Infinite Entertainment, Zero Cost: Get Your Free Books, Music, and Videos Today!

ИСЛАМАННУР

Description
Кху чохь нохчийн матте гочдина хьадисаш, жайнаш, фатваш, Къуръанан маьlнаш, тафсир, кхинболу хьехамаш а хир бу.

www.islamannur.org
Advertising
We recommend to visit

لوصفات الطبخ المنقوله ولكل ماتحتاجه المرأه
سنابي حياكم
وصفات مفيده🦋
https://www.snapchat.com/add/jooorii_111

Last updated 1 month, 2 weeks ago

أكبر قناة في الوطن العربي للتصميم الجرافيكي:
تغذية بصرية، كتب، مقالات، خطوط، مواقع، نصائح، وكل ما يحتاجه المصمم في هذه الرحلة.

مسؤولة القناة: @Ranya_Alomari

لتواصل والإعلان: 📥
t.me/FoodofDesigner_bot

Last updated 1 month ago

لا شيء أبدي تحت القمر

ничᴛᴏ нᴇ ʙᴇчнᴏ ᴨᴏд ᴧунᴏй.✨🖤
Сʙяɜь | @Muuuuuuu8

Last updated 9 months ago

2 weeks, 4 days ago

Бусалба динан новкъахь дуьззина цхьа де

Бусалба стеган синкъерам а, синтем а, ирс а - цо шен денош а, буьйсанаш а бусалба дино ма-бохху нийсса нисйина дIахIитторе хьаьжжина ду, ша самаваьлчахьана юха дIавижжалц йолучу юккъехь.

«Бусалба де» бохучух вай ала леринарг - кхин долу денош бусалба динехь нисданза дита деза бохург дац иза, вай ала леринарг - вешан доьзалехь ваьш дохучу денойх цхьа де дуьззина АллахIан дуьхьа дехаш даккхий вай, АллахI реза веш даккхий вай, хенех цхьа а хан пайдаза а ца яйъеш, оцу дийнахь гуттар а санна деххачу сахьташкахь тилвизарна хьалха хевшина а ца Iаш, ваьш я вешан доьзал ялсаманехь бу я жоьжагIатехь бу а ца хууш, АллахI вайна резахилла ву я оьгIазвахана ву а ца хууш!

ХIокху программица баттахь дай-нанойн балхара а, берийн ишколера а мукъа догIучу денойх, мел лаххара а, цхьа де мукъа даккха деза, пIерасканан де делахь а я шоьтан де делахь а.

Оцу дийнахь вайн таро хир ю - ваьшкахь а, вайн берашкахь а иман самадаккха а, чIагIдан а, иштта АллахIана муьтIахь хиларан кхача гулбан а - оцу бехачу баттахь дуьхьал хIуьтту дахаран халонаш лар атта ден болу, дайн ден болу.

Лараме дай-наной! Хьоме бераш! Кхин дIа вай хьовсур ду оцу дийнан программин белхан кеп рогIехь шуна дIакховдо.

- Сатасале ах сахьт хьалха хьалагIовтта.

- Массара а цхьаьна ши ракаIат суннат-ламаз а дина, цул тIаьхьа витар-ламаз дийр ду.

- Маьждигехь Iуьйра-ламаз дан гIур ду.

- Iуьйранна доьшуш долу азкараш доьшур ду новкъа воьдуш, я хьайн хIусамна хьалха, я хьайн уьйтIахь.

- Спортан кулубехь я новкъахь, чехка а ца водуш, водур ву, иштта дегI меттах доккху хIуманаш а лелор ду.

- ЦIахь Iуьйранан кхача (марта) буур ду.

- Чоь дIалуьстуш а, хIусам дIацIанъеш а, пхьегIаш юьлуш а, тIедуху духар дуьттуш а нанна гIо дийр ду бераша.

- Ламазна я КъурIан дешарна къастийначу цIа чохь, массара а цхьаьна охьа а хевшина, цхьа жуз я жузах цхьа дакъа КъурIан доьшур ду, гIалаташ а нисдеш.

- Зуьхьа-ламаз дийр ду.

- Берашна юккъехь оьздангаллин а, Iилманан а барам айбеш зер (экзамен) хIоттор ду.

- Имам Нававин «Шовзткъа хьадис» цIе йолчу я «Дикачу нехан бошмаш» цIе йолчу жайнера цхьа хьадис дагахь Iамор ду.

- «ЛаилахIа иллаллахIу» бIозза (100) эра ду.

- «СубхьаналлохIи ва бихьамдихI» бIозза (100) эра ду.

- «АллохIу акбар» бIозза (100) эра ду.

- «АстагIфируллахI» бIозза (100) эра ду.

