Infinite Entertainment, Zero Cost: Get Your Free Books, Music, and Videos Today!

Ибн Къаййим

Description
📖 Нохчийн маттахь Ибн Къаййиман дешнаш
Advertising
We recommend to visit

Last updated 1 month, 3 weeks ago

📲Вайца зӀе: @Khetasho_bot

📲Youtube: https://youtube.com/@khetasho

Last updated 4 weeks ago

🧸-ʍуɜыᴋᴀ дᴧя ϶диᴛᴏʙ-🧸
💸-ᴨᴩᴏᴇᴋᴛы, ᴨᴀᴋи-💎
🩸-ᴏᴩиᴦи дᴧя ϶диᴛᴏʙ -🩸
🎃-ᴄᴏхᴩы-🎃
🪐-ᴨᴏ ʙᴏᴨᴩᴏᴄᴀʍ: @KGBEROV

Last updated 2 months, 2 weeks ago

2 months, 2 weeks ago
3 months ago
***🔈*** Тахана уггаре вайна юккъехь лазаме …

🔈 Тахана уггаре вайна юккъехь лазаме долчух хьалхара дерг ду - такфир хьокъехь дерг. ХӀунда аьлча цу тӀехула шина вешех ши мостагӀ хуьлу, гергарлонаш духу, нах боькъу, вовше сий тӀе кхидар, цӀий тӀе кхийдар, даьхни тӀе кхийдар тӀе долу

Ткъа хӀун ду цу дерригенан хьокъехь нийса дерг? Хьенехара, минехара дуьйцурш дуккха а хезна вайна, Ӏилма долчуьнан а, доцчуьнан а бу цу хьокъехь шен хьежам, цундела и дерриг дитина, хӀинца цкъа Ӏилманга диллина, Ӏилмано цу хьокъехь хӀун боху хьовсий вай?! ХӀара агӀо я важа агӀо нийса ю аьлла цхьа агӀо лаца сиха ца луш, дегӀан лаамаш, хезнарш, элира-бахарш, моьттурш, и дерриге Ӏадда а дитина, Ӏилманга ла а дугӀуш хьовсий вай нийса дерг муьлхург ду?! Нагахь бакъо езаш вай делахь, шена ца дезарг, я шен хьежамца, я дегӀан лаамца ца догӀург нис ма-делла букъ тоха сиха ца луш, Ӏилманан цхьа жайна📕 юкъадиллина, цхьа жайна чекхдаллалц хьовсий вай Ӏилмано хӀун боху?! Цхьана жайне ладоьгӀнера аьлла галдовллал бен хьекъал доцуш ма дац вай! Нийса дерг, далилаца дерг схьаоьцур ду вай, ткъа и далилаца доцург Ӏаддадуьтур ду-кх вай, оццул вайна юккъера лазаме долчу такфирах дерг Ӏилманга диллина, цхьа жайна деша хан а,🕤 собар а лахий вай?!🤲

Цу хьокъехь дарсаш кху 👉 https://t.me/Takfirrr 🚀 чохь хир ду. КхидӀа дерг цу чохь билгалдийр ду.

8 months, 4 weeks ago
8 months, 4 weeks ago

https://www.youtube.com/watch?v=EQulXsdi3Ek

YouTube

BTS K-POP Тобанаш

https://t.me/islamantariyh1 https://instagram.com/islamantariyh #тарих #ислам #дийцарш #къуръан #сунна #АхьмадАбу-яхья

9 months, 3 weeks ago
***✅*****«Ӏакъидатан Академехь»** керла дешар ду дӀадолош, …

«Ӏакъидатан Академехь» керла дешар ду дӀадолош, Шайх Вахьидан куьгаллийца.

Дешаран ши курс хир ю, шина шаран ду дешар.

Ӏакъидатехь пхийтта жайна хир ду оцу шина курсехь, хӀора жайна чекхдаьлла, экзамен дӀаелча, цу жайнан шен ижазат а хир ю и жайна яздинчу Ӏеламстагаца зӀе хӀотталуш, уьш хӀора а шайхашкара хир ю.

Ши курс чекхъялча Ӏакъидат Ӏилмангахь ижазат хир ю, алсам Ӏеламнехан тӀехь мухӀар а, яздина куьг а долуш, ткъа и хан тӀекхачале кхин керла аьттонаш нислахь, я ойланаш дагаягӀахь, кхин дика хилийта а хьовсур ду.

