Why Pay for Entertainment? Access Thousands of Free Downloads Now!

ЙИЖАРИЙН ХАТТАРШ 🌷

Description
Вайн бот : @Yijariyn_bot

Зударийна тоба (аманат).
Advertising
We recommend to visit

Last updated 2 weeks, 3 days ago

📲Вайца зӀе: @Khetasho_bot

📲Youtube: https://youtube.com/@khetasho

Last updated 1 month, 3 weeks ago

Вайга хаттар дала йиш ю кху чохь:
vk.com/yalsaman

Youtube: youtube.com/@Vragiiblisa

Last updated 2 months ago

1 day, 14 hours ago

Вайн бот : @Yijariyn_bot 🕶

Зударийна тоба (аманат).

1 day, 14 hours ago
1 day, 14 hours ago

Ассаламу ӏалайкум.
👤1983-гlа Хаттар: Цӏоцкъамаш дахдолуьйтуш тӏехьокхуш цхьа хӏуманаш ю-кх вайна, уьш хьекха мегий? Цӏоцкъамаш дахдалийта бахьанаш лело мегий? Дахдан мегий уьш?

Ваlалайкум ассалам варахьматуллахlи вабаракатухl!
Жоп: Мегар ду, хӀумма а дац.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

1 week, 1 day ago

Ассаламу ӏалайкум.
👤1433-гlа Хаттар: Со марехь йолуш сан цӏийнда соьца чӏогӏа вон хуьлу, даима леташ, со гича ца мегаш, молуш вара и, со мел дика хилча а, со мел муьтӏахь хилча а ас динарг вон хетар цунна, соьца вуьжуш-гӏоттуш вацара иза. 10 бутт болуш бер ду сан, даима хьох хьожа йогӀу олура цо соьга, со даима луьйчу, цӏена лела, суна хаьа сайх хьожа ца йогӀий. Даима со мостагӏ хетара цунна, тӏаьххьаре чӏогӏа йиттира цо суна, со цӏа еара, цо со хьоллехь йитира, амма со дӏаяхана цӏахь ӏийча сох моз тарло цунна, тӏаьхьара ца волу и суна. Хӏара хьал иштта долу 3 шо ду, со дӏаяхча моз хета, со цигахь йолуш сол боьхум ца хета. Ас хӏун де-те? Даима молуш, вон мел дерг леладора цо, кхечанхьа иман долчу стаге яха ойла хилла сан. Суна хьекъал лур дарий аша, 19 шо ду сан, да-нана, йиша-ваша дац сан. Даима лаха чохь молуш ӏара и, тӏаккха чувогӀиц сох летара и буьйсанна мичча хенахь. Дукха хӏуманна садиттина ас, амма суна хаац айса хӏун дан деза, цӏахь да-нана ца хиларе терра хала ду суна. Дӏаяхча цо хьизайо со, даима елхайо цо со, сан могшалла галъяькхина цо. Ас хӏун дича дика хир дара-те? Дела реза хир волу некъ алийша соьга.

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи вабаракатухӀ!
Жоп: Цуьнан долахь а йолуш кхин маре хьехор цхьана а агӀора нийса дац. Цунна доӀанаш деш собаре хила хьажа. Хийцалахь хьайн цӀа а гӀой хан а яккха. Дала собар лойла хьуна. Дала массо а бусалба нехан хьал тадойла!

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

1 week, 1 day ago
1 week, 1 day ago

Ассаламу ӏалайкум.
👤1432-гlа Хаттар: Со цхьазза Аллахӏ теш хӏоттош йитина ю, гӏур яц моьттуш, даьлла дов а доцуш. Со дӏайоьдуш гича кхин а тӏе кхеро шолгӏа йитина адамашна хьалха. Дӏаяханчул тӏаьхьа йитина яц олуш, юха ю олуш, тӏелоцуш дацара. Со йитина ю я яц хаа лаьара суна. Юхаяха дагахь яц. 2 бутт баьккхина ас марехь, сайна тӏаьхьа хьарам хӏума дита ца лаьара.

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи вабаракатухӀ!
Жоп: Юьтуш юха схьаялош кхузза йитина елахь йитина ю. Иза нагахь санна йитина боху дешнашца йитина елахь ду. Масала: йитина хьо, аьлла. Амма кхечу дешнашца аьллехь, масала, хьайн цӀа гӀо, тӀаккха хӀусамдега хоттур ду, йита ният а долуш аьллий ахь, аьлла, йита ният а долуш цӀа гӀо аьллехь йитина лору, йита ният а доцуш цӀа гӀо аьллехь йитина ца лору. Ткъа йитина хьо аьлла нийса схьаолуш долу дешан ният мухха хиллехь а йитина лору.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

2 weeks, 2 days ago

Вайн бот : @Yijariyn_bot

Зударийна тоба (аманат).

2 weeks, 2 days ago
2 weeks, 2 days ago

Ассаламу ӏалайкум.
👤1385-гlа Хаттар: Йиша ас аша чукхуьссуш долу хаттарш ватсап чу хӏитто мегар дарий? Аманат аьлла язйина гинера суна профилехь.

ВаӀалайкум ассалам варахьматуллахӀи вабаракатухӀ!
Жоп: Аманат бохург тобана чу йижарий бен бовла йиш цахилар ду. Тоба деккъа йижаршна йина ю. Амма цу чуьра хаттарна жоьпаш даржорх хӀумма а дац, мелхо а, диканиг даржийнарг хир ю хьо.

https://t.me/Yijariyn_hattarsh

2 months, 2 weeks ago

Ассаламу Ӏалайкум. Марханах лаьцна цхьатерра хаттарш хуьлу, царах цхьадолчарна вай жоьпаш делла кху чу дехкина а хуьлу, шаьш марханах лаьцна цхьа хаттар далале хьалха кху чохь цунна жоп ду-дац шу хьаьвсича доккха гӀуллакх дара, хӀоранна а дӀакхехьийтина девр дац тхо...
Ткъа шуна леха хала ца хилийта хӀара хӀума кечдина оха👇

Мархин хьокъехь шун хаттаршна жоьпаш карор долуш йозана буха хӀара 👉 #мархийнбутт хештег ю вай юьллуш, и тӀетаӀийча марханах дерг шуна атта карор долуш.

We recommend to visit

Last updated 2 weeks, 3 days ago

📲Вайца зӀе: @Khetasho_bot

📲Youtube: https://youtube.com/@khetasho

Last updated 1 month, 3 weeks ago

Вайга хаттар дала йиш ю кху чохь:
vk.com/yalsaman

Youtube: youtube.com/@Vragiiblisa

Last updated 2 months ago