- «АллохIумма солли Iала саййидина Мухьммад» бIозза (100) эра ду.

- Делкъа-ламаз дийр ду.

- ТIаккха делкъанна садаIа дIадуьйшур ду.

- Малхбуза-ламазан хан хилале ах сахьт хьалха хьалагIовттур ду.

- Делкъенан кхача буур бу.

- Малхбуза-ламаз дийр ду.

- Цхьа шайх я Iеламстаг волчу гIур ду я иза чукхойкхур ву - берашна цхьацца динах долу хаза дийцарш а, пайде дерш а дийцийта.

- МаьркIаж-ламазан хан хилале ах сахьт хьалха суьйранна доьшуш долу азкараш доьшур ду - бешахь, я цIийнан тхевна тIехь, я хIордан йистехь.

- МаьркIаж-ламаз дийр ду.

- ХIорамма а ша-ша цхьацца жуз я дешалуччул КъурIан доьшур ду.

- Пхьуьйра-ламаз дийр ду.

- Пхьор дуур ду.

- ДIадуьйшур ду.

Лакхахь дагардинарш дерриге дича, лахахь дерг а лардеш, бусалба динан новкъахь цхьа де чекхдолуш лору.

Оцу программехь дакъалоцур ду берриге доьзало: дас, нанас, дедас, денанас, кIентарша, йоьIарша.

Оцу дийнахь дихкина ду тилвизаре а, видеога а хьажар.

Лакхахь дагардиначу дакъошна юккъе кхин долу дакъош дахийта а йиш йолуш ду, церан метта кхиниш хийца йиш йолуш а ду, масала: цомгашчунна тIехIитта дахар, я кхелхиначу гергарачуьнан кошана тIехIитта дахар, я сагIа далар, я доьзалан харжах совгIат дар, иштта дIа кхин а.

Уггаре а коьрта лоруш дерг ду – бусалба динан новкъахь доккхуш долу цхьа де, мел лаххара а, баттахь цкъа кхочушдар.

Гочдинарг: Турпалан кIант Фарукъ.

https://t.me/islamannurofficial

1 month ago

Рамадан бутт дIа ма-баьлла кхаьбча дика долу суннат марханаш ялх ду. Рамаданал тIаьхьа богIучу шаввал баттахь кхобуш ду уьш.

Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Рамадан баттахь а, шаввал беттан ялх дийнахь а марха кхаьбначо цхьана шарахь марха кхаьбна». Ибн Хьиббан

Кхин а аьлла Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Рамадан баттахь марханаш а кхаьбна, тIаккха цул тIаьхьа шаввал беттан ялх дийнахь марха кхабар - дерриге дахарехь марханаш кхабар санна ду». Муслим.

Кхин а аьлла Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Рамадан баттахь а, шаввал беттан ялх дийнахь а марха кхаьбначо цхьана шарахь марха кхаьбна. Цхьа дика хIума динчунна иза совдоккхур ду итт дика дича санна». Ибн Ма́джахI

И ялх де шаввал бутт болабелча а, юккъе баьлча а, чекхбалале а, муьлхха деношкахь кхаба мегаш ду, делахь а марханаш даьстинчул тIаьхьа дукха хан юкъа а ца йолуьйтуш кхаьбча дика ду.

Кхин а, и ялх де тIаьхьий-хьалхий кхаьбча мелехь а ду, дика а ду, ткъа шена иштта кхаба ца луучо юккъе денош а долуьйтуш кхаба а мегаш ду, масала цхьана дийнахь марха кхобуш, тIаккха масех дийнахь ца кхобуш, тIаккха юха а кхобуш, иштта кхидIа а.

1 month, 2 weeks ago

بسم الله الرحمن الرحيم

Тховса дуьйна буьйсанашлахь уггаре еза итт буьйса дlа йола ели вайна мархийн бутт чекх баллалца алхьамду лиллахl, ма йоккха (шанс) аьтту бу и пайда эца луучунна:

Вайн нанас lаишата
(Аллахl реза хюлда цунна) аьлла:
"Пайхмарa ﷺ (мархийн бетта тlаьхьара) итт - буьйса дlа йола елча (массо хlуманах lибадатан паргlат волий) и буьйсанаш (вижа ца вуьжаш) ден йора, шен охlланаш хьала a гlовт бóра цо (lибадатан)".*

(Бухарий/2024)

Кху хьадийсехь, цо шен буьйса ден йора бохург: lелам наха и итт буьйса йоцург сахиллалца дlа а ца вуьжаш шара чохь цхьа а буьйса ден йира цо аьлла меттиг яц аьлла!

