REMASTERED
@ic3bergsms - по вопросам.
https://t.me/+2wkz9pXLeHA4ZDky - чат
Last updated 5 months ago
Дийнатех къахетар
АллахIа беш болу бекхам лено йиначу Iамалах терра хуьлуш бу. Цундела, АллахIан къинхетам а къинхетаме болчу нахана гергахьа бу. Ялсамане вахар а АллахIан къинхетамца а, Цуьнан дикаллийца а, комаьршаллийца а хуьлуш ду.
АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Цхьа стаг новкъа воьдучу хенахь, чIогIа хьагвелла хилла. ТIаккха цхьана гIуна тIенисвелла и. Цу чу а воьссина, хи а мелла хьалаваьлча цхьа жIаьла гина цунна багара мотт ара а тесна халла садоьIуш, хьогаллина тIуьна латта дууш. ТIаккха оцу стага ша-шега аьлла: «Соьга хIоьттина хилла хьогалла хIоьттина-кх хIокху жIаьлега а». Юха а, оцу гIу чу а воьссина, шен мача (схьаяьккхина) хих а юьзина, иза шен цергашца схьа а лаьцна, хьала а ваьлла жIаьлина (хи) малийна цо. ТIаккха, АллахIа цо динарг къобул а дина, цуьнан къиношна геч а дина. Цара (асхьабаша) аьлла: «ХIай АллахIан элча! Дийнаташ бахьана долуш ял хуьлу тхуна?» ТIаккха пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Массо а садолчу хIуманехь (цунна оьшург дича) ял ю шуна»». Бухарий, Муслим. https://t.me/Islaman_Az
Шайх Мухьаммад ал-Худайрийс дуьйцу:
Жинашха а, бозбуанчаллах а ларвала мел лууш волчунна хьехар до вай, «аятул-курсий*» дешарца.
Давуд бохуш Йеменера цхьаъ вара, хьалха бозбуанча хилла иза, хIинца тоба а дина дохко ваьлла и, АллахIа гечдойла цунна! Цо дуьйцу:
«Со вара цхьана дийнахь бозбуанчалла лелош, айса сайна гай чу арсаш Iуьттуш. Нахана уьш суна гай чухула чекх а дуьйлуш, букъан тIехьашхула арадуьйлуш санна гора. ТIаккха эццехь, суна вевзаш волу цхьа жима къонах чоьхьавелира - "АллóхIу лá илáхIа иллá хIувал-хьаййул-къоййýм" - олуш, «аятул-курсий» деша хIоьттира иза. ТIаккха и арсаш, сан гай чухула чекх а довлуш, сан чуьйраш этIийра цара. Цу сохьтехь, нахана хьалхахь охьа а воьжна больнице вадийра со. Цигахь суна кхаа баттахь дарба лелийра. Цул тIаьхьа, больнице суна тIаьхьа шайтIанаш даьхкича, аса хаьттира цаьрга, бехк боккхуш: "ХIу хиллера шуна?!" - аьлла. Цара жоп делира: "И жима къонах чоьхьаваьлла "аятул-курсий" деша волавелча, дукха сихонца тIаьхьий-хьалхий тIемадевла дIадахара тхо оцу чоьна чуьра". Аса оцу шайтIанашка элира: "Аса шуьца кхин болх бийра ма бац, аша оцу жима къонахчунах масех дакъа дина веккъалца!". ТIаккха цара элира: "Шек дIа ма вала хьо, оха къаьхьде дийра ду хьуна цунна тIехь!". Кхаа шарахь оцу къонахчунна зе дан гIерташ лийлира и шайтIанаш. Цунна хIумма а ца далора цаьрга, хIунда аьлча, хIора ламаз дина ваьллачул тIаьхьа, цо "аятул-курсий" доьшуш хиллан дела».
*Аятул-курсий - хIара ду:
"АллóхIу лá илáхIа иллá хIувал-хьаййул-къоййýм, лá таъхузухIý синатув-валá навм, лахIý мá фиссамá-вáти ва мá фил-ард, манзаллази йашфаIу IиндахIý иллá би изнихI, йаIламу мá байна айдихIим ва мá холфахIум, ва лá йухьитIýна бишайъиммин IилмихIи иллá бимá шáа, васиIа курсиййухIус-самáвáти вал-ард, ва лá йаýдухIý хьифзухIумá, ва хIувал-Iалиййул-Iазим".
