Infinite Entertainment, Zero Cost: Get Your Free Books, Music, and Videos Today!

Dishni

Description
💫ХIокху чуьра шайна луург схьаэца, аша уьш яржа мел йо а хаза хета вайна.

Дикадерг даржаде, ял хир ю хьуна инша́ АллахI
Advertising
We recommend to visit

По поводу рекламы писать : @jojbhd
Приходы : @jojbhd
Прайс/отзывы: @gchjbu

Last updated 1 month, 1 week ago

Информируем о скидках на лучшие шмотки в крупнейших интернет-магазинах

--
Кроссовки: @dealfinder
Для девушек: @womandeal
Предложка: @dlfndrbot
Уютный чат: @dealchat
Реклама: @letchikdima

Last updated 4 months ago

На канале вы найдёте вещи таких направлений как: авангард, стритвир, лакшери по самым выгодным ценам.
По поводу покупки @OhEmGeesale
Наш канал с женскими вещами: https://t.me/splashoutgirls
Отзывы: https://t.me/feedbackssplashoutguys

Last updated 1 month, 2 weeks ago

1 month ago
**سَوْفَ يَكُونُ لِكُلِّ مِنَّا صَبَاح لَنْ …

سَوْفَ يَكُونُ لِكُلِّ مِنَّا صَبَاح لَنْ نَرَاه

Вайх хӀоранне хир ма йу Ӏуьйре , вайна гур йоцу .https://t.me/so_Dishni

1 month, 1 week ago

Ассаламу Ӏалайкум варахьматуллахӀи ва баракатухӀ.

Вайн вешина Ӏабдус-Саламана тӀера гӀу яккхийта Ӏалашонца йолийна сбор ю вай. Дакъа лаца луучунна хӀара ю вайн картин лоьмар

Сбербанк - 2202206817827186 Билкис З.

Россельхозбанк- 6234461008993619
Аминат Р.

1 month, 2 weeks ago

Бакъ долуш ма сийлахь lамалшах ду-кха иlтикаф дар...

1 month, 2 weeks ago

Масала, оцу буса ахь ламазаш бен ца динехь, 83 шарахь 4 баттахь сов юкъара ца волуш буьйсанна ламазаш дича санна ял ю хьуна АллахIна гергахь, иштта Къуръан дешча, иштта Дела хьехийча, иштта доIа дича, иштта кхин муьлхха Iибадат дича а. ТIаккха ойла ехьа, мархийн баттахь хIора буса, 11 ракаIат бен ца дахь а, тахIажжуд деш, цхьа жуз бен ца дешахь а, Къуръан доьшуш, сом бен ца лахь а, сагIина хIума луш, цхьа дош аьлла бен ца дахь а, дений-нанний хазахетар деш, шина минотехь бен ца дахь а, доIа деш, цхьа бIе бен ца диллахь а, Пайхамарна (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) салават дуьллуш, цхьа бIе бен ца алахь а, «ла́ илахIа иллаллахI» олуш, цхьа бIе бен ца алахь а, «субхьа́наллахIи вабихьамдихIи» олуш, цхьа бIе бен ца алахь а, «астагIфируллахIа ва ату́бу илайхIи» олуш, цхьа бIе бен ца алахь а, «ла́ хьавла ва ла́ къуввата илла биллахI» олуш, иштта кхидIа а муьлхха кепара Дела хьехаварца, я кхин муьлхха кепара АллахIна Iибадат дарца, ерриге буьйса сема ца яккхахь а, вай хьаха ма-дарра, жим-жимма дина а бес-бесара Iибадат дарца мархийн баттахь хIора буьйсанна цхьа дакъа АллахIна ахь дIаделча, цул тIаьхьа мархийн бутт дIабаьлча цхьа а шеко йоцуш билггал хаьа-кх хьуна цу лайлатул-къадр буьйсанна Iибадат динчарна юккъахь хьуо нисвеллий, мархийн баттахь ерриге буьйсанаш ахь иштта дIаяьхьнехь ца нисвала йиш ма яций, царах цхьаъ хила езаш ма яй иза, ойла ехьа тIаккха, АллахIна гергахь мел Iибадат вовшахкхета хьан?! 83 шарахь 4 баттахь сов юкъара ца волуш хIора буса 11 ракаIат тахIажжудаш дича санна, 83 шарахь 4 баттахь сов юкъара ца волуш хIора буса цхьа жуз Къуръан дешча санна, 83 шарахь 4 баттахь сов юкъара ца волуш хIора буса сагIина сом делча санна, иштта кхидIа а, оццул долчу дозалле кхачархьама мархийн баттахь хIора буьйса, ерриге ца денъяхь а, вай ма-дийццара, жим-жимма дина а бес-бесара Iибадаташ деш хIора буьйсанах цхьа дакъа дIадала дуй тIаккха хала?! Хила йиш-м яц, даггара шен эхартана сагатдеш волчунна!

