Why Pay for Entertainment? Access Thousands of Free Downloads Now!

Дех-Ненах байташ

Description
Advertising
We recommend to visit

❤️‍🔥 Eng sara yangi trend qoʻshiqlarni siz uchun taqdim etamiz 🎶

❤️‍🔥 Barcha qoʻshiqlar original va pechatsiz holatda 🎶

Reklama uchun: @T1MoTel_23

Last updated 1 month, 3 weeks ago

Для рекламы 👉 @Reklama_admini_massaj

❗Реклама бершда етиборли бўлинг Номер Расм Масаж турларн ту‌ғр бернг

❗Begonalarga 1ch tulov qilmang

❗Sog'lgz ozzga muhm bulsa sfatli VA toza masaj olng

❗МАССАЖ СПА ЛАРИ ФАҚАТ ТОШКЕНТ ШАХАРДА

Last updated 3 weeks, 6 days ago

3 months, 3 weeks ago

2️⃣3️⃣

АС НЕНЕ ОЛУРА

Хийла а йуьртара со араволуш,
Олура ас нена: «Хьелур вац, нана.
Ма сеца урамехь, кех арайолуш,
Тахана ца варах, вогlур ву кхана».

Сагатлуш хан йахар, хала ду дагна,
Хала ду, генарчу некъа сан валар.
Хьо йеха, сагатлуш, сихха ган хьаьгна,
Йехийла суна хьо диккачу ханна.

Хьан деган йовхоно ларво со, нана,
Маьрша цlа валаво кхоьллинчу Дала.
Могуш хьо йехийла даима суна,
Эшахь, сайн дог а дlа ас лур ду хьуна!

Рашидов Шаид.

4 months, 2 weeks ago

2️⃣2️⃣

КЪЕЖБЕЛЛА НАНОЙ

Дегнаш делахь а къона,
Хеназа къежбелла наной.
Мел дукха лайна аш вонаш,
Кlезиг бен бисна бац къаной.

Муха шу лардийр ду оха?
Деза-те сагатлуш даха?
Буьйсанаш ойлайеш йоху,
Шух къастахь — тишлур ду дахар.

Iамадеш гlиллакхаш къоман,
Хьарамчу рицкъанах лардеш,
Даьхна тхо, доьзалш шайн, тlома,
Ийманехь мел дерг а марздеш.

Сагатлуш къежделла хlинца,
Цхьаболчийн карош бац кlентий.
Эгна уьш, лардеш вай цlийца,
Берза а ца туьгуш цlен тlе.

Дегнаш мел делахь а къона,
Сахьийзаш къежбелла наной.
Лайна бу дерриге вонаш,
Кlезиг бен бисна бац къаной.

Рашидов Шаид

4 months, 3 weeks ago

2️⃣1️⃣

Хир бац-те кхаъ

Куьг лаьцна lамийра дуьххьара ког баккха нанас,
Аьхначу озаца марзбира сан къоман мотт.
Хеставар, хьестар а дош доций довзуьйтуш дадас,
Со гайта гlертачу «хьуьнарийн» — ца йора чот.

Эвхьаза ца ваккхарх, йацара йеш суна гlело,
И дара довзийтар lадатийн бух-кlорга lин.
Ден-ненан дегнашца ца хуьлу доьзалшка шело…
Хlун хир ду цу шиннал сийлахьниг дуьненахь кхин?!

Хlусамехь барт-марзо латториг йу хьоме нана,
Нана дlакхелхича херлуш йу марзонийн йукъ.
Доьзална дахаре тlай туьллург – лераме дада…
Деха дlакъаьстича дукъ дазлой сетташ бу букъ.

Дахарехь кхин хила йиш йоцурш и шиъ ду вайна,
Церан сий вай динехь йоьллу бах Фирдовсан неl,
Сан деган тептар схьадаьстича, хьежамаш тайна,
Хир бац-те да-нана лийринчех ву аьлла кхаъ.

17.12.2023 шо Казбек Янсуков.