Ткъа дешар ша-кепара керлачу некъаца хир ду: хӀора бӀешарера Ӏеламнехан жайнаш ду дешар юкъахь хир дерш, иштта кечдаран бахьана: сих-сиха а вайна юккъехь хеза, бес-бесара кхетамаш, я кхин дика аьлча, бес-бесара Ӏакъидаташ йолчу нахера, вай юьйцу Ӏакъидат иза кху заманара керла Ӏакъидат йолуш санна, иза иштта цахилар, хӀара вай юьйцу Ӏакъидат хӀора бӀешарахь а хилла хилар билгалдаккхар Ӏалашонца кечбина болх бу иза цу кепара.

Дешарна дӀа кхузахь вазло https://forms.gle/Dia57UBXQfzb8X547 6-гӀа мухьаррам 1445 кхаччалц дӀавазвала йиш ю, вай лелочу рузманца: 24.07.2023 кхаччалц, хан чекхъяьлча дӀавазвала йиш хир яц, шо чекхдаьлла керла курс йолалуш бен.

😊😊😊😊😊😊😊 😊😊😊😊😊

✔️Дешарна дӀавазвала массеран бакъо ю.

✔️Керла жайна мосазза доладо, долош долу жайна PDF чудуьллур ду.

✔️Жайнин ижазат хила экзаменехь 50 сов балл яьккха еза.

✔️Академера ижазат пхийтте а жайнин экзаменехь чекхваьллачунна бен хир яц. Ткъа ижазат тӀера баллаш - массо экзаменашкахь яьхнарш вовшахтоьхна хир ю, ерриге хила езарг - 1500 балл ю.

Дешаран денош: Оршот-де, шинара-де, кхаара-де, еара-де.

Дарсан эфир: ЦIера хенаца 08:00 ю. Эфире ца кхиъначунна бакъо хир ю дIаяздаре ладогӀа.

Муьлхха жайнан пхиъ дарсе ла ца доьгӀначунна, и жайна чекхдаьлча йолу экзамен яла бакъо хир яц. Ткъа экзамен ялаза жайна юкъарадаьллачунна а, я ладогӀаза цхьа дарс дисначунна а бакъо хир яц курс чекхйолуш экзамен яла.

Дарсан хан: 1-2 сахьт.

Академийн дешар дӀадолалур ду: 24.07.2023.

✈️Академин хьостаhttps://t.me/Akidatan_Akademi

10 months ago

Ӏасаллин вон тӀаьхьало

Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

Цхьаболу салафаша олуш хилла: «Со АллахӀан Ӏеса хилча, цу Ӏасаллин (вон) тӀаьхьало (цунна бекхам) сайн хьайбанехь а, сайн хӀусамненехь а карайо суна».

[Ад-да‌у вад-дава‌у, агӀо: 85]

-Лелош долу хьайба цхьана хӀуманна тӀехь дуьхьалдалар, я машен нис ца луш дуьхьалъялар, я хӀусамнана хьоьца вон хилар - ахь диначу къинна бекхаман ду боху маьӀна ду.
https://t.me/Ibn_Kayyim

10 months, 1 week ago

Ӏехош ву хьуна хьо

Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Цхьаболу салафаша аьлла: «Хьо хьайн Ӏасалла тӀехь волуш АллахӀа Шен ниӀматаш (рицкъ, я кхидолу дика дерг) хьайна луш делахь, ларлолахь, Ӏехош ву хьуна хьо!»».

[Ад-да‌у вад-дава‌у, агӀо: 54]
https://t.me/Ibn_Kayyim

10 months, 2 weeks ago
Ибн Къаййим
1 year ago
Ибн Къаййим
1 year, 3 months ago

Мохкбегор

Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Къинош ду латта такхарна а, мохк бегорна а бахьана».

[Ал-жава́бул-ка́фий, агӀо: 65]
https://t.me/Ibn_Kayyim

We recommend to visit

Last updated 1 month, 3 weeks ago

📲Вайца зӀе: @Khetasho_bot

📲Youtube: https://youtube.com/@khetasho

Last updated 4 weeks ago

🧸-ʍуɜыᴋᴀ дᴧя ϶диᴛᴏʙ-🧸
💸-ᴨᴩᴏᴇᴋᴛы, ᴨᴀᴋи-💎
🩸-ᴏᴩиᴦи дᴧя ϶диᴛᴏʙ -🩸
🎃-ᴄᴏхᴩы-🎃
🪐-ᴨᴏ ʙᴏᴨᴩᴏᴄᴀʍ: @KGBEROV

Last updated 2 months, 2 weeks ago