Нохчийн маттахь хьадисаш

Description
Хlара хьоста йаран lалашо, нохчийн маттахь бух болу хьадисаш даржора йу, нагсанна кху чохь шайна гlалат гахь, кху бот чу хаам бе @yurtho_bot
Advertising
We recommend to visit

🖤 ️ Eng ѕo'ngι хιт мυѕιclar olaмιga хυѕн ĸelιвѕιz 🥀

Xaммaѕι oldιnda 😅 ѕaвr...❤️

𖤓 хιт мυѕιc 2022+
𖤓 мooмвaн мυѕιc
𖤓 rυѕѕιan мυѕιc
𖤓 вaѕѕ мυѕιc
𖤓 reмιх мυѕιc
🐺 @Odilovv_717 🇺🇿🩶

💰 Reklama @kakand_700

— Аллах Великий!

связь с админом - @byluhaidan_bot

11 months, 1 week ago

Аллахlан Элчано (ﷺ) аьлла:

«Шух цхьанна шена коьрта маха Ӏоттийтар гӀоле ма ду, шена хьанал йоцучу зудчух иза хьакхалучулла а».

Сахьихьул-джамиӀ, 5045.

11 months, 2 weeks ago

доьшург: Абу Хlаджар ал-Иракъи
(Аллахlа къинхетам бойла цунах)

11 months, 2 weeks ago

Аллахlан Элчано (ﷺ) аьлла:

«Сан са Шен карахь долчух дуй буу аса, йалсамане гӀура ма дац шу — ийман аша диллалца. Дуьззина ийман долуш хира ма дац шу — вовшашна деззалца. Аша иза дича шу вовшашна дезар долу хӀума дийций аса шуна?!
Шайна йуккъахь салам даржаде».

Абу Дауд, 5193.

11 months, 2 weeks ago

АллахӀан Элчано (ﷺ) аьлла:

«Декхар схьадала аьтто боцуш волчунна хан йелларг, йа цунна иза Iаддитинарг, къемата дийнахьа Iаршан IиндагIехь хира ву».

قال رسول الله ﷺ
«مَنْ نَفَّسَ عَنْ غَرِيمِهِ أَوْ مَحَا عَنْهُ
كَانَ فِي ظِلِّ العَرْشِ يَوْمَ القِيَامَةِ».

Муслим, 1563.

11 months, 3 weeks ago
Имам Ахьмада, Дала къинхетам бойла цунах, …

Имам Ахьмада, Дала къинхетам бойла цунах, аьлла:

«Деца-Ненаца дика хилар - даккхий къиношах цӏанвалар ду.»

[ал-Адаб аш-Шарӏийа; ибн Муфлихьа]

11 months, 3 weeks ago

Аллахlан Элчано (ﷺ) аьлла:

«Баккъалла а, АллахӀана уггаре гергабериш хьалха салам луш бериш бу».

قال رسول الله ﷺ «إنَّ أوْلى النّاسِ باللهِ من بدأهم بالسَّلامِ».

Абу Дауд, 5197.

11 months, 4 weeks ago

Аллахlан Элчано (ﷺ) аьлла:

«Сийлахь волчу АллахӀана уггаре дукха йезаш йолу Ӏамалш, даиманна йеш йерг йу, и кӀеззига бен йацахь а».

قال رسول الله ﷺ
«أَحَبُّ الأَعْمَالِ إِلَى اللَّهِ تَعَالَى أَدْوَمُهَا وَإِنْ قَلَّ».

Муслим, 783.

11 months, 4 weeks ago

t.me/busalbavaxarxo - нохчийн маттахь динах лаьцна дуьйцу хьоста.

11 months, 4 weeks ago
Умм Салаьмас, Дела реза хуьлда цунна …

Умм Салаьмас, Дела реза хуьлда цунна элира, Делан Элчано ﷺ кест-кеста Аллахӏе доьхуш иштта доӏа дора, аьлла:

«Хӏай дегнаш хуьйцуш Верг, сан дог Хьайн дин тӏехь чӏагӏдехьа.»

11 months, 4 weeks ago

Абу Тlолхьа бин lубайдуЛлахl (Аллахl реза хуьлда цунна) —
Пайхамара صلى الله عليه وسلم Йалсаманца кхаъ баьккхин волу сахьаб ву.

Абу Тlолхьа бин lубайдуЛлахl — ухьуд гlазотехь чlогlа къаьсттина дакъа лаьцна ву, Пайхамар ﷺ тlаьххьалца ларвинаг ву, мушрикийн эскар охьа аьттарг ву, шортта чоьвнаш хиллера Абу Тlолхьатийн цу гlазотехь. Аллахl реза хуьлда цунна.

We recommend to visit

🖤 ️ Eng ѕo'ngι хιт мυѕιclar olaмιga хυѕн ĸelιвѕιz 🥀

Xaммaѕι oldιnda 😅 ѕaвr...❤️

𖤓 хιт мυѕιc 2022+
𖤓 мooмвaн мυѕιc
𖤓 rυѕѕιan мυѕιc
𖤓 вaѕѕ мυѕιc
𖤓 reмιх мυѕιc
🐺 @Odilovv_717 🇺🇿🩶

💰 Reklama @kakand_700

— Аллах Великий!

связь с админом - @byluhaidan_bot