ИСЛАМАННУР

Description
Кху чохь нохчийн матте гочдина хьадисаш, жайнаш, фатваш, Къуръанан маьlнаш, тафсир, кхинболу хьехамаш а хир бу.

أقدار الله كلها خير  وإن أوجعتك!

АллахIан дерриге а йоза дика ду, цуо хьо Iовжавахь а!

www.islamannur.org
Advertising
We recommend to visit

لوصفات الطبخ المنقوله ولكل ماتحتاجه المرأه
سنابي حياكم
وصفات مفيده🦋
https://www.snapchat.com/add/jooorii_111

Last updated 2 months, 3 weeks ago

「 احـب الطبـخ والطبـخ يحبنـي 」🧡🥘

◐ مـوالح ومقـبلات 🍱
◐ حلـويات ومشـروبات 🍫
◐ طبخـات الـ 30 ثانيـة 🥘

- للاعلانـات ودعـم قنواتڪم :- @aa11_qa

Last updated 1 month ago

أكبر قناة في الوطن العربي للتصميم الجرافيكي:
تغذية بصرية، كتب، مقالات، خطوط، مواقع، نصائح، وكل ما يحتاجه المصمم في هذه الرحلة.

مسؤولة القناة: @Ranya_Alomari

لتواصل والإعلان: 📥
t.me/FoodofDesigner_bot

Last updated 3 months ago

2 months, 2 weeks ago
2 months, 2 weeks ago
5 months, 2 weeks ago

Ламаз деш а воцуш, марха кхабаран хьукма

Хаттар: Ламаз деш а воцуш, марха кхобуш волучуьнан хьукма хIун ду? Цо кхаьбнарг марха лоруш дуй?

Жоп: Нийсах дерг: шен лаамехь ламаз дитинарг - и дитар бахьанехь доккхачу керсталлина чувоьжна. Оцу тIедоьгIна: цо кхаьбна марха а, иштта цо дина кхин долу Iибадаташ а дац къобалдеш - Хастамечу АллахIе цо тоба даллалц, хIунда аьлча доллучунна ницкъ кхочуш, Сийлахь-Воккхачу АллахIа аьлла:

«Амма цара АллахIаца накъостий нисбина хиллехьара - цара мел динарг эрна хир ма дара» («ал-АнIам»: 88).

Оццу маьIнехь кхин а ду аяташ а, хьадисаш а.

Цхьаболучу Iеламнаха и бахьанехь керста ца вагарвина иза, нагахь цо шен ламаз, парз хиларна инкаре а воцуш, кIадо йина, мало йина дитина делахь. Ткъа оцу тIедоьгIча, цуьнан марханаш а, Iибадаташ а меттара ду (доьхна дац). Ткъа нийсах дерг - хьалха аьлларг ду. Нагахь цо шен лаамехь ламаз дитинехь - иза керстаналле вужуш ву, хуьлда иза и парз хиларна къера а. ХIунда аьлча дуккха а тоьшаллаш ду оцу хьокъехь. Царех цхьаъ ду пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийцинарг:

«Боккъалаъ, стаг ширках а, керстаналлех а къастош дерг ламаз ду, ткъа ламаз дитиначо - керстаналла дина» (хIара хьадис, IабдуллахIан кIанта Жабира дийцина аьлла, шен «Сахьихь» жайнахь Муслима далийна: 78).

Кхин а пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

«Вайна а, царна а юккъехь болучу бартан (бух) ламаз ду, ткъа и дитиначо – керстаналла дина» (Ахьмад: 5̸346, 355, Тирмизи: 262I, Насаий: 464, ибн МажахI: 1079, ибн Хьиббан: 1454. Тирмизис аьлла хIара «хьасан, сахьихь, гIариб» даржехь хьадис ду).

ГIараваьллачу Iеламстага ибн Къаййимас (АллахIа къинхетам бойла цуьнах) ша деккъа ламазан а, и дитаран бакъонийн а хьокъехь къастийна яздиначу жайнахь даржош дийцина оцу хьокъехь дерг. ЧIогIа пайдехь жайна ду и. И дешар а, цуьнах пайда эцар а хир ду дика.

Шайх ибн Баз. Iабдур Раззакъ Хьасана гулдина «Рамадан беттан бозалла» дуьйцу дакъа, 15 агIо.

