Dive into the Ultimate Free Library: Your One-Stop Hub for Entertainment!

саляфийн гӀиллакхаш

Description
Саляфийн: дахаран васт (кеп), Делах кхерар, ийманан тӀегӀа, гӀиллакх-оьздангалла, церан къамел а, иштта кхийолу амалш а.
Advertising
We recommend to visit

Исломий ва Илмий канал хисобланган «TARIQAT.UZ» каналига хуш келибсиз.

Last updated 2 months, 1 week ago

RAFTAAR-DUBAI


https://t.me/+z668bEUUnqw3NGM9

Last updated 1 month, 3 weeks ago

ҚАЧОНКИ АЛЛОҲ ТАОЛОНИ КЎПЛАБ ИСМ-У СИФАТЛАРИ БИЛАН ТАНИСАК ВА У ЗОТНИНГ СИФАТЛАРИДАН ИБРАТ ОЛИБ ХУЛҚИ ГЎЗАЛ МЎМИН-МУСУЛМОНГА АЙЛАНСАК, ШУНДА ИЛМНИНГ ЭНГ АФЗАЛИНИ ЭГАЛЛАГАН ҲИСОБЛАНАМИЗ.

Last updated 1 week ago

2 months, 2 weeks ago

Ибн Ӏаббаса аьлла:

«Тахана адамийн доттагӀалла дуьненан хӀуманна дуьхьа ду, амма, цо царна цхьа а пайда бохьура бац Къемат-Дийнахь».

«Китаб аз-зухӀд» имам ибн аль-Мубарак, № 353.

2 months, 2 weeks ago

Ибн Хьиббана аьлла:

«Хьекъалечу стага шен вежарех лаьцна дика ойла йо».

«Равдатуль-Ӏукъала» 126

2 months, 4 weeks ago

Хьасан аль-Басрий волче цхьа стаг веънера, цо элира:

«ХӀай Хьасан! Могуш волуш, ламаз керахь долуш буьйса денйан лууш дӀавуьжу со, хӀетте ца гӀаттало-кх со!»

Хьасан аль-Басрийс элира цуьнга:
«Хьан къиноша вихкина ву хьо. Дийнахь дика хила, буьйса дика хир йу хьан».

3 months ago

Цхьаболчу салафаша олуш хилла: «Аса сайн Къуръан дешаран барам сов мел боккху а, сан дахарехь беркат совдолуш хаалора суна».

3 months ago

Абу Ӏамр ибн аль-Ӏаляис аьлла:

«ГӀиллакхе дац, хьайга хоьттуш воцчунна жоп далар; хьайна жоп лур доцчуьнга хаттар; хьайн дешнашка ладугӀур воцчуьнца къамел дар а».

«Сийар аӀлям ан-Нубала» 6/409

3 months, 1 week ago

Мархийн бутт. 1

Мархийн беттан программа
Мархийн баттахь ян мегар йолу 173 дика lамал
Марха кхабаран дозалла
Кхаа беттан марханаш кхабар
Ражаб бутт
Мархийн бутт фарз баран lалашо
Бере марханаш кхабийтар
Хьекъална эшначунна тlехь дац марханаш
Мархийн баттахь дине веъначо марханаш кхабар
Мархийн бутт ца кхобург
Мархийн бутт кхаба цхьа ният кхачам бац
Терхьехь мархина ният дар
Марха долуш хи йисте вахар
Марха лоцуш арахь серлаяллалц яар

Самукъадолийла-кх вайн!

Я шахlру Рамадан

Мархийн бутт

Мархийн беттан дозалла

Марха массо умматашна тӀедиллина хилла хилар Мархийн баттахь еза ши ханЦхьа а хьесап доцуш йоккха ял
Бусалба нехан самукъа муха дер дац?!

Мархийн бутт тӀебеъна-кх, хӀай сан ваша!

Раййан
Мархийн lалашо
Мархийн ният дар
Дlа мел даханчу къиношнаКъиношна гечдаран бахьана
Iуьйкъе
Марха лацар-дастар
Марха достуш деш долу доӀа
Марха стенца даста деза
Марха хилар дицделла цхьаъ молуш я кхоллуш волчуьнга само яйтар важиб ду
Марха долчунна кийра ца хууш хӀума яхнехь цуьнан марха нийса дуЮучун чамбаккхаро ца дохадо мархаБага а, мерчу а хи кхарзаро ца дохадо мархаСивак хьакхаро ца дохадо мархаСивак хьакхар суннат ду марха долчунна а, делкъе хилале а, делкъал тlаьхьа а
Молха

Вочух мотт бехкар
Зударшна марханах довза дезарг

Жимачунна тIехь дац марха кхабарХьекъалах воьхча а, цамгар йолуш, я кхетамчуьра ваьлча а марха духуш цахилар
Некъахочо марха ца кхабар, нагахь и кхаба шена хала хуьлуш делахь

Некъахо волуш ша марха кхаьбча

Товала сатуьйсуш цамгар
Эрна хан ца йайъар
Мархийн баттахь карантин
Iамалех уггар езачехПайхамара исс мархийн бутт кхаьбна
Мархийн бутт тlебале

Марха лоцуш lуьйкъана хlума яаран къайле
Марха кхаба ницкъ ца кхочуш цамгар елахь

Мархийн бутт ламазаш деш денбаран къайлеМархийн баттахь буьйсанаш денъярМархийн баттахь Къуръан алсам дешар
Iуьйре хилаза ю моьттуш я марха досту хан хилла моьттуш

Хан хилла моьттуш хӀума йиънехьМархийн баттахь гена новкъа ца валар
Мархийн баттана хlусамаш кечъяр
Мархийн бутт тӀебогӀуш чоьнаш кечъян мегар дуй?