Балхаца, дешарца волучо, жиммал дlа а тоьвжина мел далахь садаlарха зен дац, муххале имамций маьждигехь терахь-витар а деш валахь, хlетте а дезаниг цу итте буьйсанна малх чу буьзчхьана са тассалца ца вуьжаш lар ду.

Аллахlа лайлатулкъадар буса дан ма деззара Шена lибадат дан товфийкъ лойла вайна!

20 - Рамадан 1445
30 - Март 2024*

6 months, 2 weeks ago
  1. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Стага жамаIатехь деш долу ламаз - цо базарахь я шен цIахь (дечу) ламазал а ткъа даржал сов лакхара (дезаха хуьлуш) ду, хIунда аьлча шух муьлхха а (шух цхьа бусалба), хьакъ долучу кепара (дуьззина) ламаз а эцна, цул тIаьхьа ламаз дар йоцург кхин Iалашо а йоцуш, ламазо бен меттахваьккхина а воцуш, маьждиге вагIахь - иза маьждигна чу кхаччалц йолучу юккъехь хIора цо яьккхиначу гIулчанна дуьхьал, билггал, цхьа дарж лакхавоккхур ву иза, цунна дуьхьал цхьана къинах дIа а цIанвийр ву иза. (Стаг) маьждигна чу ваьлча, (цигахь) ламазо сецош иза мел ву - оцу ерриге хенахь ламазехь (волуш санна лорур ву) иза[8]. Шух муьлххачунна а малекаша доIанаш до, ша шен ламаз дина йолучу меттехь Iаш иза мел ву, ала а олуш: «Я, АллахI, къинхетам бехьа цуьнах! Я, АллахI, гечдехьа цунна! Я, АллахI, тоба къобалдехьа цуьнан, цо (цигахь) цхьанненна а вас йина мел йоцу а, цуьнан ламаз карара даьлла мел доцу а![9]»». [Бухари: 477, Муслим: 649]

https://t.me/islamannurofficial

6 months, 2 weeks ago
ИСЛАМАННУР
6 months, 3 weeks ago

«Сан суннатана а, нийсачу новкъа лелачу бакъ халифийн суннатана а тIаьхьадаза, цхьана а хIумангахь оцу тIера юха а ца довлуш».

Уьш тешна бу Пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) нийсо бакъ нийсо хиларх. Цундела цуьнан нийсонна тIаьхьа базар хаьржина цара, кхинболчу массераниг дIа а теттина.

Царех «тоба» («жамаIат») аьлла - церан барт хилла дела Пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Суннатана а, хIокху умматан хьалха дIабаханчу салафийн барт хиллачунна а тIаьхьа базарна тIехь. Бакъонна тIехь барт хилла церан, цхьаьна кхетта уьш - бакъонна тIехь а, айпех, сакхтех цIена йолучу Исламан Iакъидатана тIехь а. 

Иштта Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) кхин а, «кIелхьаръяьлла тоба» («ал-фиркъату ан-нажийахI») аьлла, цIе а елла шен Суннатана а, шен асхьабийн некъана а тIаьхьа баьзначарна, ткъа уьш а, шайх«суннатан а, жамаIатан а охIла» («АхIлус-суннахI вал жамаIахI») олуш берш а цхьаъ бу.

Цхьаболчу Iеламнаха «суннат охIланах» («ахIлус-суннахI») -уьш «асхьабул-хьадис» бу аьлла, хIунда аьлча цара ладаме эцна дела Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийцина хьадисаш нийсса нахе дIакхачор а, царех цIенаниг цIена доцучух къастор а, бух берг бух боцучух къастор а, оцу хьадисашкахь еанчу Iакъидаташна а, цаьргахь долучу хьукманашна а уьш тIаьхьа базар бахьана долуш а.

Ткъа «хьадис», «суннат» боху ши дош ул-уллера маьIна долуш ду. Иштта шайх«суннатан охIла» («ахIлус-суннахI») олуш берш а, шайх къематде кхаччалц «толаме тоба» («ал-фиркъату ал-мансурахI») олуш берш а цхьаъ бу. Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шен Дашехь бийцинарш бу уьш:

«Сан умматах цхьа тоба хаддаза бакъон тIехь толамехь хир ю, царна зен а дийр дац уьш теснабитиначо а, царна дуьхьалонаш йиначо а къематде кхаччалц» (Бухари,Муслим, Ахьмад).

Уьзза тоба ю МуIавийата дийцинчу хьадисехь йийцина йолу «кIелхьараяьлла тоба» («ал-фиркъату ан-нажийахI»)цIе ерг а.

«Хьалха хилларш» («ас-салаф») - уьш Пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) асхьабаш а, царна тIаьхьа баьзнарш а, церан новкъа бахана динан имамаш а бу уггаре дика хилла долчу хьалхарчу кхаа бIе шара чохь.

