Infinite Entertainment, Zero Cost: Get Your Free Books, Music, and Videos Today!

Сийлахьа Синош

Description
lилманан дайн лерамбар
Advertising
We recommend to visit

ККК ( Карманный калькулятор каллорий)



Менеджер канала : @nikadormanager

Last updated 1 month, 1 week ago

Реклама бериш учун 👇🏻

@Massaj_Reklama_Admini

Last updated 2 months, 4 weeks ago

Реклама бериш учун 👇🏻

@Massaj_Reklama_Admini

Last updated 2 months, 4 weeks ago

3 weeks, 2 days ago

☀️ Бусалбнах хьекъал долуш хилар, моссу lилмангахь кхиамашбеш хилар чlогlа коьрта ду.

☀️ Доьххьара лоьрийн lилма lарбойн маттахь бен хьоьхуш а ца хилла.

☀️ Лоьрийн lилма lамадан луучо lарбойн мотт lамо безаш хилла, тахана английн мотта lамабарах терра.

☀️ Лоьрийн 1илман а, иштта кхин а дукха lилманан дайш бусалбнах бу, керстнаха бусалбнахера схьаэцна а ду.

*© Адлан Харачо*
@Adlan_haracho

Бухарийн жайни чура хьадисаш доьшучу 9гlа дарсехь: 2.05.20 шо

https://tlgg.ru/siylaha_sinosh

3 weeks, 2 days ago

-Ша lилма а эцна цlа воьрзуш шайх Мухьаммад Хьассана, Аллахlа lалашвойла иза, аьлла шайх lусаймине:
"Цхьа хьехар дехьа суна".

-Шайх lусаймина, Аллахlа къинхетам бойла цунах, элира:
"Айхьа дуьйцург наха т1е ца лаьцна аьлла, нахах даlватан мостагlий ма белахь"!
Дийцина: Адлана
@adlan_haracho

Бухарийн жайничура хьадисаш доьшучу 4гlа дарсехь: 26.04.20 шо

https://tlgg.ru/siylaha_sinosh

3 weeks, 5 days ago

Смотри... и руки показал,
на них израненный врагами,
отец мой в муках умирал.
Потом три брата, все в сражениях,
потом и сын погиб в бою.
Я камнем стал и без сомнения,
перенесу и смерть твою".

Теперь иди, без лишней спешки,
как Волк иди, а не шакал,
не дай им повод для насмешки,
как прежде тоже не давал.

Ума Дуев своему сыну, перед казнью.

1 month ago
Сийлахьа Синош
1 month ago

Аллахlа сий айдиначуьнан сий дайъан цхьа а вац, ткъа Аллахlа сийсаз виначуьнан сий айдан а цхьа а вац.

1 month ago

Вай Шайхан чохь 1амош а, хьоьхуш а йолу Лайла. Ч1ог1а дика хьехархо ю, цуллаъ дикнарг атта карор а яц шун, ткъа ша шайх хьоьхуш вац цкъачунна❤‍🩹

1 month ago

Къинхетамечу а, Къинхетамбечу а АллахIан цIарца дӀаболабо вай хӀара болх!

Хастам бу Iаламийн Дела волчу АллахIана. Делера къинхетам а, маршо а хуьйла элчанийн элана Мухьаммадна.

АллахIе доьху ас вайн дахар иманехь нисдар а, цу тIехь вайн Iожалла йар а.

Ассаламу Ӏалайкум варахьматуллахӀи ва баракатухӀ, лераме вежарий, йижарий! Суна сайн хьоме, лераме Шайх Ӏадлан вовзийта луур дара шуна, вай къомах волу, вай ваша волу, нийсачу Ӏакъийдатехь волу Ӏеламнахера Ӏилма эцна а волу.

