"ДАЙМОХК" ГАЗЕТ

Description
Республикин газет

@daymohkrg_bot - тхоьца зӀе
We recommend to visit

☑️ Официальный информационный канал Заслуженного артиста Республики Татарстан
https://t.me/boost/firdustyamaev_official

? https://vk.com/beznen_tyamay
? https://instagram.com/firdustyamaev_official
? https://youtube.com/@BeznenTyamay

Last updated 1 month, 1 week ago

«И даже лист падает только с Его

ведома.» (6:59)?

Реклама: @dinachkaaaa

Last updated 1 month, 1 week ago

Владелец ? @volyforever
Админ ? @Viktoria_setka
Прайс ? t.me/praiscatalog

Last updated 6 days, 1 hour ago

2 weeks, 4 days ago

ТӀеман леррина операци дӀайахьаран муьрехь Даймехкан патриоташ гулбаларан туш а хилла дӀахӀоьттина Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран цӀарах йолу Россин спецназан университет (Гуьмсе).

Мехкан суверенитет а, цхьаалла а Ӏалашйаран гӀаролехь латта кийча болу кегийнах бӀеннашкахь богӀу цигахь Ӏама.

Царна Ӏама мел оьшуш долу хьелаш цигахь кхоьллина ду.

Шаьш Ӏамочу бӀаьхошна тактикин а, тӀеман а, инженерин а, техникин а, топографин а, медицинин а, хаамийн а хаарш хьоьху меттигерчу инструкторша.

Цул сов, РУС-хь а Ӏемаш, тӀеман лерринчу операцехь шайн лаамехь дакъалаца боьлхучарна кхузаманахьлерчу, дикачу барзакъца а, герзаца а, кхиболу гӀирсашца а кхачойар а.

Баттахь 200 000 сов сом а луш, 4 баттана Россин Оборонин министерствоца барт бо. Иштта Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу йукъараллин фондера 100 000 сом а ло.

Иштта, РУС-н зӀенаш а йовзийтина цо:
1️⃣+7(925)319-77-77;
2️⃣+7(925)328-77-77;
3️⃣+7(925)661-77-77.

2 weeks, 4 days ago

Партин лаккхарчу органийн сацамна тIе а тийжаш, СССР-н Лакхарчу Советан Президиумо, 1957-чу шеран кхолламан беттан 9-чу дийнахь «РСФСР-на йукъахь, Нохч-ГIалгIайн АССР меттахIотторан хьокъехь» Указ арадаьллачул тIаьхьа дIадолийра нохчийн а, гIалгIайн а халкъийн автономи меттахIоттор. Нохч-ГIалгIайн АССР-на йукъайахийтира: Грозненски областера Соьлжа-ГIала а, 
Грозненски, Гуьмсан, Каргалински, 
Красноармейски, Междуреченски, 
Надтеречни (Теркан), Новосельски, Наурски (Невран), Советски 
(Шуьйтан), Шелковски кIошташ; Дагестанера (цунах дIатоьхна хилла) Андалалски, Веданан, Ритлябски, Шурагатски кIошташ, БотIлихан а, ЦIумадин а кIоштийн малхбузера дакъа (ЧIебарлойн а, Шаран а кIошташ хиллачу дозанашкахь); Къилбаседа ХIирийн АССР-ра – Малгобек гIала а, гуонахара меттигаш а, Коста-Хетагуровски кIошт, Правобережни кIоштан къилбаседа-малхбален дакъа (Ачалукин кIоштан хиллачу дозанашкахь).

1957-чу шеран кхолламан беттан 9-чу дийнахь РСФСР-н Лакхарчу Советан Президиуман «Нохч-ГIалгIайн АССР-н Вовшахтохараллин Комитет чIагIйаран хьокъехь» долчу Указаца юридически чIагIдира белхан ханна йолу и орган кхоллар. Цуьнан куьйгалхо Гайрбеков Муслим вара, махках ваккхале хьалха ВКП (б)-н Нохч-ГIалгIайн обкоман секретаран болх бина волу. Вовшахтохараллин Комитетан секретарь хIоттийра Комаров Михаил. Iедалан кхочушдаран лаккхарчу органан декхарш тIедехкина хиллачу оцу органна йукъавахийтира: Ф.Баранов, Е.Брыскин, А.Гагиев, Г.Дементьев, Х.Дукузов, Д.Мальсагов, Н.Петров, В.Русин, С.Струлев, К.Сулейманов, I.В.Тепсаев, В.Хозиев, У.Цутиев, А.Яковлев, М.Яндиев.

(КхидӀа йеша 2024-чу шеран 2-чу лоьмарехь)

2 weeks, 6 days ago

Нохчийн Республикин Мехк-Да, Россин Турпалхо КАДЫРОВ АХЬМАД-ХЬАЬЖИН РАМЗАН.

#Кадыров

2 weeks, 6 days ago
Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан …

Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан тӀедилларца Нохчийчоьнан йерриге а кӀошташкахь а, гӀаланашкахь а боккха белхий бу дӀахьош.

Республикин мел йолчу муниципалитеташкахь дӀахьош ду белхий бар, дакъалоцуш пачхьалкхан органийн белхахой а, маьрша бахархой а болуш.

Иштта белхий дӀабаьхьна Курчалойн а, Веданан а, ТӀехьа-Мартан а, Гуьмсан а, Шуьйтан а кӀошташкахь а.

