Unlock a World of Free Content: Books, Music, Videos & More Await!

Серлонан тоба

Description
@Serlonan_toba_bot
Advertising
We recommend to visit

реклама - @praiadr1n
манаг - @godem0n / @FS01R

Last updated 5 months, 2 weeks ago

@pyanyashk

Last updated 3 months ago

Хентай игры на андроид

Last updated 3 months, 3 weeks ago

1 week, 1 day ago
**АллохIумма солли Iала Мухьаммад ва Ӏала …

АллохIумма солли Iала Мухьаммад ва Ӏала али Мухьаммад!

❏ ПIераскан дийнахь уггаре деза зикр пайхамарна (ﷺ) салават диллар ду, хIунда аьлча, деношха уггаре деза де пIераскан де долун дела а, пайхамаршха уггаре веза пайхамар вайн пайхамар хиларна а.

Пайхамара (ﷺ) аьлла: «Шун денойх уггаре деза де пIераскан де ду, суна (цу дийнахь) дуккха а салават дилла аша».

📕 Шайх Iабдул Iазийз ат-ТIарифий

Аллахlера къинхетам а, маршо а хуьлда хьуна, хlай нахалахь уггаре тоьлла верг.

1 week, 3 days ago

Цхьа а хало ца хуьлуш, ма-хетта бусалба дин лелош маца хир ду те бохуш ойланаш еш верг я иштта йолчу хене хьоьжуш верг иза ша-шех Iехалуш, ша-ша Iехош Iаш ву я иштта зама тIееъча лелор ю ша маж, хечин ког бохург иза ша-ша Iехош Iаш ву, иштта зама хир йолуш яц бусалба стагана дуьненчохь, дуьне халонан меттиг ю, Дала иштта кхоьллина ду хIара дуьне, ткъа Дала кхоьллинчун тIера иза вайга хийцалур дац, зер даима хила дезаш ду, дIадер долуш дац иза, ялсамани чу ког баккхалц гур долуш ду, цундела оцу ерриг халонна юккъехула ялсамане кхача хьажа везаш ву, амма хало дIаяллалц бохуш дин ца лелош Iан дагахь верг, тIаккха дин доцуш вуьсур ву я хало хил-хилларг Iаддуьтуш дIаводахь а вуьсур ву дин доцуш, цундела хIоранна хаа деза шена маж охьахеца дагадеъча я хьижаб тIейоха дагадеъча шена халонаш хир юй уггаре хьалха шен чуьра, суна хир яц я суна ма хилхьара бохуш долчунна ойла ян а ца оьшу, ца хила йиш йоцу хIума ду иза, делахь а, хIоранна шен-шен кепара хуьлу и халонаш, иманаш бес-бесара долу дела.

Шайх Ӏадлан Харачо
(Аллахӏа Ӏалашвойла иза)

1 week, 3 days ago
2 months, 1 week ago

Шайх Iусайминс боху:

ХIай АллахIан лаьш! Боккъалаъ, Рамадан бутт - хIонсан а, санийн а, пайданийн а бутт бу.

Пайда эца цуьнах - лолла дарца а, алссам ламазаш дарца а, КъурIан дешарца а, Дела хьех варца а, нахана гечдарца а, къинтIера довларца а, дика дарца а.

ДIаяха шайна юккъера мостагIалла а, оьгIазло а, хьагI а, хIуьттаренаш а, гамонаш а.

Боккъалаъ бакъ долуш, шун Iамалш Сийлахь-Везачу АллахIана хьалха хьуш ю шуна хIора оршотан дийнахь а, хIора еарин дийнахь а.

Нагахь Шега гечдар доьхуш верг хилахь – гечдо Цо цунна. Нагахь тоба дина Шегара и къобалдар доьхуш верг хилахь – цуьнан тоба къобалдо Цо. Амма шайна юккъехь хьаьгIнаш а, оьгIазлонаш а йолучу нехан Iамалш къобал янза юха а тухий, уьш царна юха охьайохкуьйту Цо - цара тоба а дина, шайна юккъехь барт а бина машаре уьш дIахIитталц.

Хьехам: Марша богIийла хьо, беркате Рамадан бутт.

2 months, 1 week ago
2 months, 1 week ago

«Некоторые люди только и делают, что осуждают других, забывая о добрых делах представителей различных групп и национальностей и упоминая об их недостатках. Такой человек подобен мухе, которая покидает здоровое место и садится на рану, а причина этого кроется в порочности душ и дурном нраве».

Ибн Таймиййа

2 months, 2 weeks ago
2 months, 2 weeks ago

Рамадан баттахь пайде ерзае хьайн хан. Цхьа кIеззиг денош дIалилхича вайх къаьстар бу хӀара сийлахь бутт.

ЧIогIа ирс долуш ву-кх, кху деношха пайда эцнарг.
АллахIа къобул йойла вайгара дика Iамалш.

2 months, 2 weeks ago

РАМАДАН.

Рамадан бутт - шена чохь доlанашна жоп луш болу бутт бу.

Ма хийлаза доIанна жоп делла-кх (АллахIа) Рамадан баттахь.

Ма хийлаза сатийсам кхочуш хилла-кх Рамадан баттахь доlанаш дарца.

Ма хийлаза боккха бала тIера дlаайбина-кх Рамадан баттахь доlанаш дарца.

Ма хийлаза доьхучарна шайн хьашташ кхочуш хилла-кх Рамадан баттахь доlанаш дарца.

Шайх СултIáн ал-Iумайрий.

4 months, 2 weeks ago
Ма сийлахь го-кх муьлххачу хьолехь а, …

Ма сийлахь го-кх муьлххачу хьолехь а, нийсонна тӀехь лаьтташ болу нах!
Цхьанна а хьолано ца хуьйцу церан бакъоне йирзина йолу ойла. Нийсачу некъа тӀера юха а ца бoвлуш, шайн сий ца дохка шайн са дӀа а лур долуш къонахий кхиийна латта ду-кх хьо!

We recommend to visit

реклама - @praiadr1n
манаг - @godem0n / @FS01R

Last updated 5 months, 2 weeks ago

@pyanyashk

Last updated 3 months ago

Хентай игры на андроид

Last updated 3 months, 3 weeks ago