Шайх Ӏадлан Нурдин кӀант. «Ӏадлан Харачо», «Усайлан», «Аслан» оцу цӀерашца а вевза иза. Тайпана харачо ву, шен 17 шо хан йолуш Ӏилма эца араваьлла ву, шен некъ хӀинца а Ӏад битина а боцуш, къахьоьгуш а ву тахана а Ӏилманан новкъахь.
Мисрехь Ӏилма эцна ву, цигарчу Ӏеламнахера: Шайх Мухьаммад Хьассанера, Шайх Вахьид Ӏабдус-Салам Балера, Шайх МустӀафа Ӏадавера, Шайх Абу Исхьакъ Хьувайнера, Шайх Хьусайн ЯӀкъубера, Шайх ИсмаӀил Мукъаддимера, Шайх Ахьмад Фаридера, иштта уьш боцчаргара а.
Муьлххачу а цхьана стагера хьал хьо довза лууш хилча, цуьнан некъе хьожу хьо, иштта дикачу наха цунна дечу тешалле а. Ткъа вайн заманахь, Ӏеламнаха шен тешалла дарал а сийлахь хӀун хир ду? Шен цӀарца и стаг Ӏеламнахана вовза а вевзаш, цара шайга хаьттича цунна тешалла деш, и стаг нахе вийца а, цуьнга ладогӀа мегар ду ала а уьш хӀуьттуш хилча, оцу стеган мах гойту-кх вайна. АллахӀа цуьнан дина сий а.
Ткъа вайна доккха дозалла ду-кх, вайн къомах волу, вайн вешин иштта мах Ӏеламнаха хадор. Цуьнгара Ӏилма эца, пайда эца вайна некъ маьрша болу-кх, къаьсттина кху заманахь, массо кепара йолу тобанаш йаьржина, массо кепара нийса боцу кхетамаш болу нах баьржина, хьехамаш до шаьш бохуш, нах тиларчу буьгуш, нехан кхетамаш галбохуш, хьанах теша веза йа хьаьнга ладогӀа деза ца кхеташ нах хьеребина, царах массо  ша-ша уггаре чӀогӀа стаг ву, инзаре Ӏилма долуш ду шаьш бохуш болу нах баьржина зама йу хӀара.
Стеган ша дуьйцуш долучуьн бало бух хила безаш бу, ахь хьой чӀогӀа ву, дика ву бахарх кхачо йац. Ахь Мисрехь йа СаӀудехь шераш даьхна бахар иза бух бац, цигахь вижина Ӏуьллуш доху шераш, шен болх беш доху, садоӀуш доху, йухкуш-оьцуш базар лелош доху и шераш. Цул сов оцу мехкашкахь хьо хиларх а бац пайда, хьо гӀодайукъ йихкина, дегӀан лаамаш охьатаӀийна, Аллахӏан дуьхьа хало, гӀайгӀа-бала, мацалла, шело, къоьлла и шадерг ла‌н а ловш хьо Ӏилма Ӏамош вацахь нагахь санна. Деккъа цигахь шераш дахарх коьртачу дуттуш дац Ӏилма, иза Ӏамо дезаш ду, хӀора денна шайтӀа эша а деш, хало ловш.
Ӏамо ма-дезза Ӏилма Ӏамийначунна, Ӏеламнахера Ӏилма схьаэцначунна эвхьаза бало бух хуьлу, бийца шайхаш хуьлу, шена цара тешалла дийр долуш, ша царна вовза а вевзаш. Аллахӏа Ӏилмангахь совдохийла вай массо, Аллахӏа вай Ӏилма Ӏамо арабевлла массо вежаршна гӀо дойла, церан аьтто бойла, уьш Ӏалаш а бойла, вайн къомана, дийнна умматна Аллахӏа беркате бойла уьш, Ӏилма Ӏамо аравала а лууш, йиш йоцуш Ӏаьш волчунна АллахӀа аьтто нисбойла, Ӏилманан новкъа а воккхийла, цу тӀехь аьтто а, беркат а дойла.
Иштта, кху интернетан агӀонашкахула шега балуш болу пайда беш, дика дерг даржош, вониг ма де олуш, бакъон тӀехь берш бовзуьйтуш, динан шега балуш болу пайда, гӀо а мел деш волчунна Аллахӏа сий дойла, АллахӀа къинхетам а бойла. АллахӀа массо дика болх беш волчунна а беркат дойла цу балхах, ша арабаьккхинчу некъах. Сийлахь-Везачу АллахӀа вайн массеран ниййаташ цӀандойла, нийсачу новкъа тӀехь чӀагӀ а дойла вай.

https://t.me/adlan_heham
https://vk.com/yalsaman

📚 ХЬЕХАМАШ ❗️

Хьайн дахарехь цхьан хьехаме мукъан айхьа ладугӀург хилча, хӀокхарех муьлххачу а цхьаьнга ладогӀахьара ахь сан хьоме а, лераме а, сан ваша, сан йиша!
КхиндӀа хьайна хаа ца хууш массаьрга а ладоьгӀна ваьлла карора ву хьуна хьой. ⤵️

ШАЙХ ӀАДЛАН ХАРАЧО 🎙

1 month, 1 week ago

Такъоббалаллох1у минна ва минкум🤍🤍🤍
Дала къобал дойла шун мархнаш а, моссу 1амал а🤍🤍🤍 Аллах1 реза хилчарех дойла шу🤍🤍🤍🤍🤍🤍

Дала декъал дойла шууу🤍🤍🤍🤍🤍🤍🤍🤍🤍🤍🤍🤍🤍🤍🤍🤍

1 month, 1 week ago

Амма хlоранна а ю-кх шен юрт къаьсттина хаза а, хьоме а...

1 month, 1 week ago

💔💔💔😭

We recommend to visit

ККК ( Карманный калькулятор каллорий)



Менеджер канала : @nikadormanager

Last updated 1 month, 1 week ago

Реклама бериш учун 👇🏻

@Massaj_Reklama_Admini

Last updated 2 months, 4 weeks ago

Реклама бериш учун 👇🏻

@Massaj_Reklama_Admini

Last updated 2 months, 4 weeks ago