Гочдинарг – Турпалан кIант Фарукъ

https://t.me/islamannurofficial

5 months, 3 weeks ago

111-гIа сурат «ал-Масад» («Хурманийн диттан хьесийн муш»)

(Маккахь доссийна, пхи аят ду)

Къинхетамечу а, Къинхетамбечу а АллахIан цIарца!

  1. Шен ши куьг дакъазадолда [я хIаллакьхуьлда] Абу ЛахIабан! Дакъазавели [я хIаллакьхили] иза!
  2. КIелхьара ца ваьккхи иза цуьнан хьоло а я цо гулдиначо а.
  3. Алу туьйсучу цIергахь вогур ву иза,
  4. иштта цуьнан зуда а – дечиг кхоьхьуш хилла йолу.
  5. Муш хир бу цуьнан логах хьаьрчина, хурманийн диттан хьесех буьйцина болу.
    _____

(1) Шен ши куьг хIаллакьхуьлда Абу ЛахIабан, дакъаза а волийла иза - цо АллахIан элчане Мухьаммаде (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) баланаш хьегийтар бахьана долуш. Ткъа, шеко йоцуш, билгал а даьлла-кх Абу ЛахIаб дакъазаваьлла хилар.

(2) Цхьа а гIо ца ди цунна (Абу ЛахIабна), я кIелхьара а ца ваьккхи иза я цуьнан бахамо а, я цуьнан доьзало а. Цуьрриг а АллахIан Iазапах хьалха а ца ваьккхи иза я цуьнан бахамо а, я цуьнан доьзало а, и (Iазап) цуьнга доьссинчу хенахь.

(3-4) Марсаюьйлучу цIерга гIур ву иза, иштта цуьнан зуда а, къохцалгаш а кхоьхьуш, уьш пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) лелачу некъа тIе охьатуьйсуш хилла йолу - цунна зендан а, бохамбан а Iалашо йолуш.

(5) Шен логах хьарчийна хурманийн диттан чIогIа шогачу хьесийн онда муш а болуш, цуьнцаний цкъа жоьжагIати чу а кхозийна, тIаккха жоьжагIатин уггаре а буха чу кхуссур ю иза (Абу ЛахIабан зуда).

https://t.me/islamannurofficial

7 months, 3 weeks ago

Бусалба динан новкъахь дуьззина цхьа де

Бусалба стеган синкъерам а, синтем а, ирс а - цо шен денош а, буьйсанаш а бусалба дино ма-бохху нийсса нисйина дIахIитторе хьаьжжина ду, ша самаваьлчахьана юха дIавижжалц йолучу юккъехь.

«Бусалба де» бохучух вай ала леринарг - кхин долу денош бусалба динехь нисданза дита деза бохург дац иза, вай ала леринарг - вешан доьзалехь ваьш дохучу денойх цхьа де дуьззина АллахIан дуьхьа дехаш даккхий вай, АллахI реза веш даккхий вай, хенех цхьа а хан пайдаза а ца яйъеш, оцу дийнахь гуттар а санна деххачу сахьташкахь тилвизарна хьалха хевшина а ца Iаш, ваьш я вешан доьзал ялсаманехь бу я жоьжагIатехь бу а ца хууш, АллахI вайна резахилла ву я оьгIазвахана ву а ца хууш!

ХIокху программица баттахь дай-нанойн балхара а, берийн ишколера а мукъа догIучу денойх, мел лаххара а, цхьа де мукъа даккха деза, пIерасканан де делахь а я шоьтан де делахь а.

Оцу дийнахь вайн таро хир ю - ваьшкахь а, вайн берашкахь а иман самадаккха а, чIагIдан а, иштта АллахIана муьтIахь хиларан кхача гулбан а - оцу бехачу баттахь дуьхьал хIуьтту дахаран халонаш лар атта ден болу, дайн ден болу.

Лараме дай-наной! Хьоме бераш! Кхин дIа вай хьовсур ду оцу дийнан программин белхан кеп рогIехь шуна дIакховдо.

- Сатасале ах сахьт хьалха хьалагIовтта.

- Массара а цхьаьна ши ракаIат суннат-ламаз а дина, цул тIаьхьа витар-ламаз дийр ду.

- Маьждигехь Iуьйра-ламаз дан гIур ду.

- Iуьйранна доьшуш долу азкараш доьшур ду новкъа воьдуш, я хьайн хIусамна хьалха, я хьайн уьйтIахь.