4 months, 3 weeks ago

2️⃣0️⃣

ДЕНА

Хьан нуьцкъала хилла когаш,
Текхаш долчу берех тарбеш,
Хьан зоьртала хилла куьйгаш,
Цхьа кIедачу серех тардеш,

И сингаттам олу кема,
Хьан гIовланга охьадоссош,
Хьан ойланийн сирла тlемаш,
ДIо-о шаломах тера гIорош,

Хьан бIаьргех цхьа кIеззиг хердеш,
Боьлкъазарна дезна бIаьрса,
Хьан лергех цхьа кIеззиг хердеш,
Цу лаьхьана дезна лерса,

И хьан дегацIийнан кораш
Дохадарца, хьоькхуш мох шен,
И кIайн духар долу лоьраш
Бохабарца, гойтуш йуьхь шен,

Сан са ойъуш хилла велар,
Хуьйцуш цу хьан йуьхьа тlера,
Цу цамгаро йуьтуш шен лар,
Беара хьан синна кхерам...

Цхьа цIеххьана хьан месаша,
Дама санна басар ийци.
ЦIе кхобучу цу несарша
Санна, боьхкуш ахь мотт хийци.

Хьайн синтеман пеша чуьра,
ДIайайна цIе лато гIерташ,
ДоIанаш тIехь, бIаьргех дуьра
Хиш Iена хьан, сецо гIертарх…

Мел хан йаьлла цу некъашна,
И хьан когийн лараш ганза?
Мел хан йаьлла цу белхашна,
ГIуллакх деш хьан куьйгаш ганза?

Ткъа тахана, хьайн ма-хуьллу,
Дагалуьйцуш ирсе хенаш,
Да хьо, кIайчу меттахь Iуьллу,
Хьуо товелла гарца гIенаш…

Цхьа дитт ду хьан могашаллин,
Денна цхьацца гlа луш дакъа.
Ма ца лаьа, комаьршаллин
Хьан дега-хи, цкъа а лакъа.

МИНЦАЕВ lАЛЬВИ 26.12.2022 шо

4 months, 3 weeks ago

1️⃣9️⃣

ДЕН БЕЗАМ

Ден безам, ден гIиллакх чIагIдина даг чохь,
Вай Далла хастамбеш кхиъна ву хьо.
Хьекъал а, кхетам а къизаллал тоьлча,
Ийманца чIагIби ахь вошаллин гуо.

Хьоьца бу Нохчийчоьн йахь йолу кIентий,
Лардеш вай къоман паргIато, сий.
Дайн гIиллакхаш, Iадаташ йуха карладохуш,
Майралла, оьздалла гайти ахь хийла.

Кхуьушехь кхиайо аьрзуно кIорнеш,
Бохь лекхчу лаьмнийн сий, пусар дан.
Даймехкан мостагIий бакъонца къарбеш,
Машаран гIаролехь йоьду хьан хан.

Мокхазан лам санна чIогIа ду собар,
Дуьненан шахьаршкахь вевзина хьо.
Дас бина Сийлахь некъ ахь бина къобал –
Турпалчу цу некъан баьчча ву хьо!

Сейлмуханов Муса

4 months, 3 weeks ago

1️⃣8️⃣

Ненах дегалецамаш

Суна дагайогlу хlетахьлера зама,
Хила кийча воцуш дахарехь сайн lама.
Со сахиллалц воьлхуш, йуьжуш йоцуш Нана,
Хlинца-м йоьду зама, йéли гена пана.

Суна-м дагайогӀу lаьнан буьрса шело,
Цу шелонехь хьийзаш, Нана хиларх гlело.
Лелачу цу кхаш тlехь хьацарх гуш и йешна,
Хийла йоллуш Нана, со, бер, шен ги тесна.

Аганахь со вижош узам балош гlийла,
Хlетахь лелларш дуьйцуш, вуора цо-м со виела.
Бисмал деша lамош, кхетам суна белла,
Со бахьнехь къахьоьгуш мел дукха и лелла.

Нанас хlотто кхача даим хуьлу мерза,
Шена эшам беш бен, нисдеш йац и терза.
Шен lожалла хьайчул лууш татта хьалха,
Кхоьхьуш йеха Нана баланан шен пхьалгlа.

Къизалла тlеоьций, хьуна ирс цо лоьху,
хьо воьхуш цу Деле, шен къинхетам оьхьу.
Ненах дуьйцуш йаздан тоьар дац сан йоза,
Хlоранна и йаха, декъала, могуш, гlоза!

Сайхан Исраилов

4 months, 3 weeks ago

1️⃣7️⃣

НАНА

Уггар а дезачу совгIатал йезаниг,
Муьлхха а хазачу хIуманал хазаниг,
Къаьсттина дикачу адамал диканиг,
Иза хьо йу, Нана, массарел хьомениг.

