Бусалба нах

Description
⏯️ Видео-хьехамаш

Вай инстаграм чохь а ду ↘️
https://instagram.com/busalba_nah
Advertising
We recommend to visit

Админ - @Gals1

Last updated 7 months, 2 weeks ago

Байки, анекдоты, мемы

админ - @BellaTaste

Last updated 2 months, 3 weeks ago

Админы
@DmitrySed @Adm_ps @Alexa9613

Last updated 1 year, 2 months ago

1 week ago
2 weeks, 4 days ago

Сайна дика хеташ йолу, ас йоьшуш а, пайда оьцуш а йолу каналаш йовзийтий шуна 🔥

https://t.me/addlist/w5d7fN9Gcv8xMzBi

👆хlара тlетаlийча массарна цхьаьна тlеяздалалур ду шу

1 month, 4 weeks ago

кху телеграм чохь вайн маттахь эшарш чухlиттош йолу агlонна тlеязделла 75 000 сов адам ду!

ткъа вайн матте дохуш, охьадохкуш долу сел пайдечу жайнашка ладугlуш чудаьлларг 200 сов адам ду!

я чубевлларш чу ца бевллачарел дикох а бац, шайна пайде агlо евзуш, нехан дахар а, эхарт а дикачу агlора хуьйцун болу болх баржа а ца беш lаш болу!

вевзург-везарг, цавевзург-цавезарг, вукхара санна, вай а чутакхош велхьара, 200 эзар вовшахтохалур бара вайга!

4 months, 2 weeks ago

Дала цхьана заманахь, цхьана махкахь эшамабойла бакъдерг олу къонахий!☝️

6 months ago

Вайна хӀун лаьий?
Вайн дуьненчура доккха зулам саца лаьа вайна. Дуьненахь массанхьа дин дӀа хӀоьттина, вайн тӀехь куьйгалла деш Ӏумар ибн ХаттӀаб (رضي الله عنه) хилийта лаьа вайна. Вайна лаьа шарӀан таӀзарш кхочуш деш га, вайна цхьа шаверг асхьабаш санна, йа маликаш санна хила, вайна юьртахьа мел волу мутаӀелам Имам Абу Хьанифа, Имам Малик, Имам Аш-ШафиӀий, Имам Ахьмад санна хила лаьа, юха царах хӀораммо бакъ дерг, не просто бакъдерг а именно хьуна хеташ долу "бакъдерг" цхьа "инзари бакъдерг" дуьйцуш хила лаьа. Хьуна ца хаьа бакъдерг хӀун ду, но хьо ютуб чохь видео хьаьжна Ӏакъидат йолуш ву хьо хӀинца, цундела хӀора дешна стаго ша уьттазза ахьа аьхьна, бӀозза кхарза кхаьрзина вуьйра велахь а бакъдерг дийца лаьа хьуна. Хьо дине ревность йолуш ма вуй, а уьш бац... "безвольные овощи". Хребет яц цера а, а хьо цхьа боьрша экмкал ю, шиъ хребет ю хьа. Вайна асхьабийн заманахь санна нах бахийта лаьа, царна юкъахь делахь а, цара говраш, эмкалш, варраш хохкучахь вай S класс тӀаьххьара яьлла мерседяс хохкуш, кхин тӀе AMG. Мел яр иза 5,6,7 объем йолуш...
Вайн шаверг нисвала лаьа, ЦӀ-цӀ-цӀ, ма ца лало-кх вайга хӀара зулам!!!
Ва вай дегнаш! БӀозза инфаркт, 500 раз инсульт хилла те вайна кху динан сагаттадина??? Ма ца кхоа до-кх вай ваьш! ХӀунда кхоош дара? вайна даьӏахкех динан сийлалле хьала волуш болу ламиш хуьлийла-кх!!! Динан бешахь зезагаш, дитташ хьала довлийта вайн цӀий дӀа худийла оц латтано!!!
Оьшуш дац кхоо!
Но вай лаза ца деш хила беза и ламеш, вай лаза ца деш кхиа еза и беш а! Вайн цхьанхьа Ӏашшехь и ламеш цхьама бахь, и беш цхьама кхиа яхь кхин а хаза хир ду.
Вайн и лаар, и вайга далур дацахь а, лаар вайна иза, вайн дешнаш... аьлчаъ дегнаш даккхий ма дуй.
Амма вайга далур долуш цхьа хӀуманаш дар, уьш ца лаьа вайна. Вайна ца лаьа хӀора ша нисвала, вайна ца лаьа паргӀат ламаз да, ведда воьдушехь а ца деш, паргӀат. Вайна ца лаьа суннат ламазаш дан, вайн ца лаьа духьа дан, вайна ца лаьа суннат марха кхаба, вайн дарста лаьа, вайна яахӀума юуш аз дала лаьа, вайн шортта наб я лаьа, вайн ден-нанна дика кӀентий хила ца лаьа, базарара деза тӀоьрмагаш дахьаш, йа ца луш йогӀуш йолу нанна дуьхьала даха ца лаьа вайна иномарка хаьхкан. Вайна хаза дош ала ца лаьа, вайн доьзалшна дола дан ца лаьа. Оц зударшна тӀехь латтош долу зулам сацо ца лаьа и зуламаш деш волу "къОНАХЧУН". Цуна хӀора пхеъ шарахь керла зуда еза. Къаьстана цу зудчунна цӀахь тӀе хӀотта стаг вацахь тӀаккха шен ницкъ гойту цО. Вешина, йишина ваша хила, берана да хила, дена-нанна кӀант хила а, волчунна гергара, накъост хила а ца лаьа вайна. Вайна цхьа елла хӀуманаш хила лаьа, вайл хьалхара цхьаъ лелаш. Вайн накъосташна накъост хила ца лаьа, массара хьо лело веза аьлла хета. Ур-атталла хаза дош аьлла, йа вела къежна а цу накъосташна беш там а боцуш.
Йа дена-нанна, йа гергарачарна, йа берана, йа зудчунна, йа йишина -вешина , йа лулахочунна, йа накъостана доцуш, цхьа елла хӀуманаш хила лаьа вайн.
Къан белча и бӀаьрса ларда ца лаьа вайна. Цхьа жимма оьгӏазло дӀа яьккхина, цхьа жимма дегӀан лаам юха оьзна, цхьа жимма хаза дош аьлла, цхьа жимма вела къежна, цхьа жимма хьайга къамел дечуьнга ла доьхна, цхьа жима бала кхаьчна, цхьа жимма къинхетам хилла цхьа хӀума ца лаьа вайна. Хила мукъа хӀун хуьлуш ду те вайна? Цхьа хӀума ду, хьо ца хуьлий, хьо хилла ма везза стаг ца хуьлий, ахьа хьайн дегӀан лаам, хьайгахь долу хьайбаналла югӀа ца узий иза хьан доьзална, хьан гергарчарна, лулахь, юртахь бали долу. Ма далийта хьайх зулам! Цхьа а хӀума дуьсур ма дац, хьо лийра ма вац хьо ма хиллара хьайца цхьаъ хиллалц!
АллахӀах кхера!
АллахӀах кхера!
АллахӀах кхера!

6 months ago

хьо мила ву?))

We recommend to visit

Админ - @Gals1

Last updated 7 months, 2 weeks ago

Байки, анекдоты, мемы

админ - @BellaTaste

Last updated 2 months, 3 weeks ago

Админы
@DmitrySed @Adm_ps @Alexa9613

Last updated 1 year, 2 months ago