«ТIаьхьарнаш» («ал-халаф») - ткъа уьш Iакъидатехь шайн некъ цхьаьна ца богIуш хилларш бу Пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) некъаца а, цуьнан асхьабийн некъаца а. Царех бу - хаварижаш, рафизиташ, иштта «охIлул калам» а - ШарIан могIанел а шайн хьекъал хьалхара лерина болу (царех бу - жахIамиташ, муIтазилаш, ашаIираш, къадарийташ, муржиийташ и.дI.кх.).

Бух - IабдуллахI бин Iабдул Iазиз ал-Жибринан «ТахIзиб тасхIил ал-IакъидахI ал-Исламиййати» жайна (2,3,4,5 агIонаш)

Гочдинарг: Турпалан кIант Фарукъ

https://t.me/islamannurofficial

6 months, 3 weeks ago

«Толаме тоба» («ат-тIаифахI ал-мансурахI»)

Ибн Таймиййата аьлла:

«Иза («ахIлуссунна вал жамаIа») - толаме тоба ю».

Ибн Iусаймина кхетам белла ибн Таймиййатан оцу дешнашна:

«Вуьшта аьлча: шех «толаме тоба» олуш ерг – «ахIлуссунна вал жамаIа» ю, Веза-Сийлахьчу АллахIа шена гIо деш йолу, хIунда аьлча уьш Везачу АллахIан Дашна буха богIуш бу:

«Баккъалла а, Оха гIо дийр ду Тхайн элчанашна, иман диллиначарна - хIокху дуьненахь а, тешаш хIуьттучу дийнахь а» («ГIафир»: 51).

Ткъа уьш бу шайна толам лун берш, шайна гIо ден берш, хастаме тIаьхье а ю царна.

Делахь а, цхьа хIума ду: толам балале хьалха ланза йиш яц халонаш а, дуьхьалонаш а, ЖихIад а, хIунда аьлча толамо лоьху, тIевоьху шена толам луш верг а, толам бала бахьана хIуттуш дерг а. Цундела къийсамаш а, зер а, баланаш, халонаш хиланза йиш яц.

Ибн ал-Къаййима ма-аллара:

«Бакъонна гIо а кхочур ду, зуьйр а ю и. Цундела цец ма вийлалахь, хIунда аьлча Рохьманан некъ бу и».

Цундела айхьа юьхьара лаьцна долу хьайн гIуллакхаш шерра дIацадахарх ледара ма вала, малоне ма вала, амма собарехь хила, къар ца луш, юх-юха а кхочуш дан хьажа айхьа юьхьаралаьцнарг. Собаре а хила хьайн хьокъехь олуш долучунна - хьо аьшнашварна, хьо хьийзорна, хьайх кхардарна, хIунда аьлча динан мостагIий дукхе-дукха бу.

Цхьана а хьолехь хьайн негат ма дохийта, хьайн дог-ойла юханехьа ма керчийта, майданахь хьуна хьо цхьаъ бен ца каравахь а. Ткъа хьо цхьаъ ю хьуна и ЖамаIат, хьо цхьаъ бен вацахь а, бакъон тIехь хьо мел ву. Цундела тешна хуьлийла хьо хьайна гIо догIург хиларх, хьайна толам лург хиларх, ткъа и толам хила тарлуш бу хьуна я дуьненахь, я эхартахь.

Цул тIаьхьа, баккъалла а, толам балар - къастийначу цхьана адамна балар бохучу маьIнехь лелаш дац. Бакъ болу толам балар - иза Веза-Сийлахьчу АллахIа толам балар а, гIо дар а ду ахьа кхайкхош долучу бакъдолчунна. Амма адам хIокху дуьненахь  кхалхарх - толам хилар бохучунна дуьхьал нислуш дац и цхьана а агIор.

Ткъа тидаме оьцур вай Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна). ЧIогIа дукха зенаш, бохамаш бина цунна, яккхийра халонаш а лайна цо, делахь а тIаьххьара а толам баьккхина цо шена зенаш диначарна тIехь. Толам а баьккхина, иштта Делера гIоьнца Макка яьккхина цо. Цигахь кхерам а хилла, араваьлла, цхьа хан яьллачул тIаьхьа цига юха а вирзина иза.

Ибн Таймиййата аьлла:

«Уьш (толаме тоба) Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шайн хьокъехь аьлларш бу: «Сан умматах цхьа тоба хаддаза бакъонна тIехь толамехь хир ю, царна зен а дийр дац уьш теснабитиначо а, царна дуьхьалонаш йиначо а, къематде кхаччалц» (Бухари, Муслим, Ахьмад).