- Спортан кулубехь я новкъахь, чехка а ца водуш, водур ву, иштта дегI меттах доккху хIуманаш а лелор ду.

- ЦIахь Iуьйранан кхача (марта) буур ду.

- Чоь дIалуьстуш а, хIусам дIацIанъеш а, пхьегIаш юьлуш а, тIедуху духар дуьттуш а нанна гIо дийр ду бераша.

- Ламазна я КъурIан дешарна къастийначу цIа чохь, массара а цхьаьна охьа а хевшина, цхьа жуз я жузах цхьа дакъа КъурIан доьшур ду, гIалаташ а нисдеш.

- Зуьхьа-ламаз дийр ду.

- Берашна юккъехь оьздангаллин а, Iилманан а барам айбеш зер (экзамен) хIоттор ду.

- Имам Нававин «Шовзткъа хьадис» цIе йолчу я «Дикачу нехан бошмаш» цIе йолчу жайнера цхьа хьадис дагахь Iамор ду.

- «ЛаилахIа иллаллахIу» бIозза (100) эра ду.

- «СубхьаналлохIи ва бихьамдихI» бIозза (100) эра ду.

- «АллохIу акбар» бIозза (100) эра ду.

- «АстагIфируллахI» бIозза (100) эра ду.

- «АллохIумма солли Iала саййидина Мухьммад» бIозза (100) эра ду.

- Делкъа-ламаз дийр ду.

- ТIаккха делкъанна садаIа дIадуьйшур ду.

- Малхбуза-ламазан хан хилале ах сахьт хьалха хьалагIовттур ду.

- Делкъенан кхача буур бу.

- Малхбуза-ламаз дийр ду.

- Цхьа шайх я Iеламстаг волчу гIур ду я иза чукхойкхур ву - берашна цхьацца динах долу хаза дийцарш а, пайде дерш а дийцийта.

- МаьркIаж-ламазан хан хилале ах сахьт хьалха суьйранна доьшуш долу азкараш доьшур ду - бешахь, я цIийнан тхевна тIехь, я хIордан йистехь.

- МаьркIаж-ламаз дийр ду.

- ХIорамма а ша-ша цхьацца жуз я дешалуччул КъурIан доьшур ду.

- Пхьуьйра-ламаз дийр ду.

- Пхьор дуур ду.

- ДIадуьйшур ду.

Лакхахь дагардинарш дерриге дича, лахахь дерг а лардеш, бусалба динан новкъахь цхьа де чекхдолуш лору.

Оцу программехь дакъалоцур ду берриге доьзало: дас, нанас, дедас, денанас, кIентарша, йоьIарша.

Оцу дийнахь дихкина ду тилвизаре а, видеога а хьажар.

Лакхахь дагардиначу дакъошна юккъе кхин долу дакъош дахийта а йиш йолуш ду, церан метта кхиниш хийца йиш йолуш а ду, масала: цомгашчунна тIехIитта дахар, я кхелхиначу гергарачуьнан кошана тIехIитта дахар, я сагIа далар, я доьзалан харжах совгIат дар, иштта дIа кхин а.

Уггаре а коьрта лоруш дерг ду – бусалба динан новкъахь доккхуш долу цхьа де, мел лаххара а, баттахь цкъа кхочушдар.

Гочдинарг: Турпалан кIант Фарукъ.

https://t.me/islamannurofficial

8 months, 1 week ago

Рамадан бутт дIа ма-баьлла кхаьбча дика долу суннат марханаш ялх ду. Рамаданал тIаьхьа богIучу шаввал баттахь кхобуш ду уьш.

Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Рамадан баттахь а, шаввал беттан ялх дийнахь а марха кхаьбначо цхьана шарахь марха кхаьбна». Ибн Хьиббан

Кхин а аьлла Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Рамадан баттахь марханаш а кхаьбна, тIаккха цул тIаьхьа шаввал беттан ялх дийнахь марха кхабар - дерриге дахарехь марханаш кхабар санна ду». Муслим.

Кхин а аьлла Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Рамадан баттахь а, шаввал беттан ялх дийнахь а марха кхаьбначо цхьана шарахь марха кхаьбна. Цхьа дика хIума динчунна иза совдоккхур ду итт дика дича санна». Ибн Ма́джахI

И ялх де шаввал бутт болабелча а, юккъе баьлча а, чекхбалале а, муьлхха деношкахь кхаба мегаш ду, делахь а марханаш даьстинчул тIаьхьа дукха хан юкъа а ца йолуьйтуш кхаьбча дика ду.

