islamanserlo

Description
Къар ма лолахь цкъа а, атта некъ беш кхача йиш ма яц хазачу чаккхене
We recommend to visit

Провалы брендов, истории с маркетплейсов и (не)много любви к Райану Гослингу.

Высокоранговый канал про диджитал.

Предложка: @ryanrunbot

Реклама: @denmins

Канал включён в перечень РКН: https://rkn.link/X3N

Last updated 2 months, 1 week ago

? Канал по тематике: «Blox Fruits»

? О конкурсах: @konkursi_info

?Владелец канала: @Night_garant

? Трейд чат: @BloxFruits_Kx

Last updated 3 months, 3 weeks ago

По вопросам рекламы в TG: [email protected]

Last updated 2 months, 3 weeks ago

7 months ago

Имам Ибнуль Джавзийс (Аллахl реза хуьлда цунна) аьлла:

Шуна хоийла, шух цхьа а вац , Мухьаммадан ﷺ дуккха салаваташ дохкуш, АллахӀа цуьнан дог нуьре дийра долуш бен...

7 months ago

Бусулба стеган де иштта дlа дола делча, кхин дlа долу де беркате хира ду АллахIан пурбанца.

1) lуьйра ламаз дар, шена хьалхара суннат ламазца.

2) Доlа дар.

3) Азкарш дешар.

4) Къуръан дешар, шен билгала бина болу барам.

5) Духьа ламаз дар.

7 months ago

Ма дика дарба ду, ма йоккха паргӏато йу кӏадделачу синан, дегӏана дерриг ламаз а, къаьстана суджуд а.

7 months ago

Ахь диний тахана Аллахlан Элчано ﷺ весет дина долу духьа ламаз?

Ца динехь, Аллахlан лиъна хьуна хьоьга и ламаз дайта, хlокху кхайкхаман тlенисварца! Ткъа ахь муха дийр дац Аллахlан ахь дан лиъна долу сагlа кхочуш?

Муьлха а хlума Аллахlан лаамца бен хуьлуш дац хьуна. Ткъа кlеззиг хlума хета хьуна дерриге халкъана юкъара Шен Лаамца а, Ницкъаца а хьо Шена дезачу хlуманна Аллахlа тlенисвар?

Духьа ламаз лар вуно чlогlа деза а, мелехь а ду, вайн догlмийн хlора хlуттургах дала деза сагlа тlерадоккхург иза бен дац, хьадисехь деана ма-дарра.

Куц: Духьа ламаз дан аьлла ният хир ду;

Лаххара барам 2 ракаlат, лаккхара барам 8 ракаlат, хlора ши ракаlат дlадаьлча салам а луш.

Хан: Малх схьакхеттачул тlаьхьа 20 минот яьлча дуьйна делкъа ламазан хан хила герга яххалц.

Духьа ламаз Пайхмара ﷺ лардарца весет дина ламаз ду.

Абу Хlурайрата (Аллахl реза хуьлда цунна) аьлла: Сан доттагlчо Пайхамара суна весет дира кхаа хlуманца: хlора баттахь кхаа дийнахь марха кхабарца а, духьа ши ракаlат ламаз дарца а, сой дlавижале витр-ламаз дарца а.

7 months ago

Тамашена болх бу - Аллахӏа цхьа дика ло хьуна, ткъа Хьо цунна баркалле ца хуьлу... и виц а вой, Цо деллачу диканехь а Цунна ӏеса а вуьйлуш лела хьо. Цул тӏаьхьа Цо дӏаоьцу Ша делла дика - тӏаккха а реза ца хуьлу хьо Цуьнан кхиэлана.

7 months ago

Ибн Масхьудас аьлла: (رحمه الله)

Адмо шена диканиг хьоьхуш хьехар дича: Ма леладе и во хlуманаш Делах кхера аьлча шега. Шена хьехар динчун оьгlуз вахаран къа тоьуш ма ду, и адам дакъаз дала

8 months ago

Наб дегӏе садаӏийта кхоьллина Веза-Сийлахь Дала. Ткъа наб йина самаваьлча кlадвелла хилар боккха бала бу, хӏунда аьлча цо гойту дог кlад делла хилар, цуьнгахь гӏайгӏа хилар, цундела дегӏо сацадоӏу набарца. Дог синтеме хилар доккха ниӏмат ду, ткъа сингаттаме хилар боккха бала а бу.

8 months ago

Хьалгlовта!

8 months ago

Ламаз ду-кх - рицкъ даларна бахьан, могшалла ларош а, зен юха тухуш а, цамгар дlа йоккхуш а, дог чlагlдеш a, юьхь нуьре еш а, хьан са синтеме деш, дегlера мало дlа йоккхуш а.

© Ибн Къаййим.

8 months ago

Iикрима (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла:

Самукъа ца долуш я гIайгIане ца хуьлуш цхьа а вац. Амма, шайн самукъа даьлча Далла шукур де, шаьш гIайгIане эгча собаре а хила.

We recommend to visit

Провалы брендов, истории с маркетплейсов и (не)много любви к Райану Гослингу.

Высокоранговый канал про диджитал.

Предложка: @ryanrunbot

Реклама: @denmins

Канал включён в перечень РКН: https://rkn.link/X3N

Last updated 2 months, 1 week ago

? Канал по тематике: «Blox Fruits»

? О конкурсах: @konkursi_info

?Владелец канала: @Night_garant

? Трейд чат: @BloxFruits_Kx

Last updated 3 months, 3 weeks ago

По вопросам рекламы в TG: [email protected]

Last updated 2 months, 3 weeks ago