Ибн Таймиййата далинарг: «Сан умматах цхьа тоба хаддаза бакъон тIехь» - вуьшта аьлча: хаддаза бакъонна тIехь лаьттар ю и тоба бохург ду.

Ткъа хIара тоба - хIоккхул хир бу уьш ала, шен дукхаллин доза тоьхна а яц, хIокху меттехь хир ю ала меттиг билгал яьккхина а яц, я хIокху заманчохь хир ю ала цхьа зама тоьхна а яц. Динан цхьана агIонна гIо деш йолчу цхьана меттехь хила тарлуш ю и, иштта кхечу меттехь динна гIо деш кхин тоба йолучу меттехь хила йиш йолуш а ю. И шеа а тоба толаме цхьа тоба лоруш ю.

Бух - Шайх ал-Ислам ибн Таймиййатан «Iакъида ал-васитIиййа» жайна, «Мухьаммад ибн Салихь ал-Iусаймийна» беллачу кхетамца (530 агIо).

Чеккха дели.

«Толаме тоба» («ат-тIаифахI ал-мансурахI»)

«Суннатан а, жамаIатан а охIла» («ахIлус-суннахI вал жамаIахI»)

Уьш - АллахIан Элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) асхьабаш а, къематде кхаччалц уьш тIаьхьа баьзначу нийса новкъа мел лелларш а бу. Уьш - нийсачу Iакъидатан некъ лаьцнарш бу - АллахIан Элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) лелийна хилла болу, оцу тIехь цуьнан асхьабийн (АллахI реза хуьлда царна) барт цхьаъ хилла болу, бидаIатийн а, лачдийцарийн а мIоданех цIена болу.

Царех «суннатан охIла»(«ахIлус-суннати») аьлла - уьш КъурIанах кхетош долучу Пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Суннато ма-бохху Iамал еш болу дела. Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлларг кхочуш деш бу уьш:

7 months ago

Сан Дела! Нухьа шен къоманна диначу доIанна жоп делла волу, ИбрахIимна шен мостагIашна дуьхьал гIо дина волу, Юсуп пайхамар Якъубана вухаверзийна волу, Аюб пайхамар лазарх хьалхаваьккхина волу, Закарин доIина жоп делла волу, Юнусан хастам къобалбина волу («Кхин дела вац, Хьо воцург. Керстано кхуллучу харцонех цIена ву Хьо. Боккъалаъ, зуламхойн могIарехь хили-кха со»). Оха доьху Хьоьга Юнуса диначу хIокху жоп луш долучу доIанан къайленашца - оха тхайн доIанехь Хьайга доьхург Ахьа къобалдар, оха дехнарг Ахьа тхуна далар.
Я АллахI! Айхьа хьайн муъма лаьшна йина ваIда кхочушйе Ахьа ГIаззин охIланна. Хьоьга бен догдохийла йоцуш, Хьоьга бен сатуьйсийла йоцуш биссина уьш. АллахI тоьаш ву дола дан! АллахI тоьаш ву гIо дан! АллахI тоьаш ву вайна, Шена болх тIебуьллу диканиг ву И.
Я АллахI! Жоп ло Ахьа тхуна. Амин!
Я АллахI! Жуьгташна а, уьш безаш цаьрца гергарло лелочарна а шозза сов Iазап ло Ахьа Хьайн ницкъаца. ХIай нуьцкъала верг, доккха неIалт ала Ахьа царна.
Я АллахI! Церан хIусамех кийсакаш йе Ахьа.
Я АллахI! Нажжаз жуьгтех паргIатдаккха Ахьа Акъса маьждиг.
Я АллахI! Бусалба нехан хIонс йе Ахьа жуьгтийн бахамаш.
Я АллахI! Ираман а, Iадан а къаьмнаш санна, хIаллакбе Ахьа уьш.
Я АллахI! Бусалба нехан карах балар де Ахьа церан.
Я АллахI! ЖаIарийн охIла кочатаса Ахьа жуьгташна. Жуьгтий кочатаса Ахьа жаIарийн охIланна. Зуламхойн карах зуламхой хIаллакбе Ахьа. Мухьаммадан уммат маьрша даккха Ахьа царна юккъера.
Я АллахI! Мухьаммадан умматан пачхьалкх дIах1оттае Ахьа бакъонан буха тIехь, дош цхьаъ де Ахьа церан Тавхьидан бух тIехь. ГIо де Ахьа царна! ГIо де Ахьа царна! ГIо де Ахьа царна!
Я АллахI! Жуьгтийн бераш байлахь дита Ахьа. Зударий жерой бита Ахьа церан. Беран цIа бер ца хуьлуш де Ахьа церан. Наб йайе Ахьа церан.
Я АллахI! Кхерам таса Ахьа церан дегнашка.
Я АллахI! Пхенаш чохь цIий дакъаде Ахьа жуьгтийн.
Я АллахI! Тхан доIанна жоп ло Ахьа. Амин!
Я АллахI! Хьайн къинхетам бе Ахьа Мухьаммадах, цуьнан охIланах, асхьабех, массо бусалбанех.