Кхин а, и ялх де тIаьхьий-хьалхий кхаьбча мелехь а ду, дика а ду, ткъа шена иштта кхаба ца луучо юккъе денош а долуьйтуш кхаба а мегаш ду, масала цхьана дийнахь марха кхобуш, тIаккха масех дийнахь ца кхобуш, тIаккха юха а кхобуш, иштта кхидIа а.

8 months, 3 weeks ago

بسم الله الرحمن الرحيم

Тховса дуьйна буьйсанашлахь уггаре еза итт буьйса дlа йола ели вайна мархийн бутт чекх баллалца алхьамду лиллахl, ма йоккха (шанс) аьтту бу и пайда эца луучунна:

Вайн нанас lаишата
(Аллахl реза хюлда цунна) аьлла:
"Пайхмарa ﷺ (мархийн бетта тlаьхьара) итт - буьйса дlа йола елча (массо хlуманах lибадатан паргlат волий) и буьйсанаш (вижа ца вуьжаш) ден йора, шен охlланаш хьала a гlовт бóра цо (lибадатан)".*

(Бухарий/2024)

Кху хьадийсехь, цо шен буьйса ден йора бохург: lелам наха и итт буьйса йоцург сахиллалца дlа а ца вуьжаш шара чохь цхьа а буьйса ден йира цо аьлла меттиг яц аьлла!

Балхаца, дешарца волучо, жиммал дlа а тоьвжина мел далахь садаlарха зен дац, муххале имамций маьждигехь терахь-витар а деш валахь, хlетте а дезаниг цу итте буьйсанна малх чу буьзчхьана са тассалца ца вуьжаш lар ду.

Аллахlа лайлатулкъадар буса дан ма деззара Шена lибадат дан товфийкъ лойла вайна!

20 - Рамадан 1445
30 - Март 2024*

1 year, 1 month ago
  1. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Стага жамаIатехь деш долу ламаз - цо базарахь я шен цIахь (дечу) ламазал а ткъа даржал сов лакхара (дезаха хуьлуш) ду, хIунда аьлча шух муьлхха а (шух цхьа бусалба), хьакъ долучу кепара (дуьззина) ламаз а эцна, цул тIаьхьа ламаз дар йоцург кхин Iалашо а йоцуш, ламазо бен меттахваьккхина а воцуш, маьждиге вагIахь - иза маьждигна чу кхаччалц йолучу юккъехь хIора цо яьккхиначу гIулчанна дуьхьал, билггал, цхьа дарж лакхавоккхур ву иза, цунна дуьхьал цхьана къинах дIа а цIанвийр ву иза. (Стаг) маьждигна чу ваьлча, (цигахь) ламазо сецош иза мел ву - оцу ерриге хенахь ламазехь (волуш санна лорур ву) иза[8]. Шух муьлххачунна а малекаша доIанаш до, ша шен ламаз дина йолучу меттехь Iаш иза мел ву, ала а олуш: «Я, АллахI, къинхетам бехьа цуьнах! Я, АллахI, гечдехьа цунна! Я, АллахI, тоба къобалдехьа цуьнан, цо (цигахь) цхьанненна а вас йина мел йоцу а, цуьнан ламаз карара даьлла мел доцу а![9]»». [Бухари: 477, Муслим: 649]

https://t.me/islamannurofficial

We recommend to visit

لوصفات الطبخ المنقوله ولكل ماتحتاجه المرأه
سنابي حياكم
وصفات مفيده🦋
https://www.snapchat.com/add/jooorii_111

Last updated 2 months, 3 weeks ago

「 احـب الطبـخ والطبـخ يحبنـي 」🧡🥘

◐ مـوالح ومقـبلات 🍱
◐ حلـويات ومشـروبات 🍫
◐ طبخـات الـ 30 ثانيـة 🥘

- للاعلانـات ودعـم قنواتڪم :- @aa11_qa

Last updated 1 month ago

أكبر قناة في الوطن العربي للتصميم الجرافيكي:
تغذية بصرية، كتب، مقالات، خطوط، مواقع، نصائح، وكل ما يحتاجه المصمم في هذه الرحلة.

مسؤولة القناة: @Ranya_Alomari

لتواصل والإعلان: 📥
t.me/FoodofDesigner_bot

Last updated 3 months ago