Мархийн баттахь билггал муьлхург ю лайлатул-къадр буьйса вайна ца довзийтаран хьикмат ду цу баттахь Iибадат дарехь алсам вайга къахьегийтархьама, иза муьлхург ю хууш хилча нийсса оцу цхьана буса Iибадат дарехь алсам къа а хьегна, кхидIа мало йийр яра Iибадатна. Ткъа билггал муьлхург ю хууш цахиларна дийна баттахь къахьоьгу Iибадатехь, царах муьлхха а хила тарлуш долун дела, амма тIаьххьара итт дийнахь кхин алсам къахьоьгу, цу итт дийнахь хилар кхин а герга долун дела, ибн Каси́ра а, (15) Ибн Хьажар Iаскъала́нис а (16) (АллахIа къинхетам бойла цушиннах) цунах дерг иштта билгал ма-дарра.

-Ткъа лайлатул-къадр буьйсанна дитташ охьадуьйшу, хиш дукъло, сема волчунна наб кхета бохуш, цу тайпа долу къамелаш дерриг шайн цхьа а бух боцуш къамелаш ду.

-Лайлатул-къадр буьйса маьркIаж-хенахь дIайолалой, Iуьйра ламазан хан хиллалц лаьтташ ю, вайна юкъахь дуьйцуш даьржина ма-хиллара сихха дIайолуш яц.

(11) Сурат: Къадр, аят: 1-5
(12) Айсарут-тафа́си́р, агIо: 3/722
(13) Тафси́р ибн Каси́р, агIо: 14/410
(14) Фатхьул-ба́рий, агIо: 5/464
(15) Тафси́р ибн Каси́р, агIо: 14/415
(16) Фатхьул-ба́рий, агIо: 5/463

Жайна «Марха кхабаран дозалла»

1 month, 2 weeks ago

Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
«Лайлатул-къадр къайлаха хиларх, Ӏарафат де билгал ду хьуна!
Лайлатул-къадр буьйсанна мaликаш охьадуьссу, ткъа Ӏарафат дийнахь АллахӀ вуссу!». Нийса дуй хӀара?

Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl!
Нийса къамел ду. Ӏеламнехан къовсам хилла, мархийн беттан тӀаьххьара итт де ду деза, я хӀара дӀадахана долу итт де ду аьлла. ТӀаккха цара аьлла: денош дийцахь хӀара дӀадахана итт де дезох ду, амма буьйсанаш йийцахь, мархийн беттан тӀаьххьара итт буьйса езох ю, хӀунда аьлча цу юккъехь лайлатул-къадр буьйса йолан дела. Ткъа цу буьйсанна Жабраил малик хьалха долуш, стиглара охьадуьссу уьш лаьтта тӀе. Ткъа Ӏарафат дийнахь АллахӀ вуссу дуьненан стигал тӀе.

https://t.me/Vragi_iblisa

3 months ago
«АллахӀе деха шен цхьа хьашт а …

«АллахӀе деха шен цхьа хьашт а долуш Ӏуьйкъанна вижина Ӏуьллуш волчух цецволу со.»

© Салафах цхьама аьлла ду

3 months, 1 week ago
***🔈*** Тахана уггаре вайна юккъехь лазаме …

🔈 Тахана уггаре вайна юккъехь лазаме долчух хьалхара дерг ду - такфир хьокъехь дерг. ХӀунда аьлча цу тӀехула шина вешех ши мостагӀ хуьлу, гергарлонаш духу, нах боькъу, вовше сий тӀе кхидар, цӀий тӀе кхийдар, даьхни тӀе кхийдар тӀе долу

Ткъа хӀун ду цу дерригенан хьокъехь нийса дерг? Хьенехара, минехара дуьйцурш дуккха а хезна вайна, Ӏилма долчуьнан а, доцчуьнан а бу цу хьокъехь шен хьежам, цундела и дерриг дитина, хӀинца цкъа Ӏилманга диллина, Ӏилмано цу хьокъехь хӀун боху хьовсий вай?! ХӀара агӀо я важа агӀо нийса ю аьлла цхьа агӀо лаца сиха ца луш, дегӀан лаамаш, хезнарш, элира-бахарш, моьттурш, и дерриге Ӏадда а дитина, Ӏилманга ла а дугӀуш хьовсий вай нийса дерг муьлхург ду?! Нагахь бакъо езаш вай делахь, шена ца дезарг, я шен хьежамца, я дегӀан лаамца ца догӀург нис ма-делла букъ тоха сиха ца луш, Ӏилманан цхьа жайна📕 юкъадиллина, цхьа жайна чекхдаллалц хьовсий вай Ӏилмано хӀун боху?! Цхьана жайне ладоьгӀнера аьлла галдовллал бен хьекъал доцуш ма дац вай! Нийса дерг, далилаца дерг схьаоьцур ду вай, ткъа и далилаца доцург Ӏаддадуьтур ду-кх вай, оццул вайна юккъера лазаме долчу такфирах дерг Ӏилманга диллина, цхьа жайна деша хан а,🕤 собар а лахий вай?!🤲