Рамадан беттан дозалла
Рамадан беттан марха кхобучуьнан раж

Рамадан баттахь салафийн Къуръанца йолу уьйр
Рамадан баттахь хуьлуш долу хӀуманаш
Мархийн беттан къуйХӀинца шайтӀа дац бехке

Шен чохь иlтикаф дар

Рамадан приближается
Рамадан
Достоинство месяца Рамадан
Достоинства месяца Рамадан. Глава 1

Подготовка к месяцу Рамадан
Трата времени во время Рамадана
Как сделать намерение в Рамадан?

Каким бывает пост от всего кроме Аллахlа?

Строгое предостережение от слов «Рамадан не уходи», «Прости нас Рамадан»

Лайлатул-къадр буьйса
Лайлатул-къадр буьйса муьлхург ю хаа гlертар

Лайлатул-къадр буьйса цкъа бен хуьлуш яц

Лайлатул-къадр буьйса эзар баттал гlоли ю

Лайлатул-къадр буса деш долу доӀа
ХӀай Рамадан бутт, дӀа ма гӀохьа

Цо-м Ӏодика йо

Марха досту де
Мархийн саьхьана метта ахча далар
Мархийн саьхьан барам

Ӏийд дале марханаш къобалдар

Iийдане вахале лийчар
Iийдане вахале хурма кхаллар

4 months, 1 week ago

Ибн аль-Мубарака аьлла:

«Шух уггар дукха Ӏилма долуш верг, массарал а чӀогӀа кхерар долуш хила везаш ву [АллахӀана хьалха]».

«ДжамиӀ байаниль-Ӏильм», 1271

5 months ago

Цхьаболу нах хуьлу нехан бӀаьргех къайлабовла гӀерташ. Делахь а, царна кӀезга эхь хета адамийн Делах, адамийн Паччахьах. Бакъ а долуш, оцу жимачу къин кхерам хӀун бу аьлча, цхьаберш къайлабовла шайн къиношца. Шаьш цхьалха болчу хенахь, АллахӀана Ӏеса хуьлу уьш. Ткъа, нахана хьалха дикалла гучуйоккху цара. Ишттачу нехан Дела цхьаъварехь сакхт хила кхерам бу. АллахӀа йуьхьӀаьржа хӀиттош шайн йаххьашца, церан меттанашка шайгга тешалла дойтуш гучубохур бу, къайлаха къинош летош берш. Эхь ца хета хьуна, АллахӀана гуш ма ву хьо?!
  Меттиг а, бода а кхоьллинарг АллахӀ ма ву! Хаза ду-кх, къайлаха къа латадар Ӏад а дитина, къайлаха Ӏибадат дича. БӀаьргах хи долуш, АллахӀах кхоьруш билхинчу бӀаьргана хьарам йина Дала Жоьжахатан цӀе.
  Сайга хьалха а деш, хьоьга кхайкхар до ас, къайлаха Ӏибадат даре, къайлаха къинош ца летош. Къайлаха летош долчу къиноша, хьан дерриг Ӏибадат, чан йина, дӀадаккха мега. Умматех цхьа нах ма бевза суна, элира Элчано ﷺ: «Даккхий лаьмнаш санна диканаш дохьуш богӀура бу уьш, АллахӀа чан йина дӀадохур ду церан уьш».
«Муьлш бу уьш, бовзийта тхуна уьш, хӀай Делан Элча?»
  Цо элира: «Уьш дера бу, шаьш цхьалха бисича, АллахӀа хьарам динарг лелош берш».

«Синтеме хила» Шайх СаӀд аль-Ӏатийкъ

5 months, 1 week ago

Билгалдан лаьа! Ӏалашо: динах долу, йа кхин масал эца пайда хир болуш долу хӀума бен нис а дийр дац, йа гоч а дийр дац!

6 months, 2 weeks ago

Ибн Раджаба (АллахӀа къинхетам бойла цунах) аьлла:

«Салафех цхьамма аьлла: „АллахӀ вевзинчунна, И везалур ву, И везавелларг, Цунна муьтӀахь хир ву”».

«Фатхьуль-бари» 1/51📙

We recommend to visit

Исломий ва Илмий канал хисобланган «TARIQAT.UZ» каналига хуш келибсиз.

Last updated 2 months, 1 week ago

RAFTAAR-DUBAI


https://t.me/+z668bEUUnqw3NGM9

Last updated 1 month, 3 weeks ago

ҚАЧОНКИ АЛЛОҲ ТАОЛОНИ КЎПЛАБ ИСМ-У СИФАТЛАРИ БИЛАН ТАНИСАК ВА У ЗОТНИНГ СИФАТЛАРИДАН ИБРАТ ОЛИБ ХУЛҚИ ГЎЗАЛ МЎМИН-МУСУЛМОНГА АЙЛАНСАК, ШУНДА ИЛМНИНГ ЭНГ АФЗАЛИНИ ЭГАЛЛАГАН ҲИСОБЛАНАМИЗ.

Last updated 1 week ago