"ХӀокху тайпа гӀуллакхаш хенан-хӀоттаме а, мукъа деношка а хьаьжна ца Ӏаш дӀахьур долуш ду кхидӀа а", — аьлла Шуьйтан кӀоштан куьйгалхочо Акаев Руслана.

3 weeks ago

Нохчийн Республикин Мехк-Да, Россин Турпалхо КАДЫРОВ АХЬМАД-ХЬАЬЖИН РАМЗАН.

#Кадыров

3 months, 1 week ago
Белхан гӀуллакхца Москва вахана хилла волу …

Белхан гӀуллакхца Москва вахана хилла волу Нохчийн Республикин Мехк-Да Кадыров Рамзан цхьаьнакхетта Россин Федерацин Президентан Администрацин Куьйгалхочуьнца Вайно Антонаца. Иштта хаам бина Мехк-Дас телеграммерчу шен агӀонехь.

Цхьаьнакхетарехь дийцаре дина Нохчийн Республикин социальни-экономика кхиоран гӀуллакхаш.

"Гуттар а санна социальни-экономика кхиорехь накъосталла дан ша кийча хилар хаийтира Эдуардан Антона. Ша Даймехкан патриот хиларе терра, федеральни центро а, регионаша а цхьаьнагӀуллакхаш дарна тӀе леррина тидам бохуьйту цо. Ас даггара баркалла боху цунна массо а агӀор накъосталла дан иза кийча хиларна", — йаздина Кадыров Рамзана.

3 months, 1 week ago
Нохчийн Республикин Мехк-Ден а, Правительствон а …

Нохчийн Республикин Мехк-Ден а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун хьалхарчу заместитела — Нохчийчоьнан министра Кадырова Хадижас цхьаьнакхетар дӀадаьхьна НР-н дешаран а, Ӏилманан а министраца Дааев Хож-Баудица. Цигахь дийцаре дина регионан дешаран декъехь долу мехала гӀуллакхаш.

Цхьаьнакхетарехь леррина тидам тӀебахийтина кӀоштийн дешаран урхаллийн а, йукъарчу дешаран хьукматийн а куьйгалхошна йукъахь дӀайаьхьначу аттестацина. Цара билгал ма-даккхара аттестаци дӀайахьаро белхан дика а, иштта тӀехь къахьега деза а агӀонаш гучуйаьхна.

3 months, 1 week ago

Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана цхьаьнакхетар дӀадаьхьна Нохчийчоьнан культурин министраца Ибрагимов Ӏийсаца а, министерствон коллективоца а. Цу хьокъехь цо хаам бина телеграммерчу шен агӀонехь.

Цигахь къамел дина бинчу балхах а, дан дезачух а лаьцна.

"ДӀадаханчу шерашкахь дуккха а къахьегна культурин дакъа кхиорна тӀехь. РФ-н Президентан Путин Владимиран гӀоьнца Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа республика меттахӀотто волавелчахьана дуьйна бӀеннаш артисташна а, культурин гӀуллакххошна а пачхьалкхан а, республикин а совгӀаташ делла", — йаздина Кадыров Рамзана.

Нохчийчоьнан Мехк-Дас билгалдаьккхира Кадыров Ахьмад-Хьаьжин, культура йоцург къам дац боху дешнаш хӀинца а мехала хилар. Цундела тӀекхуьучу кегийрхошна терго йан йеза, царна йукъахь похӀма долу нах лаха беза.

"ТӀекхуьучу чкъураца йоьзна йу халкъан кхане. Ас тӀедиллира НР-н культурин министрана Ибрагимов Ӏийсанна а, жоьпалле болчарна цу тӀехь къаьсттина къахьега аьлла. Хьалха санна тхо гӀо дан кийча ду. Со тешна ву Мохьмад-Хьабин Ӏийса тӀедехкинчу декхаршца дика ларориг хиларх", — аьлла Кадыров Рамзана.

Кхеташо дӀахьош Нохчийчоьнан Мехк-Дас тӀеман леррина операце дӀахьоче а воьдуш, шен иллешца вайн бӀаьхойн дог-ойла айарна баркалла элира Нохчийн Республикин халкъан артистана Исмаилов Шарпуддина.

3 months, 2 weeks ago
Футболан "АХМАТ" клубан цхьаьнакхетарехь Нохчийн Республикин …

Футболан "АХМАТ" клубан цхьаьнакхетарехь Нохчийн Республикин физически культурин а, спортан а министра, клубан президента Кадыров Ахьмада клубан керла вице-президент вовзийтина. Иза Ву Мацуев Висхан.

Билгалдаккха догӀу, Мацуев Висхан Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитель а, Нохчийчоьнан йуьртан бахаман министр а хилар.

We recommend to visit

☑️ Официальный информационный канал Заслуженного артиста Республики Татарстан
https://t.me/boost/firdustyamaev_official

? https://vk.com/beznen_tyamay
? https://instagram.com/firdustyamaev_official
? https://youtube.com/@BeznenTyamay

Last updated 1 month, 1 week ago

«И даже лист падает только с Его

ведома.» (6:59)?

Реклама: @dinachkaaaa

Last updated 1 month, 1 week ago

Владелец ? @volyforever
Админ ? @Viktoria_setka
Прайс ? t.me/praiscatalog

Last updated 6 days, 1 hour ago