вити со-м Дала!»

4 months, 1 week ago
4 months, 2 weeks ago

Матагов И

Цlе йайна кlур хьийзаш lийжабо бlаьргаш,
…и латон, сирник хьакха ботт а йу йоьхна,
Цlе летича-м кхе тийса хир йара гоьргаш-м,
Амма, …и латар кхин вайна ца доьгlна.

Дог дагац марзонан цlе йогуш хlинца,
Цхьа бутуо ша лаьтта дегнаш тlехь вайна.
Ца бисна хьан дашехь хьалхачух цинц а,
Мlаьргонаш геннара схьакъеда тайна. ________________
(2024-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 18-гlа де (оршот — понедельник).

6 months ago

Матагов И

БӀарзвелла, къарзвелла,
къежвала ца туьгуш,
хебарша чкъуран куц сибатехь талхийна,
гӀелвелла шелвелла,
са дала ца туьгуш,
дахарехь сайн Далла къабала балхийна,
дехарийн жоьпаш а,
мостагӀийн тоьпаш а,
вовшашна гуш доцуш
къийсаме дуьйлучохь,
дехарна жоп хуьлуш,
гиначохь воккхавеш,
жоьпаза диснариг
жоьпанна хьакъ ца деш,
муьлххачу хьолехь а,
вайн Далла хастамбеш
декъачу куьйгашна
бодашкахь латтар деш,
буьйсанна цхьалхачу
лазамца висина,
дерриге ма доггах,
ма логгалц хӀоьттина
Ӏаш ву со кху буса,
кхин Ӏовжа хӀун ду сан?

2024-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 7-гӀа де (оршот — понедельник).

6 months ago

Матагов И.

Сарралц кхуьйкхуш нӀаьна,
шело а хаалуш Ӏаьнан,
тӀеозийна куртка,
лоррий хьоьжуш куьрка,
оьхуш хьожа томе
хьаьжкӀийн буьртиг чоме,
кхоллий волуш чоьхьа,
цӀанйеш бедар боьха,
хенех хили, гена
дагалецам къена.

Курткин пхьуьйшаш къегаш,
шело уьдуш эгош,
со мичара кхечи
ас хӀун деана,
оцу хенийн
ден букъера веана?

2024-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 7-гӀа де (оршот — понедельник).

8 months, 3 weeks ago

Сайн дерг цкъа а лечкъийна вацара со, цхьа хьо йоцург!

Матагов И.

We recommend to visit

!! тɑκ κɑκ ⲏɑ κɑⲏɑʌе пƿυсƴтстɞƴет 18+ κ૦ⲏтеⲏт, пƿυ п૦∂пυсκе ɞы п૦∂тɞеƿж∂ɑете чт૦ ɞɑⲙ υсп૦ʌⲏυʌ૦сь 18 ¡¡

ɞся ⲏе૦бⲭо∂υⲙɑя υⲏɸ૦ƿⲙɑцυя п૦ κɑⲏɑʌƴ ɞ зɑκƿеηɑⲭ. ( •̀ ω •́ )✧

Last updated 7 months, 1 week ago

︶ ⟡ ⏝︶ ୨୧ ︶⏝ ⟡ ︶
ᨦ 使 Вᴀᴄ ʙᴄᴛᴩᴇчᴀᴇᴛ ᴋᴀнᴀᴧ
???????_???????

୧  ─   ·   ─  ୨  ꒰  ܸ ◞ ◟ܸ ꒱  ୧  ─   ·   ─  ୨
ᴏwnᴇr ➙ @Peosjsaj
deputy ➙ @LOvely_pl
ᴩriᴄᴇ ➙ @prais_Tsigus_family ❄️

Last updated 1 year ago

• ᴨᴩиʙᴇᴄᴛʙую ʙᴀᴄ ʙ ᴄʙᴏёʍ ᴛᴦᴋ?

• ʙᴧд -> @tapochekk1

• ᴨᴩᴀйᴄ - https://t.me/price_tapochekk1

• ᴨᴩиᴨиᴄᴋᴀ ᴋᴀнᴀᴧᴀ - ᴛᴀᴩ1

• ᴨᴏᴧнᴀя инɸᴀ ᴏ ᴋᴀнᴀᴧᴇ -> @vikasobaka_info

Last updated 1 year, 1 month ago