Реклама👉: @reklamahaqida
Ikkinchi kanalimiz
👇👇👇
https://t.me/+DxCtjcVGjIpkMzQy
👇Мусиқа топувчи бот
@Taronabot
Video yuklovchi bot: @Tele_Save_Bot
Last updated 1 month, 4 weeks ago
✅ @Jahon_xabarlari расмий канали
⚡️Фақат тасдиқланган маълумотлар, энг сўнгги тезкор хабарлар ва долзарб янгиликлар!
Воқеа ва ходисага гувоҳ бўлдингизми 👀
бизга юборинг, биз каналга чиқарамиз 👉 @Murojaatbor_bot
💰 Реклама учун @otash_media_uz
Last updated 1 month, 2 weeks ago
⭐️ Кун давомида каналимизда:
? Ўзбекистон ва Жахон янгиликлари
? Фақат янги мавзулар
⚡️ Тезкорлик
✅ Аниқлик ҳамда расмий хабарлар
Янгиликлар бўлса бизга юборинг, биз каналга чиқарамиз: ? @SaraXabar_Aloqabot
? Реклама: @Reklama_Xaqidaa
Last updated 3 months, 1 week ago
10)Мархийн дозалла!
Абу-Саламатах дийцина(Дела реза хуьлда цунна)цо элира:
«Йеманан ох1ланах цхьа ши къонах 1убайдуллах1ан к1ант Т1алхьа волчу хьошалг1а воьссина хиллера. Цхьаъ Делан элчанца ﷺ г1азотехь вийна хилла, ткъа шозлог1ниг цул т1аьхьа шо даьлча меттахь велла хилла. 1убайдиллах1 к1антана Т1алхьан г1енах гайтина хилла и меттахь велларг вукхулла хьалха йалсамана вахана. Т1алхьата и Делан элчане ﷺ хьахира. Т1аккха Делан элчано ﷺ элира:
«цул т1аьхьа мел ваьхна и лаьттахь?»
Цо элира: Шарахь.
Делан элчано ﷺ элира: «Цо эзир борх1 б1е ламаз дина, цхьа Рамадан кхаьбна».
Ахьмад.
9)Мархийн дозалла!
Абу-Х1урайратах дийцина(Дела реза хуьлда цунна)
Делан элчано ﷺ элира аьлла:
«Ши х1ума харж йинарг Делан некъехь, йалсамана не1арехула цуьнга кхойкхур ву, х1ара ахьа динарг, доккха дика дара хьуна. Ламазан ох1ланах хилларг, цуьнга схьа кхойкхура ву ламаз не1арехула. Г1азота ох1ланах хилларг, цуьнга схьакхойкхура ву, г1азота не1арехула. Мархийн ох1ланах хилларг, цуьнга схьакхойкхура ву Раййан не1арехула. Саг1ан ох1ланах хилларг, цуьнга схьакхойкхура ву саг1ийн не1арехула» т1аккха Абу-бакара (Дела реза хуьлда цунна) элира: «Сан да-нана махийна хийла хьуна х1ай Делан элча, цу цхьаьна не1арехула кхайкхинчунна, кхин хьаштом хира йацара, делахь моссо а не1арехула чу кхойкхун верг хира вуй-те?»
Цо элира: «Хира ву, хьо цареха хиларе дог дохуш ву со»
Бухарий, Муслим.
Йа АллахI-Дела, тхан дегнаш ширканах лардехьа, ас-со бохуш, дагна т1е куралла йарах а, шалхо лелорах а, нехан дегнашкахь меттиг йезарна, цара олучу дикачу даше сатуьйсуш х1ума лелорах а, моттарг1анех а, тхаьш дина диканаш дагардеш, царах тешна, уьш бахьанехь тхайна Хьоьгара хуьлуш болу къинхетам хуьлу моттарх а, шеконех а, нахана т1ехь вониг тарлуш, царах вуон ойла хиларх а, цаьрца вон дог хиларх а, Хьайн динах шеко хиларх а, кхидолчу а массо а вуочу, Хьо резавоцчу массо а вочу х1уманах лардехьа тхо. Хьайн къинхетамах дог ма диллийтахьа тхоьга! Хьайн къинхетамца даха а дехьа, кхалха а дехьа, г1овтта а дехьа г1овтточу дийнахь. Хьайн къинхетамца йалсамане кхачадехьа тхо! Суна а, сан дена а, нанна а, сан доьзалшна а, йижаршна-вежаршна а, массо а бусалба нахана а ( дийначарна а, беллачарна а) гечдехьа!