ДоIа кечдинарг: Турпалан кIант Фарукъ

https://t.me/islamannurofficial

7 months ago

Я АллахI! ГIаззехь а, массанхьа а когаш берзиначу муджахIидашна когадухург хилийта Ахьа, тIедоха хIума доцучу муджахIидашна тIедухург хилийта Ахьа, мецачу муджахIидашна кхача хилийта Ахьа.
Я АллахI! Палестина халонехь, къоьллехь, готтехь, сингаттамехь, баланехь, бохамехь ю-кха - Хьуна санна дика цхьанне а хаа йиш йоцучу. Цуьнах уьш маьрша бахар Хьан керахь бен дац-кха - маьрша баха Ахьа уьш.
Я АллахI! Стигланийн а, лаьттанан а Дела! Хьо воцург, кхин дела вац-кха. Хьайн хьокъехь керстано кхуллучу массо харцонех цIена ву Хьо, хастам а Хьуна бу. Гечдар доьху оха Хьоьга, тоба а до оха Хьоьца. Хьуна цхьанна хьастало тхо, Хьуна цхьанна тIе а тевжа тхо. КIелхьара довлийла а, тIетевжийла а яц-кха Хьоьца бен.
Я АллахI! ГIелонехь ду тхо. Хьо реза волчу новкъахь чIагIде Ахьа тхо. Дикане озайе Ахьа тхан кIеснаш. Амин! Амин! Амин!
Я АллахI! Тхан доIанна жоп ло Ахьа. Тхан вежарий а, бусалба мехкаш а паргIатдаха Ахьа сийсазлонах, гIелонах. Акъса маьждиг маьрша даккха Ахьа. Оцу чохь ламаз дар рицкъа ло Ахьа тхуна, я цуьнан неIсагIехь шахIидалла ло Ахь тхуна. ГIаззина лаьцна го бастийта Ахьа. Бусалба нехан безаме Iиракъ мохк маьрша баккха Ахьа. Карабаханарш арабаха Ахьа, баланаш байбе Ахьа церан.
Я АллахI! ГIаззехь бусалба нах кIелхьара баха Ахьа.
Я АллахI! ГIоьнча а, АгIонча а, Доладийриг а хила Хьо царна.
Я АллахI! Сийлахь ду-кха Хьо хестор, йеза ю-кха Хьан цIераш.
Я АллахI! Хьан болх бу-кха леларг. Хьан эскар дац-кха оьшуш. Хастам бу Хьуна, керстано Хьуна тIехь кхуллучу харцонех цIена а ву Хьо.
Я АллахI! Зуламечу жуьгташна юккъе Iожаллин герз даржаде Ахьа.
Я АллахI! ХIай Къуръан доссийна верг, керстанийн эскарш эшийна верг, мархаш лелийтина верг! Эшабехьа уьш, ластабехьа уьш, бегабехьа уьш.
Я АллахI! Элчанаш а, пайхамарш а бабиначу, бехке боцучу дикачу нахана зуламаш диначу жуьгташна тIехь Хьайн тамашийна Iаламаташ гайта Ахьа тхуна.
Я АллахI! ГIаззера бусалба нах маьрша баха Ахьа, ХIай сийлаллин, возаллин, нуьцкъаллин Да.
Я АллахI! Царех йийсаре баханарш маьрша баха Ахьа, цомгашчарна дарба де Ахьа, баланех хьалха баха Ахьа уьш.
Я АллахI! Кхерамах хийций кхерамазалла ло Ахьа царна, ХIай сийлаллин, возаллин, нуьцкъалаллин Да!
Я АллахI! Ислам дин а, бусалба нах а чIагIбе Ахьа, ширк а, мушрик нах а сийсазбе Ахьа, Ислам динан мостагIий хIаллакбе Ахь, бусалба нехан бакъонна тIехь барт бе Ахьа, ХIай Iаламийн Дела!
Я АллахI! Массо меттехь гIелонехь болу бусалба нах кIелхьара баха Ахьа.
Я АллахI! Бусалба нехан хьелаш тоде Ахьа – Палестинехь, Iиракъехь, ОвхIанехь, Сомалехь, Нохчийчохь, Кавказехь, массо меттехь.
Я АллахI! Уьйраш чIагIъе Ахьа бусалба нахана юккъера, маьршонан новкъа баха Ахьа уьш, боданашкара нуьре баха Ахьа уьш, ХIай сийлаллин, комаьршаллин, дикаллин, нуьцкъалаллин Да!
Я АллахI! Хьайн Iаткъамечу ницкъан Iедалца, Хьайн гIоьнан орцанан чехкаллица, оха доьху Хьоьга, ХIай хезаш верг, жоп луш верг, чIир оьцуш верг, Iазап чIогIа дерг, доллучунна ницкъ кхочуш верг, гIоранчин ницкъо гIорасиз ца вийриг, ГIаззин охIланна дуьхьал ямартло айъиначеран ямартло царна шайна дуьхьал яккхар. Царна даьккхиначу ор чу уьш шаьш эгабе Ахьа. Царна тешнабехкана бой теснарг оцу бойне ша лацийта Ахьа. Ша ве Ахьа и цу бойнан йийсархо, тхан Дела!
Я АллахI! ГIаззин мостагIашна тIе бохамаш таса Ахьа, дукхалла кIеззиг йе Ахьа церан.
Я АллахI! Шайн хIусамашка кхачаде Ахьа царна Iазап. Шайн сатийсамашка ма кхачийта Ахьа уьш.
Я АллахI! Хьайн пайхамарашна, элчанашна, эвлайашна, гергарчу наханна тIера чIир эца Ахьа царех.
Я АллахI! Тхуна тIехь куьйгалла дан аьтто ма баккха Ахьа тхан мостагIийн. Тхан къинош бахьанехь уьш тхуна тIе а ма тийса Ахьа.
Я АллахI! Тхуна тIехь куьйгалла дан аьтто ма баккха Ахьа тхан мостагIийн. Тхан къинош бахьанехь уьш тхуна тIе а ма тийса Ахьа.
Я АллахI! Тхуна тIехь куьйгалла дан аьтто ма баккха Ахьа тхан мостагIийн. Тхан къинош бахьанехь уьш тхуна тIе а ма тийса Ахьа.