Ас бала балхийча, сан даге хьо кхочу,
Хьох гена валаро хоттаво со холчу.
Хьайн хьехарш тIечIагIдеш улле а йолий,
Мерза мотт бийцарца дагна йо гIоли.

Доьзал ахь кхиабеш, халонаш лайна,
КIадйаларх, къар ца луш, йу-кха хьо тайна.
Хьан хаза йуьхь-сибат кхоьлина хилча,
Хетало вайн дуьне мелла а ирча.

Хьан лаам кхочушбан некъаш ас лоьху,
Нана, хьо Iалашйар Деле ас доьху.
Девллачу гIалатех вас хиллехь хьайна,
КъинтIера йалахьа, ас доьху, Нана!

Вахабов Мухьаммад-Эми А.
10.08.2021 шо.

4 months, 3 weeks ago

1️⃣6️⃣

Йоккхастаг

Цул гIийла хIума дацара.
КетIахь иза хиъна Iачу
тIулгал шийла
ХIума дацара.
Цуьнан куьйган тIедийлинчу
пхенел сийна
хIума дацара.
Попан, ножан тIедийлинчу
орамел уьш
бIаьрла дара.
Цул цхьалха хIума дацара.
Стигла кхевдда тхов болушшехь,
говраш хахкал керт йолушшехь,
цул къиэн а
хIума дацара.
Вуонах ведда воI а вахна,
бухайисна, –
бахарх наха…
тIаьхьайисна йара нана…
Цул тIаьхьадисна
хIума дацара!

Абдулаев Леча.

4 months, 3 weeks ago

1️⃣5️⃣

ГЕЧДЕЛАХЬ, НАНА..

Сан нана, хьо стенна ойлане йоьжна,
Кийра хьан богу-те гIалат сох доьжна?
Резайеш, со цIергахь вага ву кийча,
Дог а ду детталуш довхачу цIийца.

Амма го хеназа къежбелла корта,
Халонаш дахарехь лайна ахь шорта,
Нана, хьан дикалла кхачайац йийцарх,
Дешнашца ларавац безам хьоь бийца.

Хийла сох гIалатло йоьжна а хир йу,
БIаьргех хи даллал дог Iовжийна хир ду,
Делахь а, нана, сох къинхетам белахь,
Дийлинчу гIалатийн хьесап ма делахь.

Шаид Рашидов

4 months, 3 weeks ago

1️⃣4️⃣

Нана

шарбан кошан барз ца ийши,
ларбан къора некъ ца ийши,
Нана, Нана, гlайгlанаша
хьан дог-ойла къиза lийши...

малхал сирла, баттал къоьжа,
Деле кхойкху йекъа коьжалг...
Нана, Нана, дlасабаьржи
ахь сел хала кхаьбна доьзал...

хьан сагlа сан хехо хили,
хьан доlа сан дарба хили,
Нана, Нана, кху дуьненахь
хьан сингаттам сох ца тили.

гена валарх, герга варах,
хьан тхов кlелахь эрна арахь,
Нана, Нана, хьан бlаьрхиша
со ларви-кха эрна варах.

некъаш иэдеш эрна леларх,
декхарш иэдеш эрна веларх,
Нана, Нана, нагахь нислахь,
сан валар ахь къобалделахь.

Iуьйре йоло некъаш дац сан.
суьйре тейан хlусам йац сан.
Нана, Нана, хьо къинтlера
йаллалц, вижа лахьта дац сан.

Бисултанов Апти

We recommend to visit

❤️‍🔥 Eng sara yangi trend qoʻshiqlarni siz uchun taqdim etamiz 🎶

❤️‍🔥 Barcha qoʻshiqlar original va pechatsiz holatda 🎶

Reklama uchun: @T1MoTel_23

Last updated 1 month, 3 weeks ago

Для рекламы 👉 @Reklama_admini_massaj

❗Реклама бершда етиборли бўлинг Номер Расм Масаж турларн ту‌ғр бернг

❗Begonalarga 1ch tulov qilmang

❗Sog'lgz ozzga muhm bulsa sfatli VA toza masaj olng

❗МАССАЖ СПА ЛАРИ ФАҚАТ ТОШКЕНТ ШАХАРДА

Last updated 3 weeks, 6 days ago