И С Л А М А Н - Н Е К Ъ
7)Къур'анан дозалла!
Ибн Мас1удах дийцина (Дела реза хуьлда цунна)
Делан Элчано ﷺ элира аьлла:
<<Къур'анах цхьа хьарф дешнарг милла велахь а, цуьнан цхьа дика ду, и цхьа дика иттаза сов доккхуш а ду, аса ца боху алиф лам мим цхьа хьарф ду, делахь а алиф цхьа хьарф ду,
Лам а цхьа хьарф ду, мим а цхьа хьарф ду.
Тирмизи
Велчун т1ера саг1а далар
1аишатех (Дела реза хуьлда цунна) дийцина :
<<Цхьа къонах веар Пайхмара ﷺ волче цо элира:«Сан нана ц1аьххьана кхелхина, весет ца дина цо. И дийна йалахьара цо саг1адоккхур дара аьлла хеташ ву со. Цунна йал хира юй-те аса цунна т1ера саг1а даьккхича?
Цо элира: «хира ю» >>
Муслим
6)Къур'анан дозалла!
1умар к1антах дийцина (Дела реза хуьлда цунна)
Пайхмара ﷺ элира аьлла:
<<Шиннах бен хьегар дац:
Къонахах, Дала шена Къур'ан делла, цуьнца 1амал йеш волу, дийнахь а буьйсанна а.
Иштта Къонахах, Дал шена даьхни делла, цуьнах харж йеш волу, дийнахь а буьйсанна а.>>
Бухари
5)Къур'анан дозалла!
1аишатах дийцина (Дела реза хуьлда цунна):
Делан элчано ﷺ элира аьлла:
«Ша Къуръан доьшуш хилларг,
шена и деша атта а долуш, и сийлахьчу малийкашца цхьаьна хира ву. Ткъа и Къуръан ша доьшуш хилларг, и дешарехь шена шера доцуш, и деша шена хала а долуш, цунна шиъ йал хира ю»
Бухари.
4)Къур'анан дозалла!
Хатт1аб к1ант 1умарах
(Дела реза хуьлда цунна) дийцина :
Пайхмара ﷺ элира аьлла:
<<Дала къур'анаца цхьа нах хьала ойъу, иштта кхиберш охьа а та1або >>.
Муслим
Реклама👉: @reklamahaqida
Ikkinchi kanalimiz
👇👇👇
https://t.me/+DxCtjcVGjIpkMzQy
👇Мусиқа топувчи бот
@Taronabot
Video yuklovchi bot: @Tele_Save_Bot
Last updated 1 month, 4 weeks ago
✅ @Jahon_xabarlari расмий канали
⚡️Фақат тасдиқланган маълумотлар, энг сўнгги тезкор хабарлар ва долзарб янгиликлар!
Воқеа ва ходисага гувоҳ бўлдингизми 👀
бизга юборинг, биз каналга чиқарамиз 👉 @Murojaatbor_bot
💰 Реклама учун @otash_media_uz
Last updated 1 month, 2 weeks ago
⭐️ Кун давомида каналимизда:
? Ўзбекистон ва Жахон янгиликлари
? Фақат янги мавзулар
⚡️ Тезкорлик
✅ Аниқлик ҳамда расмий хабарлар
Янгиликлар бўлса бизга юборинг, биз каналга чиқарамиз: ? @SaraXabar_Aloqabot
? Реклама: @Reklama_Xaqidaa
Last updated 3 months, 1 week ago