ГIаларт

Description
Нохчийчохь вахарал деза ду суна - Нохчийчоь сайна чохь яхар
Advertising
We recommend to visit

Фонд гуманитарных инициатив "Орион"

https://orionfond.ru

[email protected]

Last updated 1 month, 1 week ago

☑️ Официальный информационный канал Заслуженного артиста Республики Татарстан
https://t.me/boost/firdustyamaev_official

? https://vk.com/beznen_tyamay
? https://instagram.com/firdustyamaev_official
? https://youtube.com/@BeznenTyamay

Last updated 2 months ago

«И даже лист падает только с Его

ведома.» (6:59)?

@dinachkaaaa

Last updated 2 months ago

2 weeks, 6 days ago
2 weeks, 6 days ago
3 weeks, 3 days ago

🔔 У тебя новое сообщение!

«Предельное мерило ценности человека — не то, как он ведет себя в часы уюта и удобства, а то, как он держится во времена борьбы и противоречий».
– Мартин Лютер Кинг
-----
«Стеган лаккхар мах хадоран барам, синтем а, аьтто а болчу хенахь цуо ша гайтарца бац, амма къийсамехь а, къовсамехь а цо ша муха гойту хьаьжжина бу».
– Мартин Лютер Кинг .

3 weeks, 3 days ago
3 months, 3 weeks ago

Каналах нохчийн маттахь х1ун олу аьлла хоьттуш бара тикток чохь, ас «телеграм канал» аьлча.

Суна «хьоста» аьлла йаздеш гина, амма иза «источник» боху маь1нехь лелош дош ду, каналах и алари новкъа-м дац, делахь а… Канал алар а дац кхин башха галдаьлла х1ума.

Ас оцу видео т1ехь «ссылка» а элира, вайн маттахь цунах «хьажорг» олу, массарна девзуш хир дац-кх иза аьлла «ссылка» аьлла дитира.

4 months ago

Десачу гуьйна тIе меца пхьуй санна,
КIецаш еш, хьан кIентий гуллучу дийнахь,
Сан илли дIадоьду, гила-борз санна,
Акхачу хьаннашкахь лазамна угIа.
Нохчийчоь, хьо йоцуш хилча,
Со мича гIур вара, мича?!
Карраш зен гIевттинчу майданийн койша
Узтазаш неIалтах багочу дийнахь,
Сан илли дIадоьду, сира сай санна,
Тарханийн назмане ладоьгIуш латта.
Нохчийчоь, хьо йоцуш хилча,
Со мича гIур вара, мича?!
Курхалчаш, гIазотан байракхаш ловзош,
Къомах кхаж тарбелла хьийзачу дийнахь,
Сан илли дIадоьду, IиндагIа санна,
Еллачу ярташкахь хьан серло леха.
Нохчийчоь, хьо йоцуш хилча,
Со мича гIур вара, мича?!
Кхоаме, тишачу барзакъе санна,
Халкъ шен лайн амалшка хьоьжучу дийнахь,
Сан илли дIадоьду, къена мурд санна,
Бицбинчу бIан новкъахь гIароллехь латта.
Нохчийчоь, хьо йоцуш хилча,
Со мича гIур вара, мича?!
Хьо йохка Iеминчу къуйн стешха кIезий
Баьччанийн ловзарех ловзучу дийнахь,
Сан илли дIадоьду, аьрзуно санна,
Хьан некъийн хIора сиз бIаьрсица къийла.
Нохчийчоь, хьо йоцуш хилча,
Со мича гIур вара, мича?!..

4 months ago

Хаа гIертар, Iилманна чуволар - вуно мах болуш амал ю адаман. Тоъал, я гIеххьачул хаарш а гулдина, уьш нахана довзийтар Къурано а даздо.

Вайн нахалахь сов дукха баьржина "хьехархой", "баккхий хаархой", къаьсттина нохчийн филологехь. Беламениг ду, цара цхьа дош, я дешнаш схьа а оьций, оьрсийн маттахь уьш легор, тидар, дуьне кхолладаларца, кхиарца дозар, оцу бахьаница Адам а (АллахI реза хуьлда цунна), Хьава а нохчийн къоман хьалханчаш а беш.

Иза а магийта торура, керлаваьлла "ЛИНГВИСТ" гIеххьачул мукъане а нохчийн мотт хууш, йоза нийса деш хилча а.

Кхин а доккха зен - оцу нехан мотт ахкар бакъдеш, деза-даккхий къобалдарш яздан вайлахь лараме болу ФБ-накъостий арабовлар, "Iилманчехьа" тоьшаллаш дан хIиттар!

Нохчийн мотт ма бе сийсаз, цуьнан дешнаш шаьш-шайгара, доцу хаарш хьалха а детташ! Иза къоман бахам бу, эккама бен листа, Iилма а гулдина бен нахана хьеха йиш йолуш бац. Ма магаде шерра вайн мотт хууш воцчунна хьехархо хила! Ма бе и тайпа "болх" къобал!

Бовхачу ларамца, нохчийн мотт мел безарг сайн йиша-ваша ларарца!

Чабаев Лоьма.
————-
Нийса аьлла дешнаш ду.

6 months ago

«К1ордина-кх шу молланаш» ду моьтту суна кхузар цхьаболчеран хьал.

We recommend to visit

Фонд гуманитарных инициатив "Орион"

https://orionfond.ru

[email protected]

Last updated 1 month, 1 week ago

☑️ Официальный информационный канал Заслуженного артиста Республики Татарстан
https://t.me/boost/firdustyamaev_official

? https://vk.com/beznen_tyamay
? https://instagram.com/firdustyamaev_official
? https://youtube.com/@BeznenTyamay

Last updated 2 months ago

«И даже лист падает только с Его

ведома.» (6:59)?

@dinachkaaaa

Last updated 2 months ago