Infinite Entertainment, Zero Cost: Get Your Free Books, Music, and Videos Today!

لوجه الله

Description
Йа Аллах’, соьх вон ойла кхоллаеллачунна гечде Ахь, и кхоллаяларан бахьана соьгара даьллехь суна а гечде Ахь!

второй канал⤵️

https://t.me/fa_firru_ilalloh
Advertising
We recommend to visit

Админ - @Gals1

Last updated 1 month, 1 week ago

Last updated 2 months ago

Админы
@DmitrySed @Adm_ps @Alexa9613

Last updated 7 months, 3 weeks ago

1 month ago

**•Ибну МасӀуда (رحمه الله) аьлла:

«Шегара къа дожарна кхоьруш , леккха лам буьххьера ша чу вожарна кхоьруш санна хьал хуьлу хьуна, боккъала ийман диллина волу бусалба стеган кийрахь.
Амма Ӏеса волчунна , шен тӀе хиина болу моз санна, кхи цхьа а новкъарло ца хуьлу цунна шен къиношха🌐** https://t.me/liwajkhillah

1 month ago

السلام عليكم ورحمة الله وبركاته

Лекх Хил Волу Аллахlа къобал дойла вайн марханаш, сан лераме йижарий!
Аллахl Дала меле дуьлийла аш хlорамма а мел дина дика, мел кlеззиг бен из ца хиллехь а! Хастам бу Аллахlан кху батте вай могша а долуш кхачадарна, Баккъала а, батшах уггаре безачу а, дикачу а баттах вай ца дахар доккха Ниlмат ду-кх. Дала иштта, Шен lибадат дан а, хlар бутт ларбан а гlора луш, Вукха шера Ромадане кхачдойла вай.. Аллахlа гечдойла вайн къиношна, Аллахlа Ша резволчу тобанех дойла вай.
Дукх деза шу дерриш а, Аллахlи доьхь.

Ларамца…

🌐 https://t.me/liwajkhillah

1 month ago

***29 дийнахь х’умма ца деш ‘ийначарна, Аллах’а кхиъ цхьа де делла-кх, тоба ца динчарна - тоба дан

🌐*** https://t.me/liwajkhillah

1 month, 1 week ago

*🌾Рамадан бутт д’абоьду хан т’екхачарна велха ма велха хьо.
Хьо велха, айхьа цунна бан ма-безза лерам цабарна.

🌐***https://t.me/fa_firru_ilalloh

1 month, 1 week ago

***Лайлатул-Къадр.

Гlелвала, кlадвала йиш яц хьуна хьан! Хlара уггаре а хьуьнаре хила веза хан ма ю, цундела, варийлахь! кху итт буьйсенан муьлхха а буса наб ярах, я суннат ламазаш ца деш, я Дела ца хьехош, я Къуръан ца доьшуш, я хlумма а ца деш, телпо кегош хlар итт буьйса эрна дlаяхийтарах ларлолах!, аьлча а, хьайн дахар тlера 83 - шо, дина хlумма а доцуш, эрна дайтарах ларлолахь!

🌐*** https://t.me/liwajkhillah

1 month, 1 week ago

КЪИНОШ БУСУЛБА СТАГ БУЬЙСА ДАЬН ЙАРАХ ЮХ ТУХА

قيل لا بن مسعود: ما نستطيع قيام الليل. قال: أبعدكم ذنوبكم

Ибн МасIуде (АллахI реза хуьлийла цунна) аьлча; «Буьйсанаш даьн ца йало тхоьга ламазш деш», Ибн МаcIуда жоп делира: «Шун къинош юх тоьхна шу цунах».

Имам Фудайлс аьлла:

إذا لم تقدر على قيام الليل، و صيام النهار، فاعلم أنك محروم مكبل كبلتك خطيئتك

«Нагахь санна, хьо ницкъ кхочуш вацахь буьйсанаш даьн йá а, дийнахь марха кхáба а, хьуна хаалахь, [буржалш тоьхна] вихкин ву хьуна хьо хьайн гIáлаташ бахьан долуш».

ДIа бахан болу Салафшах цхьам аьлла:

أذنبت ذنبا فحرمت به قيام الليل ستة أشهر

«Къинош дара бахьан долуш ялх баттахь буьйсанаш даьн йарах дIа хéдира ша».

1 month, 1 week ago

***Хьуна хаьий, ламаз т|ехь хьо волуш, хьан къинош мича охьадохкуш ду?

Аллах|ан Элчано ﷺ аьлла:
Баккъалла а лай ламазана х|оьттича, цуьнан дерриг къинош схьадохьу, т|аккха уьш цуьнан коьрта т|е а, шина белшана т|е а дохку. Т|аккха цо руку| а, сужуд а массуза ди, уьш цунна т|ера охьаоьгу.

🌐*** https://t.me/liwajkhillah

1 month, 1 week ago

««..***.Хьан йуьхье хьажаран
марзалла йоьху ас Хьоьга йа Робб...».

🌐*** https://t.me/liwajkhillah

We recommend to visit

Админ - @Gals1

Last updated 1 month, 1 week ago

Last updated 2 months ago

Админы
@DmitrySed @Adm_ps @Alexa9613

Last updated 7 months, 3 weeks ago