🖤 ️ Eng ѕo'ngι хιт мυѕιclar olaмιga хυѕн ĸelιвѕιz 🥀
Xaммaѕι oldιnda 😅 ѕaвr...❤️
𖤓 хιт мυѕιc 2022+
𖤓 мooмвaн мυѕιc
𖤓 rυѕѕιan мυѕιc
𖤓 вaѕѕ мυѕιc
𖤓 reмιх мυѕιc
🐺 @Odilovv_717 🇺🇿🩶
💰 Reklama @kakand_700
— Аллах Великий!
Админ: @VDWlN0000
Кітап сату,сатып алу,айырбастау каналы: https://t.me/Kitapshop
Хайре амал - Благой нрав.
Хайр - Благо.
Aмал - Нрав.
АллахӀан Элчано ﷺ аьлла:
«ГӀурбана урс хьаькхна йолу хьайбанан цӀока йоьхкина волчунна, гӀурба хира дац».
قال رسول الله ﷺ
«مَنْ بَاعَ جِلْدَ أُضْحِيَّتِهِ فَلَا أُضْحِيَّةَ لَهُ».
Сахьихь ат-ТаргӀиб ват-ТархӀиб: 1088.
Ибн Таймис (АллахӀа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Адамо шена гечдар дехар тӀех коьрта ду, цо деш долчу массо доӀанел а».
ЖамиӀуль - Масаил: 6/277.
«Хьараман дозанашкахь а, рамадан баттахь а, зуль-хьижжат хьалхарчу итт дийнахь а къалатор, кхечу хенахь латорал а доккха лоруш ду.»
Ибн Бáз (رحمه الله)
Цхьана дийнахь Рабиl бин Хусаймана хьуьжаран бертехь бераш дайра доьлхуш, цо хаьттира цаьрга: «Хlун ду шу делхориг?» Цара элира: «Хlара Пlерискан де хьехархочунна тхайн тептарш дlагойту де ду тхан, цо тхайна еттарна кхоьру тхо.» Тlаккха Рабиl вилхира, цо элира: «Хlай са, хlун дер те ахь Аллахlана хьайн тептар дlагойтучу дийнахь?»
«Сияру аlлам ан-нубалаъ (257)»
Даггара болу безам хиллера иза..
Тамаша бора аса хьалха, Къуръан чуьра муьлхха а аят дlадешча, цунна тlаьхьадогlург а, цул хьалхарниг а деша хууш болу хьафизаш гича. Ма дика иэс делла царна олий вуьсура. Ткъа хlинца-м ца бо аса тамаша.
Дуккха-дукха эшарш дагахь хууш, беккъа мукъамца а муьлхха а зурма евзуш бу вайн нахах дуккха а. lуьйранна гlовтта а гlовтту, буса дlа а буьйшу уьш эшаршца! Шайн гlуллакхаш а эшаршца до цара! Церан интернет-агlонаш хьалаюьзна ю эшарех! Вовше дlайса а кхоьхьуьйту цара уьш! Иштта даггара дезаделларг ца хаа йиш а яцара!
Сих а, цlийх а йоьлла и эшарш царна, цундела дагахь а хаьа, шаьш кхетачу маттахь йоцурш а, цундела гуттар а метта тlехь хуьлу! Къуръанах цхьа а хlума ца хаьа, бисмал нийса деша а! Аллах|ан къамел - Къуръан дlа а тесна, шаьш боьхалле а, хlаллакьхиларе а кхойкхуш йолу эшаршца хьаладуьзна шайн дегнаш цхьаболчара!
Ма сийлалла ю-кх и безам Къуръане болчарна! Шайн денош а, буьйсанаш а Къуръанца доккхучарна! И lаморах а, цуьнца lамал ярх а шайн дахаран некъ биллиначарна! Дика иэс ца хиллера царна Къуръан сел дика довзаран бахьана,даггара болу безам хиллера!
lаишата (Аллахl реза хуьлда цунна) элира аьлла, дийцина:
«Пайхамар (Аллахlера салават а, салам а хуьлда цунна) дlакхелхиначултlаьхьа, Абу Бакара цунна тlевахана, шен бат цуьнан бlаьргашна тlе а йиллина, шен куьг цуьнан шина пхьарса тlе а диллина, элира:
«Эхl, сан Пайхамар! Эхl, сан хаьржина доттагlа! Эхl, сан деган доттагlа!»
Тирмизий.
Бlаьрса лардарца хьан кlелхьаравалар ду.
Базарахь хlумш юхкуш ву хьо, хьуна тlех йолуш, дlахьулйелла йоцуш хийра йоl ю.
Ларде хьайн бlаьрса!
Стенах вера ву хьо ахьа и лардахь? Ткъа и лар ца дахь хlун карора ду хьуна? Марзо-м дlа йера ю, ткъа буха юьсан йерг къинан къаьхьалла ю. Mассо a хlума гуш волчу Аллахlана lеса хьо муха хира ву? Хьан бlаьрса - Цуьнгара къинхетам бу хьуна бина, ткъа хьо бlаьрса лар ца дарца Цо бохучуна тlера вуьйлуш ву.
Доlа - иза Аллахlана деш долу lибадат ду. Бусалбачу стеган герз ду иза - бакъйолу Ялсамане ю иза!
Доlа - иза Аллахlе ахьа хьайна оьшарг дехар хилла ца lа. Цул совнах, доlанца цхьа ша кепара марзо, паргlато ю. «Хlай сан Дела» аларца куьйгаш хьалаойбу ахьа, хаало хьуна Сийлахь волчу Аллахlа хьайна жоп луш: «Хьуна хьалха ву Со, хlай сан лай!» олуш санна. Хьуна хаало, ахьа шега доьхуш хьалаайбина ши куьг деса вахьадахийта Аллахlана эхь хеташ хилар. Аллахlе доlа деш куьйгаш хьаладохуьйтуш хаало хьуна, pицкъ луш волу Паччахьо уьш хайраца дузуш.
Ткъа и яц Ялсамане, сан хьоме доттагla?
🖤 ️ Eng ѕo'ngι хιт мυѕιclar olaмιga хυѕн ĸelιвѕιz 🥀
Xaммaѕι oldιnda 😅 ѕaвr...❤️
𖤓 хιт мυѕιc 2022+
𖤓 мooмвaн мυѕιc
𖤓 rυѕѕιan мυѕιc
𖤓 вaѕѕ мυѕιc
𖤓 reмιх мυѕιc
🐺 @Odilovv_717 🇺🇿🩶
💰 Reklama @kakand_700
— Аллах Великий!
Админ: @VDWlN0000
Кітап сату,сатып алу,айырбастау каналы: https://t.me/Kitapshop