Цу хьокъехь дарсаш кху 👉 https://t.me/Takfirrr 🚀 чохь хир ду. КхидӀа дерг цу чохь билгалдийр ду.

3 months, 1 week ago
Dishni
3 months, 2 weeks ago

ХӀара дерриге къамел "Ӏадлан Харачо" Нанас дийцина ду

АллахӀа реза хуьлийла суна а, сан кӀантана а,диканиг мел олуш волчунна, сан Ойлаьъ ма ву иза, со цунна Египте тӀехьа яхана йолчу хенахь, шен компьютер хьалха набарна охьа оьхуш вара, дӀа хьоьжуш Ӏара со цунга нана ма яла хьан бохуш, еш наб йоцуш, ма чӀогӀа тӀе лаьцна-кх ахь хӀара Дела дин, АллахӀ дуьхьа де ахьа и Везана Дела, бохуш йоьлхуш Ӏара со цуьнга а хьоьжуш, и жайнаш кегош волуш, хиъна Ӏаш волуш наб кхетий цунна, тӀаккха оццул хаза кхетча набарах а муха воккхара ву бохуш цуьнга хьоьжуш Ӏаш, юха вуьжара варий те хӀара метта тӀе ваьлла дӀа аьлла элира аса цуьнга иштта
(шен кӀанте Ӏадлани бохуш ду хӀара цо)
- Вай Дала Ӏалаш ве хьо, цхьа жиммал дӀатаӀа наниниг, даӀийта хьай дегӀе са элира аса цуьнга.
(«На» олу цо соьхха)
Ткъа Ӏадланас иштта жоп делира-
вай "На" йиша ма яц сан дӏавижана Ӏа , эрана хан йайъа йиша ма яц сан, дукха хан ма йолу дӏавижана садоӀуш . Иштта Ӏаччехь кхетта йолу наб мерза ма хуьлу, иштта садаӀар а ма хуьлу сан .
Ткъа Ӏадланас юха элира боху иштта садаӀар хуьлу хьуна шена, иштта хӀумма а дац аьлла.
шена новкъа дарна кхоьруш вара боху и цуьнан нанас ша метта ваьлла дӏа ца вижарна.
Ткъа ша хӀумма дац, ахь наб йан лууш аьлла дара ша элира боху

Ма хаза гӀиллакх ду иза, ма хаза масала ду иза.

ТӀаккха юха а дуьйцу цо, иштта ше жайнаш тӀе теӀаш цу тӀехь болх беш волуш дара-кх цуьнан наб яра, иштта дин доггах тӀе лаьцна ду цо,АллахӀ ше дуьхьа дойла-кх Цуьнан иза.
Дӏавижана садоӀуш йолу цхьа сахьт хан а дукха хеташ вара-кх иза, цуьнан наб яра шен жайна доьшуш хиана Ӏаш хенахь кхеташ ерг йара-кх. Метта хьала ваьлла наб еш вацара иза, наб еш йолу хан эрна хеташ вара иза.

АллахӀан езаш хилла со, АллахӀа чӀогӀа доккха совгӀат дина суна, иштта доьзалхо валарца !

Ӏадлан Харачо Ненан дешнаш

We recommend to visit

По поводу рекламы писать : @jojbhd
Приходы : @jojbhd
Прайс/отзывы: @gchjbu

Last updated 1 month, 1 week ago

Информируем о скидках на лучшие шмотки в крупнейших интернет-магазинах

--
Кроссовки: @dealfinder
Для девушек: @womandeal
Предложка: @dlfndrbot
Уютный чат: @dealchat
Реклама: @letchikdima

Last updated 4 months ago

На канале вы найдёте вещи таких направлений как: авангард, стритвир, лакшери по самым выгодным ценам.
По поводу покупки @OhEmGeesale
Наш канал с женскими вещами: https://t.me/splashoutgirls
Отзывы: https://t.me/feedbackssplashoutguys

Last updated 1 month, 2 weeks ago