7 months ago

Я АллахI! Акъса маьждиг ларде Ахьа мекарлончийн мекарлонех.
Я АллахI! Бусалба нах баба лерина верг ве Ахьа.
Я АллахI! Палестинин къоманна толам ло Ахьа Хьайн мостагIашна тIехь.
Я АллахI! Толам а, гIо а, сийлалла а, ницкъ а, мостагIийн дегнаш чохь ларар а Палестинин бахархойн агIонехь де Ахьа.
Я АллахI! Палестинехь чевнаш йиначеран чевнаш йерзае Ахьа, царна юкъара йийсаре баханарш йийсарера маьрша баха Ахьа.
Я АллахI! Хьайн новкъахь арабевллачу церан мужахIидашна толам ло Ахьа - лаьтта тIехь а, хIордаш чохь а, хIаваэхь а, ХIай Iаламийн Дела! Амин! Амин! Амин!
Я АллахI! ХIай баланех хьалхадахар Хьайн керахь дерг! ХIай лайшна толам луш верг! ХIай румой, гIажарий эшийна верг! ХIай ПирIун хин буха вахийтина верг! Жуьгтий хин буха а бахийтий, бусалба нахана толам ло Ахьа царна тIехь.
Я АллахI! Палестинерчу бусалба нахана толам ло Ахьа - Хьайн элчанан асхьабашна персашна тIехь белларг санна болу.
Я АллахI! Жоп лохьа тхан доIанна - Айхьа Мусана а, ХIаронна а, Нухьана а жоп ма даллара.
Я АллахI! Диканца дола де Ахьа тхан, дуьненан а, эхартан а сийсазлонах хьалха а даха Ахьа тхо.
Я АллахI! ХIай гечдийриг! ХIай къинхетам бийриг! ХIай доккхачу паччахьаллин Да! ХIай даима дийна верг! Дуьненан йиъэ маьIIехь гIо де Ахьа тхан вежаршна.
Я АллахI! Кхиэл йе Ахьа маймалийн а, хьакхарчийн а тIаьхьенна - дуьне мел ду бохамаш баржийначу.
Я АллахI! Бабе Ахьа уьш, бохабе Ахьа уьш, лаца Ахьа уьш, деман дарце ата Ахьа уьш.
Я АллахI! Хьайн оьгIазалло а, шогалла а йоссае Ахьа жуьгташна тIе.
Я АллахI! ХIаллакбе Ахьа уьш. Цкъа а оцу чуьра арабевр боцуш, сихонца жоьжагIате бахийта Ахьа уьш. Массо бусалба нахана гIо де Ахьа церан берриге мостагIашна тIехь.
Я АллахI! Курачу жуьгтийн когаш бухара латта дегаде Ахьа.
Я АллахI! Тхуна а, бусалба нахана а, муджахIидашна а вониг лиъначуьнан мотт лахабе Ахьа, меженаш совцае Ахьа, ХIай хезаш верг, ХIай гуш верг!
Я АллахI! Хьайна гергара толам ло Ахьа Ислам динна, бусалба нах а чIагIбе Ахьа, ХIай нуьцкъала а, гIоране а верг!
Я АллахI! ХIай стигланийн а, лаьттанан а Паччахь верг, Палестинин мохк дIалаьцна болу сионизмхой хьере бе Ахьа.
Я АллахI! Хьо ву-кха тхан Дела. Хьо ву-кха тхан лолла дийриг. Хьо ву-кха тхо кхоьллинарг. Хьоьга сатуьйсу-кха оха - тхан сатийсар деса ма дита Ахьа. Хьоьга доIанаш до-кха оха - тхан доIанашна жоп ло Ахьа.