اللَّهُ لَا إِلَهَ إِلَّا هُوَ الْحَيُّ الْقَيُّومُ لَا تَأْخُذُهُ سِنَةٌ وَلَا نَوْمٌ لَهُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ مَنْ ذَا الَّذِي يَشْفَعُ عِنْدَهُ إِلَّا بِإِذْنِهِ يَعْلَمُ مَا بَيْنَ أَيْدِيهِمْ وَمَا خَلْفَهُمْ وَلَا يُحِيطُونَ بِشَيْءٍ مِنْ عِلْمِهِ إِلَّا بِمَا شَاءَ وَسِعَ كُرْسِيُّهُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ وَلَا يَئُودُهُ حِفْظُهُمَا وَهُوَ الْعَلِيُّ الْعَظِيمُ.
АллахI – Иза воцург кхин дела вац, Дийна верг ву Иза, даим волуш а ву Иза. Наб озор а ца хуьлу Цуьнан, наб кхета а ца кхета Цунна. Цуьнан ду стигланашкахь а, лаьтта тIехь дерг а. Мила ву Цунна гергахь шафаIат дийрадерг, Цуьнан пурбанца бен? Царна хьалха дерг а хаьа Цунна, царна тIехьа дерг а (хаьа Цунна), Цуьнан Iилманах цхьа а хIума ца хаьа царна – Цунна лиънарг бен. Стигланаш а, латта а чулаьцна ду Цуьнан «курсийй»,* и шиъ лардаро хало а ца йо Цунна - Лекха верг а, Воккха верг а ву Иза.
*«Курсийй» - АллахIан Iаршан лахара дакъа ду. https://t.me/Islaman_Az
Цхьана Iелам стага аьлла:
"ВаЛлахIи адаман сий ма ца хуьлу цуьнан дине хьаьжжина бен.
Хьайн тайпах воккхавеш АллахIах кхерар дIа ма тасалахь!
Ислам дино айвина хьуна персашна юкъара Салман.
Ширко Элчан ден ваша хилла волу Абу ЛахIаб дакъаза ваьккхина хьуна". https://t.me/Islaman_Az
ОьгIазлонна дарба дар.
ОьгIазлонна дарба дар шина агIор ду.
Хьалхара агIо: Цунах ларвалар ду.
ОьгIазло йоуьйтуш долчу бахьанех ларвала веза, иза гучу ца ялийтархьама. ОьгIазло йоуьйтучу бахьанех ду: куралла а, ша-шех воккхавер а, дозалла дар а, дукха чIогIа дуьне дезар а, ца оьшучу меттехь забарш йар а, эрна къамел дар а, иштта церах тера долу кхидолу хIуманаш а.
ШолгIа агIо: ОьгIазло гучуяьллачул тIаьхьа дарба дар.
ОьгIазло хилла яьллачул тIаьхьа цунна дарба дар деа хIуманца ду:
1. Дала Шена генадаьккхинчу шайтIанах Делаца ларвалар. (Масала, «АIузу биллахIи минаш-шайтIонир-роджим» аларца).
2. Ламаз эцар.
3. Ша оьгIаз воьдучу хенахь хилла долу хьал хийцар: хIоьттина Iаш хиллехь охьахаар, йа дIатовжар, йа аравалар, йа къамел ца деш Iадда Iар, йа кхийолчу агIор хьал хийцар.
4. ОьгIазло юхатоьхначунна хуьлуш болу мел дагабаийтар, цунах лаьцна долу айаташ а, хьадисаш а дагадахкийтар. ОьгIазлонах хуьлуш йолу вон тIаьхьло дагайаийтар.
Шейх СаIид ал-КъахьтIаний. https://t.me/Islaman_Az
Керла шо. ?⬆️
Ахьмад Хьамза: Керла шо. ( АллахIа къинхетам бойла цунах)
Бишрас аьлла: ахьа дика Ӏамал ма йойла хьо вийцитархьама, дика lамал хьулъелахь, айхьа латош долу къа ахьа хьулдеш ма хиллара!
[Сияру аlла́мин-нубала́ъ, (10/476)]
Хьайн болх ахь Далла тIебиллича, дезаниг дайло, халаниг аттало, рицкъанехь шорто а, токхо а хуьлу, гIайгIанаш а, баланаш а дIаайло.
REMASTERED
@ic3bergsms - по вопросам.
https://t.me/+2wkz9pXLeHA4ZDky - чат
Last updated 5 months ago