Unlock a World of Free Content: Books, Music, Videos & More Await!

Ламазаш а, суннаташ а

Description
Ламазан дарсаш иштта суннатехь деан долу до1анаш а.
https://t.me/lamazandarsash
Advertising
We recommend to visit

hammamizga insof bersin.
reklama: @qor_bot

#Iqror #OtalarSozi #Taqdirlar #UmrSoqmoqlari #BuniHayotDeydilar #HayotDavomEtar #Intizor #Alhazar

Last updated 1 month, 2 weeks ago

реклама - @praiadr1n
манаг - @godem0n / @FS01R

Last updated 4 months, 2 weeks ago

@pyanyasha

Last updated 2 months ago

2 weeks ago

❤️❤️❤️❤️❤️❤️❤️
❤️❤️❤️❤️❤️❤️❤️

🪴🪴

Ассаламу Ӏалайкум варахьматуллахӀи ва баракатухӀ!

Къовсам бина вай, берашна юккъехь.
❤️ шара тӀе кхаччалц долу бераша дакъа лаца йиш хир ю.

Ткъа дан дезарг аьлча: ❤️

хӀора беро Къуръан чуьра шайна дагахь хуург дуьйцург ду. Къулх хуьлийла иза я кхидерг. Иштта царна юккъехь меттигаш яьхначарна совгӀаташ а хир ду вайгара чӀогӀа хаза.

Берийн харжамаш царна ехкина лайкац дукхаллин хьаьжна хоржура ду

Берийн видеош хӀокху бот чу схьа яита, цӀе яз еш , масса шо ду яз еш.
Дуьйцуш долу суран цӀе яз еш
@jaynaash_bot

3 weeks ago
Ламазаш а, суннаташ а
1 month ago
Ламазаш а, суннаташ а
2 months, 2 weeks ago

28-гlа хаттар: Ният дагахь дан деза бохург, ша деш долу ният маттаца схьа а ца олуш, дагахь ала деза бохург дуй?

Жоп: Дац. Хьайна дагадаийта деза бохург ду, хьо хlун дан гlерташ ву. Масала: ламазе хlуттучу хенахь, муьлха ламаз дан гlерташ ву дагадоуьйту ахь, хьайн дог-ойла ламаз до ас аьлла саца а йо ахь тlаккха «Аллахlу акбар» олий, хьайн ламаз дlадоьхку.

Нагахь хьо ламаз оьцуш велахь, хьо ламаз эца гlерташ вуйла дагадоуьйту ахь, хьайн дог-ойла ламаз оьцу ас аьлла саца а йо ахь, тlаккха «Бисмиллахl» олий, хьайн ламаз эца дlаволало.

Хьо марха кхаба гlерташ велахь, кхана марха кхобур ду ас аьлла хьайна дагадоуьйту ахь, хьайн дог-ойла кхана марха кхобур ду ас аьлла саца а йо ахь, иза хьан ният лоруш ду, иштта ду кхийолчу lамалшкахь а.

2 months, 3 weeks ago

💡АллахIа къинхетам бойла хьоьх аьлла Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) хьайна доIа динчарех хила лаьий хьуна?

Паи‌хамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

«АллахIа къинхетам бойла стагах, малхбуза-ламазал хьалхара диъ ракаIат ламаз динчух»

[Абу‌ Да‌ву‌д: 1271]

➡️Малхбуза ламазан хьалхара диъ ракаIат динчух аьлча лууш дерг ши бисмал, атхьиг доьшуш ши суннат ламаз дар ду.

2 months, 3 weeks ago

💡Ялсаманехь цӀа дезий хьуна?

АллахIан Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла:

«Дийнахь бусий шийтта (12) ракаIат (суннат) ламаз диначуьнна АллахIа ялсаманехь цIа дугIур ду».

[Муслим: 728]

➡️Iуьйра-ламазал хьалхара ши ракаIат.
➡️Делкъа-ламазал хьалхара диъ ракаIат, цунна тIаьхьара шиъ.
➡️МаьркIаж-ламазана тIаьхьара ши ракаIат.
➡️Пхьуьи‌ра-ламазана тIаьхьара ши ракаIат.

5 months ago

https://youtu.be/E-VppHRdGcE?si=ma_F-dud5heFMQsh

YouTube

Хаттар !Этхьаг доьшуш паьлг мух лат ба без.?

5 months, 1 week ago
-Пайхамар сужудехь волуш цуьнан йо1 к1ант …

-Пайхамар сужудехь волуш цуьнан йо1 к1ант цуьнан букъ т1е ваьлча, иза ша охьа воссалца сужудера хьала ца вохуш 1ир Пайхамар, сужудехь иза дукх т1ех дукха 1арна цец бевла асхьабаш хаьттир цу балхах лаьцна, Пайхамар жоп делир: и шен букъ т1ера к1ант д1аваккха ца лууш 1ир ша, иза ша охьа воссалц аьлла. Иштта оцуьнах вайна билгал долу ламазехь волуш беро хьо руку1ехь, я сужудехь сацича х1умма ца хилар, мелхо а ша ламазехь волуш шеца ловза т1е вог1уш волу шен йо1 к1ант цхьаммо сацича Пайхамар 1ад вита иза оли ишар яш хилла
https://t.me/lamazandarsash

5 months, 2 weeks ago
**lуьйр-ламазан таспихь дина ваьлча деш долу …

lуьйр-ламазан таспихь дина ваьлча деш долу доlа:

«أَشْهَدُ أَنْ لَا إِلَهَ إِلَّا اللهُ وَحْدَهُ لَا
شَرِيكَ لَهُ، لَهُ الْمُلْكُ إِلَهًا وَاحِدًا صَمَدًا، لَمْ يَتَّخِذْ صَاحِبَةً وَلَا وَلَدًا، وَلَمْ يَكُنْ لَهُ كُفُوًا أَحَدٌ».

"Ашхlаду ан ла илахlа иллаллохlу вахьдахlу ла шарийка лахl, лахlул-мулку Илахlан Вахьидан Сомада, лам йаттахиз сохьибатан вала валада, ва лам йакун лахlу куфуван ахьад".

Маьlна:

Ас тешалла до - Ша цхьаъ волу, Шеца накъост воцуш волу Аллахl воцург кхин дела цахиларца, Ша цхьаъ волу, массо хlума Шега хьаштдолуш, Ша цхьанна а хlумане хьаштвоцуш, дерриге паччахьалла Шена долуш волу Дела ву И, Цо цалаьцна Шена хlусамнана а, йа доьзал а (Цунна цахилла уьш), Цунна цахилла Шех тераниг цхьа а (Цунах тера хlумма дан а дац).

Цунна дозалла: 40 эзар дика.
https://t.me/lamazandarsash

5 months, 3 weeks ago

https://youtu.be/FsfFwBrUVpU?si=ud9vzBHVKWgMvPGu

YouTube

как правильно делать намаз (на чеченском)

We recommend to visit

hammamizga insof bersin.
reklama: @qor_bot

#Iqror #OtalarSozi #Taqdirlar #UmrSoqmoqlari #BuniHayotDeydilar #HayotDavomEtar #Intizor #Alhazar

Last updated 1 month, 2 weeks ago

реклама - @praiadr1n
манаг - @godem0n / @FS01R

Last updated 4 months, 2 weeks ago

@pyanyasha

Last updated 2 months ago