Я АллахI! Хьайна гергара доккха гIо ло Ахьа тхуна - Хьайна дуьхьал тIом бечарна дуьхьал, Хьайн пайхамаран суннатана дуьхьал тIом бечарна дуьхьал, Хьайн динна дуьхьал тIом бечарна дуьхьал, Хьайн лайш бабечарна дуьхьал.
Я АллахI! Герзаш пайдаза де Ахьа церан. Яххьашна тIетохар де Ахьа церан. Iазап дотта Ахьа царна тIе. ЦIе дIайайе Ахьа церан. Лаам бохабе Ахьа церан.
Я АллахI! Шайн гIоранах, ницкъах баха Ахьа уьш. Вовшашна кочатаса Ахьа уьш. ТIом шайна юккъе берзабе Ахьа царна.
Я АллахI! Палестинхошца мостагIалла лелочуьнца мостагIалла лаца Ахьа. Царна мекарло ян лериначунна дуьхьал мекарло йе Ахьа. Цаьрца тIом бан леринарг эшаве Ахьа. Уьш баба гIерташ берш бабе Ахьа. Уьш хIусамех баьхнарш хIусамех баха Ахьа. Уьш бохийнарг вохаве Ахьа. Уьш Iехо леринарг Iехаве Ахьа. Царна зулам динарг хIаллакве Ахьа. Цаьрца хьагI лаьцнарг вегаве Ахьа. Царна бохамана лерина палан хIоттийначуьнан палан кхиамза эшаме йе Ахьа. Уьш сийсазбан гIоьртинарг сийсазве Ахьа.
Я АллахI! Баланаш базбелла, гIайгIанаш йазъйелла, хьалагIоьртина латкъам бан Хьо бен кхин Дела вац-кха тхан. Цундела латкъамца Хьоьга доьрзу тхо - гIо хила агIо бац-кха тхан Хьоьгара бен, ХIай Хьайна гергара бен паргIато йоцург, Хьайгахь бен кIелхьара волийла йоцург, Хьайна гергара бен толам боцург!
Я АллахI! ХIора кураниг аьшнаш ве Ахьа, хIора къизаниг вохаве Ахьа, хIора зуламхо эшаве Ахьа, хIора тхуна дозалла дийриг сийсазве Ахьа, ХIай Iаламийн Дела!
Я АллахI! ХIора мекарчуьнан мекарло юхатоха Ахьа. ХIора Хьайгахь ларвалар лоьхург Iалашве Ахьа. ХIора Хьайгахь лочкъийла лоьхучунна лочкъийла ло Ахьа. ХIора Хьайгара гIо доьхучунна гIо ло Ахьа. ХIора муджахIидана толам ло Ахьа. ХIора цIийнах ваьккхиначунна тхевнан кIело ло Ахьа. ХIора мецачунна кхача ло Ахьа.

We recommend to visit

لوصفات الطبخ المنقوله ولكل ماتحتاجه المرأه
سنابي حياكم
وصفات مفيده🦋
https://www.snapchat.com/add/jooorii_111

Last updated 1 month, 2 weeks ago

أكبر قناة في الوطن العربي للتصميم الجرافيكي:
تغذية بصرية، كتب، مقالات، خطوط، مواقع، نصائح، وكل ما يحتاجه المصمم في هذه الرحلة.

مسؤولة القناة: @Ranya_Alomari

لتواصل والإعلان: 📥
t.me/FoodofDesigner_bot

Last updated 1 month ago

لا شيء أبدي تحت القمر

ничᴛᴏ нᴇ ʙᴇчнᴏ ᴨᴏд ᴧунᴏй.✨🖤
Сʙяɜь | @Muuuuuuu8

Last updated 9 months ago