Ибн Къаййим

Description
📖 Нохчийн маттахь Ибн Къаййиман дешнаш
Advertising
We recommend to visit

Акъидат, хьехамаш, ладаме хаттаршана жоьпаш.

Хаттар кху тIе даийта ⬇️ @hattarjop1445_bot

Резерв (декъа хаттарш): @HattarJop

Вайн Instagram агIо:
https://www.instagram.com/xexamash

Last updated 2 months, 1 week ago

📲Вайца зӀе: @Khetasho_bot

📲Youtube: https://youtube.com/@khetasho

Last updated 2 weeks, 5 days ago

6 days, 10 hours ago

ТӀе ца лоцуш, вухакхетаран керстаналла
Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«ТӀе ца лоцуш, вухакхетаран керстаналла шина кепара ду:

1- Цхьа хӀума къастийна а доцуш, массо хlуманца керстаналла дар.
2- Къаьсттина цхьана хӀуманца керстаналла дар.
Ткъа къаьсттина цхьана хIуманца а доцуш, массо хIуманца керстаналла дар - АллахӀа даийтинарг дерриге а къобал цадар ду, Цо ваийтина Элча а.

Амма къаьсттина цхьана хӀуманца керстаналла дар - Ислам-динан фарзех цхьа фарз къобал цадар, я динехь хьарам долчух цхьа хӀума хьарам хилар къобал цадар, я АллахӀа Шена хӀоттийна цхьа куц къобал цадар, я АллахӀа дина цхьа къамел къобал цадар ду, и дерриге а, лаамна лелош хуьйла цо я шена бӀоставаьллачунна тIехь толам баккха лелош хуьйла, муьлхха а Ӏалашонца делахь а.

Амма цо тIе ца лацар жехIлалла (Iилма цахилар, цахаар) бахьана долуш я таъвил дар (маьIна харц агIора тидар) бахьана долуш хиллехь, ишттачу хьолехь цунна бехказло лур ю, и къобал ца динарг керста лорур вац».

[Мада‌рижус-са‌лики‌н, агIо: 1/347-348]

➡️Ислам-динах цхьа хIума къобал цадар, я АллахIан куьцех цхьа куц къобал цадар шеко а йоцуш керстаналла ду, ткъа цу тайпа хIума шегара цахаар бахьана долуш доьжнехь я таъвил дар бахьана долуш доьжнехь, иза керста лорур вац боху Ибн Къаййима. Цунах вайна билгалдолу Цо бехказло луш хилар цахаарца, я таъвилаца шегара керстаналла даьллачунна.
https://t.me/Ibn_Kayyim

1 week, 2 days ago

Керста нехан дезде даздар

Керла шо

Аллахlна тlе харцо кхоьллина де

Керста нехан дезде даздеш лелочу хlуманах хьакхавалар

Керста нахаца гlаттор ву

Керста нехан дездийнахь дакъалацар

Таlзар дийр ду

Базане ваха мегар дац

Керста нахах тарвалар

Керста нехан дезденна кечдина совгlаташ дохка мегар дац

Пайхамаран суннатах вац

Керстаналла хила а кхерам бу

lамал йоха а кхерам бу

Керла шо деза ларар

Динах ду

Цу дийнахь самукъадаккха

Яхь мукъане хила

Гена довла

Оьгlазло тlеюссу де

Аллахlа хастийнарш

Уггар чlогlа керста нахах тарвалар

Салютех духку ахча

Уггар чlогlа адам Далла lеса хуьлуш буьйса
Керста нехан дезденошкахь дина совгlат
Керста нехан дезденошкахь луш долу совгlаташ дохкар
Керста нехан дезде долчу дийнахь цхьамма чукхайкхахьОпасность поздравления с новым годом и рождеством
Керста нехан дезденош даздар - цаьрца дlанисвалар ду
Керста нехан дезденош
Муьлхха а дезде шариlатах лоруш ду
Керста нехан дезденош бес-бесара ду
Керста нехан шариlатан уггар чlогlа билгало
Керста нахе а шайн дезденош даздойтуш ца хилла
Iумар ХаттIабан сацам
Муьлхха а кепара тарвалар
Даздайта бакъо лур яц
Керла шаран совгlаташ
Iийса Пайхамар вина де
Фатва: Керла шо даздар
Эфир: Керла шо даздар
Нохчичо мукъане а муха даздийр ду?!

Берашна совгlаташ

1 year, 4 months ago
1 year, 5 months ago

Ӏасаллин вон тӀаьхьало

Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

Цхьаболу салафаша олуш хилла: «Со АллахӀан Ӏеса хилча, цу Ӏасаллин (вон) тӀаьхьало (цунна бекхам) сайн хьайбанехь а, сайн хӀусамненехь а карайо суна».

[Ад-да‌у вад-дава‌у, агӀо: 85]

-Лелош долу хьайба цхьана хӀуманна тӀехь дуьхьалдалар, я машен нис ца луш дуьхьалъялар, я хӀусамнана хьоьца вон хилар - ахь диначу къинна бекхаман ду боху маьӀна ду.
https://t.me/Ibn_Kayyim

1 year, 5 months ago

Ӏехош ву хьуна хьо

Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Цхьаболу салафаша аьлла: «Хьо хьайн Ӏасалла тӀехь волуш АллахӀа Шен ниӀматаш (рицкъ, я кхидолу дика дерг) хьайна луш делахь, ларлолахь, Ӏехош ву хьуна хьо!»».

[Ад-да‌у вад-дава‌у, агӀо: 54]
https://t.me/Ibn_Kayyim

We recommend to visit

Акъидат, хьехамаш, ладаме хаттаршана жоьпаш.

Хаттар кху тIе даийта ⬇️ @hattarjop1445_bot

Резерв (декъа хаттарш): @HattarJop

Вайн Instagram агIо:
https://www.instagram.com/xexamash

Last updated 2 months, 1 week ago

📲Вайца зӀе: @Khetasho_bot

📲Youtube: https://youtube.com/@khetasho

Last updated 2 weeks, 5 days ago